Язык сайта

 

Язык сайта

 

Сингапуран школин директоран кехат

«Хьоме дай-наной. Кеста шун берийн экзаменаш юьйлалур ю. Суна хаьа аша царна сагатдой, уьш дика чекхйовла шуна лаьий а.
Амма ас доьху шуьга, дагахь латтаделаш: цу бераш юкъахь суртдуьллург хир ву – цунна оьшуш яц математика.
Совдегар хир ву – цунна мехала яц истори я ингалсхойн литература.
Химица цхьа а гIуллакх доцу музыкант а хир ву, физикел дукха физкультура еза спортсмен а хир ву.
ТIехдика ду шун беро экзаменаш дикачу жамIашца дIаялар.
Амма ас доьху шуьга, нагахь церан жамIаш дика ца хилахь, церан шаьш шайх бIоболар дIа ма даккхалаш. РогIера зер бен и цахилар хаийталаш царна.
Церан дахарехь дуккха а ладаме, мехала хиламаш хир буй хаийталаш. Церан кхиамаш муха белахь а, шайна уьш дукха безий хаийталаш, шайна уьш дош хетий, шаьш церан кхиэлахой доций а.
Цул тIаьхьа цара хIара дуьне муха доккху а хьовсалаш!
Кхин цхьаъ а ду: кху лаьтта тIехь уггаре а ирсениш лоьраш а, инженераш а бу а ма моттийша…
Дика мел дерг хила лаарца, школин директор».

Гочдинарг – Петирова ПетIамат

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 171