язык сайта

«Вайн амалш» цIе йолу Айдамиров Абузаран къоман гIиллакх-оьздангаллех а, бIешерийн дахаран хьелаша цуьнан амалшна бинчу тIеIаткъамех, хийцамех а йолу книга йийцаре йира Соьлжа-ГIаларчу Президентан лицейхь.

Къоман къоначу тIаьхьенан – 9-11-чуй классашкарчу дешархойн - «Вайн амалш» книга ешча кхоллаелла ойланаш йовза а, шайна хетарг ала а дахаран зиэделларг долу яздархой, министраш, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш, бевза хьехархой гулбеллера лицейн «горгачу стоьлана» гонаха. «Горгачу стоьлан» Iалашо – тIекхуьучу тIахьенна вайн къоман амалийн башхаллаш йовзийтар, патриотийн синхаам кхиор, доьзална, махкана хьалха церан шайн жоьпалле хила дезаран кхетам кхиор, – йовзийтинчул тIаьхьа, хьеший бовзийтира цхьаьнакхетар дIахьочу нохчийн меттан кафедрин хьаькама Дашаева Лайлаа. Уьш бара: НР-н дешаран а, Iилманан а министр Байханов Исмаил, НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн министр Джамалдаев ШахIид, НР-н 1илманийн Академин Президент Гапуров Шахрудди, халкъан яздархо, «Вайнах» журналан коьрта редактор Ахмадов Муса, яздархо, «Орга» журналан коьрта редактор Минкаилов Эльбрус, поэт, «Хьехархо» газетан коьрта редактор Цуруев Шарип, публицист, «Гумс» газетан корреспондент Сумбулатов Дени, яздархо, Айдамиров Абузаран йоI Айдамирова Машар, НР-н дешаран а, 1илманан а министран г1оьнча, публицист Умхаев Хьамзат, нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет, ЧИПКРО-н ректор Эльмурзаева Ганга, республикин телерадиокомпанийн а, газетийн а, журналийн а векалш.

Маршаллин дашехь Дешаран а, Iилманан а министра Байханов Исмаила билгалдаьккхира, вайн республикехь хьовха, ерриге а Къилба Кавказехь динан дайшна юкъахь коьрта волчу Кадыров Хожа-Ахьмада шен къамелехь тIе тидам бахийтина «Вайн амалш» жайна довза дезаран а, цуьнан чулацамехь йийцина вайн амалш йийцаре ян езаран а гIуллакхан юьхь хIара цхьаьнакхетар хилар.

«ХIора халкъан а шена юкъахь цIе йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш, эхь-бехкан, доьналлин, собаран масал хилла лаьтташ стаг, къонах хуьлу, – «Вайн амалш» книгин юьххьехь Сумбулатов Денис далийначу дешнашца цхьаьнакхетар дIадолийра Дашаева Лайлаа.

- Массо а къамнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан охIланаш, са ц1ена нах. Церан ницкъ кхочу шайн къоман лазамечух кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдедайта. Цара шаьш бинчу кхоллараллин балхаца, хьанала къахьегарца бакъо йоккху, мел къаьхьа делахь а, бакъдерг ала. Ишттачарах вара нохчийн халкъан яздархо Айдамиров Абузар».

И цIе евзачарна, цуьнан говзарш ешначарна дуьхьал хIуьтту церан турпалхой а. Имам Шемалан наиб хиллачу Iуспан СоIдаллас, уггаре а хала хIун ду аьлла шега динчу хаттарна: «Уггаре а хала къонаха хила ду», – аьлла, жоп делла хиллера. Цул хала хIун ду, аьлла шега хаьттича: «Къонаха хилла чекхвалар ду», – аьлла, тIечIагIдинера.

Ткъа «къонаха», «нохчи» боху дешнаш хезча, хIора а нохчичунна дуьхьал хIутту «нохчалла» боху кхетам».

«Нохчалла» – муьлха синмехаллаш дагайогIу вайна и дош хезча?

