язык сайта

Цкъа цхьа къона композитор веана Моцарт волчу. Шен похIма муха кхион деза хаа лууш хилла и.

– Аттачу, чолхе боцучу мукъамаш тIера волавала веза аьлла хета суна, – хьехардина Моцарта. – Эшарийн мукъамаш тIера, масала.
– Ахь беран хенахь дуьйна симфониш ма язйина! – реза ца хилла жимстаг.
– ХIаъ, иза иштта ду. Амма со цхьаьнгга а сайна похIма кхион хьехар де аьлла а ма ца вахана.
Гочдинарг – Петирова ПетIамат

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 19387

Порталы государственных услуг