Язык сайта

 

Язык сайта

 

Эзопах а, маттах а дийцар

Ксанф цIе йолчу философан лай хилла Эзоп. Ша волчу беза хьеший а кхайкхина, царна шун кечде аьлла цо Эзопе: хьалхарчу дийнахь – уггаре а вон, шолгIачу дийнахь – уггаре а тоьлларг.
Хьалхарчу дийнахь мотт кечбина Эзопа.
– ХIара мотт хIунда кечбина ахь? – хаьттина Эзопе.
– Соьга уггаре а ледара пхьор кечде аьллера. Маттал вон хIун хир ду ткъа? Матто бо вайна бохамаш, девнаш до, аьшпаш буьтту, хIилланаш леладо, эгIадо. Матто мостагIалла дуллу адамашна юкъа, гIаланаш йохайо, дийнна пачхьалкхаш хIаллакйо. Матто бохьу вайн дахаре бала. Маттал а эшна хIума хила йиш юй тIаккха?
ШолгIачу дийнахь а маттах даарш кечдина Эзопа. ХIусамда а, хьеший а цецбевлла.
– Соьга уггаре а тоьлла пхьор кечде аьллера, – кхетийна уьш Эзопа. – Философна маттал а тоьлашха хIун хир ду? Меттан гIоьнца девза вайна Iилма, хаарш гулдо, тайп-тайпана хаттарш луьсту, дехар до, маршалла хотту, дехарш кхочушдо, вовшашна синъайам ло. Меттан гIоьнца гIаланаш хIиттайо, культура кхиайо. Маттал а тоьлла хIума дац аьлла хета суна!


Гочдинарг ПЕТИРОВА ПетIамат

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 156