Язык сайта

 

Язык сайта

 

Ненан маттахь еша Ӏамадо… телефонашна

ТІаьхьарчу хенахь телефонашка барта хаттарш деш ган тарло вайна нах: «Гугл, какая река самая длинная?», «Алиса, сколько метров в версте?». Амма изза хаттарш нохчийн маттахь цуьнга лахь, вайна жоп хезар дац. Халахеташ делахь а, нохчийн маттах ца кхета вайн телефонаш а, компьютерш а. Иштта, ца хаьа царна нохчийн маттахь язйина текст кхеташ дІаеша а.

Тахана вайн мотт компьютер чу баккха гІерташ, къахьоьгуш нах бу, царна юкъахь шаьш лела энтузиасташ а бу, тобанаш а ю. Амма Іилман тІегІан тІе а баьккхина, юкъах ца буьтуш, оцу декъехь болх беш Нохчийн Республикин Іилманийн академин белхахой бу. ТІаьхьарчу хенахь и болх дІакхоьхьучу отделехь (пайде семиотикин отдел) къаьсттина тІе тидам бахийтина дІахьуш бу нохчийн маттахь къамелан синтезъяран а, и къамел довзаран а хьокъехь болх. Кхечу дешнашца аьлча, нохчийн маттахь элпашца дІаязйина текст озаца еша Іама дезаш ду компьютеран системашна, иштта, нохчийн маттахь озаца дӀааьллачух кхета а кхетта, жоп дала я омра кхочушдан а.

ТІеххула хьажча, башха хала болх ца хета а тарло и. Амма и дакъа искусственни интеллектан системашкахь уггаре а чолхечарах цхьаъ ду. Компьютерна текст еша Іамош, тайп-тайпана Іилманашна юкъара хаарех пайдаэца безаш хуьлу: меттаІилма, программировани, физика, математика. Цул сов, оцу хІора а Іилманехь шуьйра хаарш оьшу и болх дІабахьа. Масала, меттаІилманехь – фонетики тІера синтаксис тІе кхаччалц, программийн декъехь – алгоритмашна тІера квантан компьютершна, нейронийн программировани тІе кхаччалц.

Пайде семиотикин отделехь цкъачунна оцу декъехь Іилман талламаш беш къахьоьгуш коьрта декъана Академин лакхара Іилманан белхахо Израилова Элиса ю. Оцу тайпа белхаш цхьана-шина стаге я иттех стаге а кхочуш ца бало, цу гІуллакхна дуккха а говзанчаш а, хан а оьшу. Амма Элисас оцу декъехь бен талламаш а, программированин декъехь цо цу новкъахь йоху хьалхара гІулчаш а нийсачу хоршехь хиларан тоьшалла ду цуьнан балхана массанхьа а дика мах хадош хилар. Иштта, Израилова Элисин «Нохчийн меттан «фонетикин алфавит» къамелан синтезан системин бух санна» аьлла статья цу декъехь хьалхарчех цхьаъ хиллехь а, Россехь уггаре а лоручу журналашна юккъехь долу журнале (Научно-техническая информация. ВИНИТИ РАН) лаккхара мах а хадош, зорбатоха схьаэцарал сов, цара шайн лаамехь, гоч а йина, шайн журналан Web of Sciences юкъайоьду ингалсан меттан верси юкъа яхийтина иза.

Ткъа дӀадаханчу шеран декабран 4-9 деношкахь Кабардино-Балкарехь дӀаяьхьначу «Ойлаяран кепаш а, информацин-урхаллин системийн интеграци а» аьлла йолу дуьненаюкъара конференцехь дакъалецира цо. Цигахь цо ша бечу балхах доклад йира: «КӀорггера ларчан нейронийн машин буха тӀехь къамелан синтезъяран системийн моделашна лерина хаамийн база кечъяр» («Подготовка базы данных для моделирования системы синтеза речи на основе глубоких свёрточных нейронных сетей»). Оцу конференцин декъахоша – Россин Ӏилманийн академин, Н.Э.Бауманан цӀарах университетан, кхийолу учрежденешкара талламхоша – лаккхара мах хадийра Нохчийчохь дӀахьучу белхан. Цара дуккха а хаттарш дира докладан хьокъехь, иштта цу декъехь нохчийн маттаца болх бечаьрца уьйраш лело лууш хилар хаийтира.

Тахана оцу тайпа белхаш беш болу дуьненан массо а маьӀӀера специалисташца зӀенаш латтош, шайна зеделларг вовшашна довзуьйтуш болх беш ю Элиса. Цуьнца белхан уьйраш лелочарна юккъехь бу Санкт-Петербургера, Москвара, Татарстанера, Швецера, Кореера программисташ, Ӏилманчаш.
Пайде семиотикин отделехь ян юьхьарлаьцна системаш тахана-кхана хирг хиларх башха сатуьйсийла яцахь а – адамийн а, техникин а яккхий ресурсаш еза иштта болх сиха дӀабахийта – хьалхара гӀулчаш нийсачу новкъахь а, кхиаме а хиларо и болх шен Ӏалашоне кхиамца кхочург хиларх дегайовхо кхуллу.

БАДАЕВА Ӏайшат

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 148