язык сайта

Шелан муниципальни к1оштахь 15 берийнбеш ю – 2 пачхьалкхан, 12 – муниципальни, 1 – долахьерг. Цига лелаш 2410 бер ду, царах кху шарахь 692 берберийнбешахь боккхучу муьрах чекхделира. Оьрсийн маттахь аьлча, выпускникаш оццул бу. Оцу дезчу денна кечйинчу «Яхита» ц1е йолчу №5 берийнбешахь гулделлера цхьа хаза, кегий божабераш а, зудабераш а. Тахана церан жимчу дахаран некъо дуьххьара голатухуш бу…

Гулбелла дай-наной а, бевзарш а, цабевзарш а бара. Царна хьалха д1а а х1иттина, шайн хьуьнарш гайта дезаш ду бераш. Эшарш локхуш, хелхаршдеш, байташ юьйцуш. Мел мухха дийцича а, иза царна т1ех1оьттина хало киртиг ю, дуьххьарлера экзамен. Гонахахьийзаш церан воспитательш бу, цхьанна дов до цара, важа хьосту, вукхунна хьехар до. Царна а ду иза шатайпа де.

Шелан к1оштарчу школал хьалхарадолчу дешаран учрежденийн урхаллин хьаькамна Мусаева Иманна, дешаран урхаллин векална Исаева Нурина а, кхечу а хьешашна хьалха церан корматаллин а, кхаа шеран белхан а жам1 ду тахана гойтуш дерг. «Некъ дика хуьлда!», – аьлла ц1е а йолуш х1оттийна йолу утренник, ц1ерпоштан кепехь «1одика йойла, берийнбеш – де дика хуьлда, школа!» аьллачу маршрутаца д1айоьдуш яра. «Ц1ерпоштан» хьаькам, берийнбешан заведующи, бераша «Жима мама» олуш йолу Исаева Аза яра, машинист и мероприяти д1ахьош йолу методист Цакаева Аминат яра, некъаца цахилча ца бовлуш болу проводникаш – воспитательш, кхиболу белхахой – бригадир а, повар а хилира. Некъахой новкъа баха еъна царал кегийчу берийн тоба а яра. Цара выпускникаш байташца, эшаршца, хелхаршца декъалбо. «Ц1ерпошт» д1айолалучу хенахь, «т1аьхьа а вуьсий», корреспондент а кхочу. Цо берашка хаттарш ло: “Стенга боьдуш бу поезд? Школера дешнадевлча х1ун говзаллахоржур ю аш?” Жоьпаш тайп-тайпана ду, говзаллаш дукха ю, контролерана т1ера министрана т1екхаччалц. Ц1ерпошт д1айолалой, «Баьццарниг», «Музейни», «Спортивни», «Кукольни», «Контрольни», «Халкъаниг», «Хелхарниг» ц1ераш йолчу массо а станцешкахь саца а соцуш, т1аьххьарлерачу «1одикаяран» станце д1акхочу.

Бераша берийнбешан белхахошна а, хьешашна а зезагийн курсаш елира, уггар йоккханиг шайн «Жимчу мамина» Исаева Азина а луш.

«Берийнбошмийн» хьаькамо Мусаева Иманас выпускникашна дипломаш делира, царах х1ора т1е а кхойкхуш. Бераша дозаллица караоьцура шайн дахарехь дуьххьарлера диплом. Ц1еххьана берашна юккъехь белхар иккхира - цхьанна диплом д1адала дицделла хиллера. Сихха схьа а деана, массара а т1араш а детташ, диплом к1антана д1аделира.

Т1аккха массо а декъалбира Берашлардаран дуьненанюкъарчу дезчу денца, берашка дехар а дира шайх даккхий хьаькамаш хилча шаьш диц ца дар.

«Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, школалхьалхарчу дешаран кураторо Кадырова Заргана а боккха тидам т1ебахийтина буоберийн терго ярна а, берийнбошмашна а, - элира И. Мусаевс, – иштта Шелан к1оштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-1елас а массо а аг1ор г1о до тхуна, муьлхха а хаттар эцна т1едахча, сихха чекх а доккху».

«Школе схьадог1уш долу бераш берийнбешахь кечам бан ма беззара бина хилча, хьехархошна 1амо а, кхето а ч1ог1а атта хуьлу. Цундела тхуна, дешаран белхахошна, доккха г1о ду кхара деш дерг. Берийн дезчу денца декъалбан лаьара суна кхеран белхахой а, бераш а», - элира дешаран урхаллин векал йолчу Исаева Нурас.

Последние документы из категории "Инновационная и национальная образовательная политика"

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 13056

Порталы государственных услуг