Язык сайта

 

Язык сайта

 

Эльдерханова З. «Лар юьтуш гIолахь»

Цхьа а хIума ца дов дуьнен чохь цхьа лар ца юьсуш. Буьйсанан бIаьрхих – Iуьйренан тхи дуьсу, седарчийн литтанах – ча текхна тача, комаьршаллах – реза дина дог.

Акхаройн а, Iаламан а, адаман а ларийн шен-шен хуьлу хьаьрк.

Амма царна юккъехь уггар а сирла, цIена йиса хьакъ дерг яр-кха адаман лар... Хуьлийла иза кху дуьнен чу цхьана минотана я цхьана бIешарна деанчу адамо юьту лар. Хазчу дешнех даьккхина сагIа а ду – еза лар.

Масех де хьалха Соьлжа-ГIалин керлачу сибатех марзо а оьцуш, сайн гIала сайн ойланашкахь кхин а хазъеш йогIура со гIаш. Оццул хаза урам, меттиг эрча йоккхуш, меже яьккхина схьаго хаза адам санна, шех къахета бен ца дуьсуш, гуора дохийна керла гIант...

Кхузахь адамо йитинарг адаман лар яцара. Ма новкъа ду-кх иза, вайн кегийрхошна цкъа а кхоам ца хийти-кх я гIантех, я зезагех. Иштта сурт дайча хетало – вайн адамийн юкъара синкхетам, цхьа кога дахазчу берийн хеннара бен бац, къаьсттина пачхьалкхан юкъара бахам ларбар хаарна тIехь.

«ГIант – цхьаннан а бахам бацара иза-м!».

ДIора, ишколера парта ярий, цу тIехь а мега вайн наношна шайн бераша, уьрсаца доруш, йозанаш дича, ткъа цIера стол ахь хьайн ахча а духкий, оьцуш ма яй. И цIена хилчахьана, юкъара бахам – вайн хIун даьлла цунах, я паркехь лаьттачу гIантах, я ишколехь йолчу партех, я газон тIерачу зезагах а.

ХIинца хии-кх суна, хIара дохийна гIант сайна гича, мацах сайна кхин гIант гича, цунна тIе ца хууш, оцу гIанта улле а хиъна, айса ойла хIунда йира.

Ингалсан махкарчу Оксфорд колледжан уьйтIахь дара иза. Исбаьхьа хаза парк. МоггIара хIиттийна гIенташ дара мраморах а, мекха ца дулучу аьчках а дина. Царна юккъехь цхьа гIант дара шен гIовли тIехь кху колледжехь хиллачу профессоран весет т1ехь долуш.

«ХIара гIант кIадвелла вогIучунна садаIа дуьту ас со велча, сайн безамна. Цхьа а лар йоцуш, дIавахар дан а ду стаг валар. Профессор К. Хантер».

Гой шуна, иштта а воьду цхьаверг дIа. Лар йита а хаа дезаш хилла-кх... ТIамо ца вохийна ингалсхо а, тIом боцург хIума ца дайна нохчий а? Дош а ма ца карадо суна. Делахь а, вай цкъа вовшах а кхетта, дийцаре дан дезаш ду, вешан мохк, цуьнан бахаман тIалам а, цIано а ларъяран гIуллакх.

Амма ала лаьа, миччахь хьо хиларх а – ловзаргахь, тезетахь, белхех – лар юьтуш гIолахь дIа... и карор ду хьуна.