язык сайта

Могаш волчу стага, и шен могашалла, хьуьнар, берриг ницкъ дино магийначу, юкъараллина пайден хин болчу аг1ор хьажийнехь, беркате хуьлу оцу белхан т1аьхье. Т1аккха мехала хуьлу могашаллина дика т1е1аткъам бечу физкультуре, спорте безам кхиор, оцу декъехь кхиамца къахьоьгуш хилар.

Ишттачарах цхьаъ ву юккъерчу ишколан физкультуран хьехархо Умаров Лукъманан Хьамзат. Спорте берийн безам кхиош веха иза Гуьмсан к1оштан Ишхойн-юртахь.
1946-чу шарахь хийрачу Сибрехахь дуьненчу веана Хьамзат. Оцу къизачу хьоло шен «мух1ар» туьйхира к1ентан т1аьхьадог1учу дахарна. Вайнах Даймахка бухабирзинчу 1957-чу шарахь бен хьалхарчу классе деша вахар ца нисделира ишхойюьртахочун. Къизачу дахаран халачу хьелаша кегийрхошна хьоьхура, дахарехь шен хьакъйолу меттиг д1алацархьама, х1ораммо а ша ох1ла волчу декъехь деша, къахьега дезаш хилар, мало ца еш ваха дезар.

1967-чу шарахь Ишхой-юьртара юккъера ишкол чекхъяьккхира Умаровс. Кераюккъехь санна, ша дерриг гуш ма хуьлу юьртахь. Х1уманна к1адо ца еш, низаме, спорт дукха езаш волу дешархо санна вевзинера иза юьртахошна. Цундела цецвала х1ума дацара, оццу 1967-чу шарахь Хьамзат ишколехь физкультуран хьехархочун балха д1аэцар. Жоьпаллин дукъ дара жимчу стагах тешийнарг.
Баккъалла, Умаровс деган айамца д1аболийра атта боцу болх. Ша-шена 1илма 1амош, зеделлачу хьехархошкара, уьш мел генахь хиларх, диканиг схьаоьцуш, ша дийриг лерина деш схьавеана Хьамзат. Луларчу Дег1астанарчу ишколашка, Хасавюртара хьехархойн училище кхочура х1ара сих-сиха. Кхуо лелийна бахьанашца доьзна, хьехархочун нигат ц1ена хиларна а, хетарехь, Дала аьтто бира Умаровн. 60-70-чуй шерашкахь Ишхой-юьртара дешархой спортехь баккхий кхиамаш бахарца бевзара к1оштахь а, цул арахь а. Юьртара баккхийчийн футболан а, волейболан командаш а шайн хьуьнаршца, зеделлачуьнца дика евзара Гуьмсан, Нажи-юьртан к1ошташкахь, Дег1астанарчу цхьамог1а ярташкахь. Оцу юкъахь к1езиг доцу дакъа дара хьехархочун Умаров Хьамзатан.
Юьртарчу Советан исполкоман секретарь харжарца доьзна цхьана ханна хьехархочун болх д1атаса дийзира Хьамзатан. Заочни кепара цо чекхъяьккхира Буйнакскера финансийн техникум. Амма, схьахетарехь, хьехархочун балхаца боьзна суй цуьнца хилла даима а.

Меттигера ишколан дирекцис ша кхайкхича, 2003-чу шарахь Умаров юха а физкультуран хьехархочун болх бан волавелира. Къоначу хенахь санна, каде ма хьийза х1ара, аьлла хеталора кхуьнан белхан тидам бича.
Х1ара юха балха ваьллачул т1аьхьа йина юьртарчу ишколехь спортзал. Проектаца хилийта лерина болу цуьнан шораллин, яхаллин барам хийцира Умаровн дехарца. Жима чоь кхачаме хир яцара дешархошна. Ткъе йиъ метар еха, шийтта метр шуьйра йолу спортзал ю х1инца ишколехь. И чоь а, арара спортан майда а тоярехь шен г1о лаьцна нах бийцира тхуна Хьамзата. Уьш бу: Хаджиев Муса, Израпов Тах1ир, Гелисханов Турпал-1ела и.д1.кх.