Оцу хаттарна жоьпаш делира гулбеллачу дешархоша: «И дош хезча дагадогIу доьналла, майралла, хьекъал, кхетам болуш хилар а, гIиллакх-оьздангалла а»; «Яхь, эхь, хьуьнар»; «Собар, тешам, комаьршалла»; «ДоттагIалла, къинхетам»; «Нийсо, цIеналла»; «Доцца аьлча, «нохчаллица» доьзна ду дерриге а дика хIума». Цул тIаьхьа гулбелларш хьаьвсира ролике. Англин коьртачу шахьарахь Лондонехь Биг-Бен сахьт кхозучу коьртачу майданахь доьдуш хелхар дара. Пхьош доцучу кучаца, белша тIе тесна шарф а йолуш, корта берзина, Iаьржа куьзганаш бIаьргех дохку йоI яра нохчийн хелхар дечу кIантаца хелха йолуш. Вота екарна а, тIараш деттарна а гIовгIанна нах тIегулбелла, ловзаран гуо хIоьттинера майданахь. Гуш дара, хелхар дан ца хууш яцара йоI, амма цхьана белша тIера охьашершина шарф дIанисъяр шен ца нисделча, хьарччийна буьйна а йоьллина, берзина ши пхьарс гойтуш хелхаран гуо тесира цо. Вотанан а, тIараш деттаран а ражца дегI сеттош хелха волура кIант а. Ала деза, дуьххьара дацара цуьнан хелхар а. Ролик яьккхинчун Iалашо хилла хир ю: «Вай иштта ду Европехь!». Амма зала чохь йийцинчу «нохчалла» бохучу кхетамах хIумма а дуй оцу нохчийн кегийрхошкахь? – аьлла, динчу хаттарна тайп-тайпана а, цкъацкъа вовшийн бIостанехьа а жоьпаш хезира:
«Суна хетарехь, нохчийн хелхар гайта лууш и йоI хиллехь, тIера духар а хила дезара нохчийн духаран кепехь»; «Нохчийн синмехаллаш гайта лууш уьш хиллехь, арахь, майданахь, урамновкъахь а ца гойтуш, цхьанхьа чу гулбелла хила безара, аьлла хета»; «Ши тIара тоьхначохь хелхавалар сий хеташ ца хилла нохчашна юккъехь»; «Къоман оьздангаллех а, хелхаран гIиллакхах а, халкъан духарах а оцу кегийрхошкара эца масал дац»; «Вайн амалш» книги тIехь Айдамировс йийцинчу амалех хьаса а бац оцу «флешмобехь»; «Кегийрхойн сонталла гуора оцу хелхарехь». Дешархойн хьежамашка ладоьгIначул тIаьхьа вистхилира Гапуров Шахрудди: «Айдамиров Абузаран кхолларалла йоккха ю. Дукхахъерг XVIII-XIX-чу бIешерашкахь а, XX-гIа бIешо долалуш а хиллачу вайн исторех лаьцна ю. «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Маршонан цIарах», «Калугера йийсархо», иштта кхечарна а тIехь автора буьйцурш нохчийн оьзда гIиллакх, доьналла, майралла боху кхетамаш бу. Ткъа «Вайн амалш» къомана юккъера и кхетамаш дIабовларна, кийрара баьлла мохь-цIогIа ду. Маца хилла вайн къомана юккъехь зударшна тIекхийдар, адамаш идор? Абузара оцу книги тIехь боху, ледарлонаш а ю вайн, уьш мичара евлла хьовсий вай, уьш а йийца вай. Даима а диканиг дуьйцуш, вониг къайладоккхуш хилча, вайн вайх лаьцна цхьа лаккхара ойла кхоллаяларна кхерам бу. 90-чу шерашкахь массанхьа а дуьйцург «нохчийн къам, нохчийн халкъ, вай санна цхьа а вац!» – дара. Ткъа гушдерг – нах лечкъор, зударий, бераш идор, талораш дар дара. Жима-воккха а герзах воьттина вара. Ойла кхоллаяла а тарло, даима а тIом барехь хилла-те нохчийн къоман ирс? Дера ца хилла-кх! Оцу тIамах йолу ойланаш а ю Айдамировн: «ТIамехь цкъа а тоьлларг ца хилла. ХIунда аьлча муьлххачу а тIамехь шина а агIор эзарнаш адамаш дойъу, заьIапдо. Ярташ, гIаланаш йохайо, ягайо, мехкан хазнаш хIаллакйо…

Зиенаш меттахIуьтту. Амма тIамо кхоьллина къизалла, ямартлонаш, харцонаш кхуьу… ТIемаш хир бацара кIорггера бусалба дин а, дуьненан Iилма а хууш вайн къоманна юккъехь кхетам болу нах алсам хиллехьара».

