Язык сайта

 

Язык сайта

 

ДоттагIаллех лаьцна дийцар

Шина доттагIчун дов даьлла. Цхьаъ шен доттагIчух лаьцна вон хIуманаш дийца волавелла шена мел бевзачаьрга. Амма жимма хан яьлча, метта а веана, ша нийса цахиларх кхетта и. ДоттагI къинтIераваккха веана и.

ТIаккха вукхо аьлла:

– Дика ду. Ас хьуна гечдо. Амма сан цхьа биллам хир бу.

– Муьлха?

– ГIайба схьа а эций, батIа а бай, цу чуьра месаш мохе дIасаяхьийта.

Гечдар деха веанчо дина шега аьлларг. ГIайба батIийна цо. Мохо юьрт ма-юю дIасаяржийна месаш.
ГIадвахана аьлла цо доттагIчуьнга:

– Хьан тIедиллар кхочушди ас. Гечдин ахь суна?

– Гечди, нагахь ахь месаш юха гIайби чугулъяхь...

Уьш юха схьагулъян ницкъ кхочур боций хууш ма ду. Иштта ду-кх юьрт ма-юю даьржина вон дешнаш тIегулдан гIортар а.

Гочдинарг – Петирова ПетIамат

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 023