Вай лакхахь ма-аллара, Умаров Хьамзата лерина вовшахтуху ша дийриг. Дешархошна а иза дика го. Шайна харжа бакъо елча, жам1ан аттестацин гурашкахь физкультурехула йолу экзамен хаьржира 11-чу классан дешархоша. Цхьаволчун хаттар х1уттур ду, оцу предметан экзамен муха хир ю, аьлла. Хьехархочо дийцира, теории, практика юкъа а лоцуш, ша кечдинчу хаттарех лаьцна.

Хьехархочун ницкъ кхочу дешархошка спортан духар леладайта. Масала, 5-чу классийн дешархойн иза цхьатерра ду. Дешаран 1алашонца, къоман г1иллакх-оьдангаллица нийса а дог1уш, 10-11-чуй классашкахь божабераш, мехкарий къастабо физкультуран урокехь. Бераш лазорах ларбархьама, кхерамазаллин техникехула хьехамаш бо хьехархочо, заь1ап берашца шакъаьстина болх бо. Юкъараллин балха юкъаозабо тоьлла дешархой, берийн дай-наной.

Беш болу болх ишколан гурашкахь д1абаьхьна ца хьехархо Умаров. Спортан къийсадаларшкахь цуьнан дешархой мосазза цхьаьнакхетна Гезлойн-Эвларчу, Хошкалдерчу, Ойсхарарчу, Керла Г1оьрдаларчу, Борг1анерчу (Гуьмсан к1ошт), Мескитарчу (Нажи-юьртан к1ошт), Билт-Эвларчу (Дег1аста) и.д1.кх. дешархошца. Хьамзатан дешархой мосазза толамхой а, призераш а хилла к1оштан а, ткъа иштта доттаг1аллин а цхьаьнакхетаршкахь.
Лерина кечамбо хьехархочо оцу цхьаьнакхетарийн дерзоран декъана. Масала, доттаг1аллин къовсадаларш дерзочохь хеза нохчийн, г1умкийн, ж1айхойн, г1азг1умкийн мукъамаш.

Ша балха юхавеана дукха хан ялале, Умаров Хьамзат, тохара а санна, к1оштахь тоьллачех цхьаъ волу физкультуран хьехархо хилла д1ах1оьттина. Х1ара волчохь к1оштан семинар хилла. Х1етте а кхечеран зеделларг довза араваьлла хуьлу иза даима.

Умаров Хьамзатан белхан хьуьнарш билгал а дохуш, «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» ц1е елла цунна. Дешархоша, церан дай-наноша, юьртарчу бахархоша лору иза. Иза ду-кх цунна уггар деза совг1ат.Боккхачу бертахьчу доьзалан да ву иза. Цо беш болу болх, цуьнан г1иллакхаш-г1уллакхаш дика масал ду доьзалхошна а, уьш боцчарна а.

Болх мел хала белахь а, са ца даь1ча а, шен хаарийн го шор ца бича а валац бакъволу хьехархо. Хьамзатан стоьла т1ехь суна гира: Сулейманов Ахьмадан «Нохчийчоьнан топоними» ц1е йолу жайний, вайн махкахь арадовлу журналашший, газеташший, кавказан историца доьзна йозанашший. Вайн мехкан хиллачуьнга, таханенга, хиндолчуьнга а бендоцуш хьежац иза. Цуьнан ерриге бохург санна беш д1аюьзна д1айийна ю иттех тайпана кемсаш. Цо уьш мел лерина лелайо довзуьйтуш къаьсттина яздан йиш яра. Умаровн белхан тидам бича, ойла кхоллало, цо иза доггах беш бу аьлла. Амма цунна 1аламат хала ду бераш къовсадаларшка д1асадига а, цаьрга ц1ерадевллачохь яах1ума яийта а аьтто ца хиларна. Ткъа Ишхой-юрт Гуьмсан-к1оштан, республикан дозанехь юрт ю. Башха хьал-бахамаш болуш нах бац кхузарчу дешархойн дай-наной.

Хьехархочунна вай г1о деш хилар, вай цуьнан дан ма-дезза дола дар вайна массарна, вайн т1аьхьенашна а санехь ду. Хьехархочунна дина г1о, вайн берашна беркате т1е1аткъам барца гучудолуш хилар – шеко йоцуш ду-кх.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16676

Порталы государственных услуг