Язык сайта

 

Язык сайта

 

«ДоIина айдина куьйгаш»

Дюрeр Альбрeхтан «ДоIина айдина куьйгаш» сурт диллина пхи бIе шо сов хан ю, амма тахана а дуьненахь уггаре а гIарадаьллачех и. Историн мехалла хилла ца Iа суьртаца, цуьнца доьзна дийцар бахьанехь, дегайовхонан къилба а хилла лаьтта и.
Нюрнбергна уллерчу жимчу юьртахь бехаш доьзал хилла. БерхIитта бер хилла цу доьзалехь кхуьуш. Дашочу пхьеран говзалла карерзийнчу доьзалан ден дийнахь а, буса а саццаза къахьега дезаш хилла доьзал хене баккха.
Дюреран воккхахволу ши кIант суьрташ дахка лууш хилла. Амма и шиъ дика кхеташ хилла, шаьшшинга дешийта ден ахча вовшахкхетар цахиларх. Вежарша дукха набарза буьйсанаш яьхна, шаьшшинна Iалашоне муха кхочур вара-те бохуш дийцарш деш. Эххар а цхьа некъ карийна. Эчиган ахча ирхкхосса барт бина цаьршимма – эшнарг шахте балха а вахана, тоьллачуьнга дешийта ахча доккхур ду. Толамхо дешна ваьллачул тIаьхьа, суьрташ дIа а доьхкина, цо вукхуьнга доьшуьйтур ду.
Толам Дюрер Альбрехте кхаьчна. Нюрнберге деша вахана иза. Ткъа Дюрер Альберт шахте балха вахана. Деа шарахь бина цо и кхераме, хала болх, шен вешига дешийтархьама. Деша волавеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна а ерриге а академехь а тоьлла дешархо ву аьлла гIараваьлла Альбрехт. Шен хьехархойл а хьалхаваьлла и, дешна волучу хенахь, цуьнан белхаш дуккха а ахча алуш, оьцуш хилла.
Къона художник цIа вирзича, цуьнан сийнна той хIоттийна доьзало. Той чекхдолуш довха дош а олуш, шен хьомсарчу вешина баркалла аьлла цо, сатийсам кхочушбан шен аьтто барна а, оьшучу меттехь шена накъосталла цо дарна а. Альбрехта шен къамел иштта чекхдаьккхина: «Ткъа хIинца, Альберт, хьан рагI ю. ХIинца Нюрнберге деша ваха йиш ю хьан, хьайн сатийсам кхочушбан. КхидIа хьан дола ас дийр ду…»
Массо а Альберте дIахьаьжна. Цуьнан юьхь бIаьрхиша яшийнера, цо корта лестабора: «ХIан-хIа! ХIан-хIа!» – бохуш. Эххар а, меттавеана, бIаьрхиш дIа а дохуш, хьалагIаьттина, массаьрга а бIаьрг тоьхна, вешигахьа а вирзина, шен куьг цуьнан бесни тIе а хьокхуш, эсала элира: «ХIан-хIа, ваша, со хIинца гIур вац Нюрнберге, хIинца дукха тIаьхьа ду. Кху деа шарахь сан куьйгех хилларг хьажахьа! ХIора пIелг а, мел лаххара а цкъа кагбина бу, аьтту куьг энаша лаьцна, хьо вистхилла валлалц а стака карахь хала латтош дара. ХIинца сан пIелгашка къолам сацалур бац. Суртдиллархо хир вац соьх…ХIан-хIа, сан ваша, хIинца дукха тIаьхьа ду…»
ТIаккха диллина Альбрехта шен гIарадаьлла сурт…

Гочдинарг – Петирова ПетIамат

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 171