Цунна тIе доьгIна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнаш далон луур дара суна: «Вся наша история есть история непрекращающихся войн, бунтов, набегов, сражений, стычек… Я считаю своим долгом и выстраданным правом задать вам несколько вопросов: В результате всех этих бесконечных войн, бунтов и смут что получили мы, чеченцы? Неимоверные страдания, кровь и лишения. Сегодня мы пожинаем плоды непродуманной, безответственной политики… Мы вошли в историю не философами, не мудрецами, не мастерами, не творцами и созидателями, хотя и их у нас было немало: художник П. Захаров, артист М. Эсамбаев, певец М. Магомаев и другие».

Нохчаша даима а дозалла деш хилла, тхуна юккъехь элий ца хилла бохуш. И дозалла дан хIума дац. ХIунда? Абузара а боху иза. Вайн махкахь элий хилла – суьйлийн элий, гIумкийн элий, гIебартойн элий. Амма нохчашна юккъера стаг хьалаволуьйтуш 1едал ца хилла вайн. Цундела аьлла имам Шемала: «Нохчий тамашийна къам ду: диканиг хьалавоккхуш гу бац церан, вониг чувуллуш ор дац церан». Вай вешан нохчийн тхьамданаш хьалхабаха, церан сий дан хууш цахилар ду вайн галдаьлларг. Вайн махкара граждански тIом сацон Ахьмад-Хьаьжин хьекъал а, доьналла а ца тоьънехь, вай тахана мича кхаьчна хир дара ала хала хир дара. Цул тIаьхьа, Делан къинхетамца, къоман куьйгалле цуьнан кIант вар бахьана долуш, дуьненан исторехь а ишттачун масал доцуш, оццул сиха, тIамо бохийна мохк денбелла дIахIоьттина. Айдамировс, нохчийн куьйгаллин, къоман оьздачу нехан пусар дича бен нохчийн пачхьалкх хир яц, нохчийн къам денделла дIа а гIур дац баьхнарг ду тахана вай тешаш дерг».

Ахмадов Мусас а элира шена хетарг:
– Нохчашна юккъехь элий цахилар, хуьлуш цахилийтар, вай тIаьхьадисина хилар а, я вай хьалхадовлар а дац, иза къоман шатайпаналла ю. Цхьана хенахь Мехк-кхиэл йолуш, дерриг дуьне тIекхача гIерташ йолу ша тайпа демократи йолуш къам хилла вайн къам. Тайпано, гергарчу наха шайн стеган доладеш хилла. Кхайкхина валош а хилла нохчаша шайна юккъе луларчу къаьмнех эла. Шайна юккъе доьжна дов, къовсам нисбан. Элий цахиларх, лоруш нах хилла къомана юккъехь. Церан цIе дIайоьдуш а, уьш фольклоран иллешкахь бевзаш а хилла. Йийцаре йиллинчу темех ала дош дара Сумбулатов Денин а. «Вайн амалш» книга иза «Даймохк» газетан редактор волуш, автора редакце а еана, дуьххьара зорбане оцу газетан агIонаш тIехь яьлла.
– Суо теш ца хилла волу генара хIумнаш а дитина, со теш хиллачух эр ду ас, – элира Сумбулатовс, – цIенаниг бехдеш, боьханиг цIандеш, сийлахьниг сийсаздеш зама яра иза. Къам шен орамах дIахадо болх беш цхьа тобанаш яра. Оцу зуламах къам лардан гIерташ, орцах буьйлуш нах бара. Царах вара Айдамиров. Цул хьалха кхин дIогара бала а ца хилла газета, цуьнан статья тIетоьхча, охьадожа а ца дуьтуш, дIасадаьккхира.
- Абузара ша дийна волуш “Вайн амалш” ша шен хьалкъана язйина олура, - долийра шен къамел Айдамирова Машара. - Цундела, тахана авторан бакъо сайгахь йолу дела, «Вайн амалш» кхечу къоман матте гочъян ас бакъо ца ло. Абузар а я цуьнан кхолларалла а ца евзаш, еккъа «Вайн амалш» гочйина кхечу къомах волу стаг цунах кхетар вац. Вай кхета. Иза тоьуш ду. ХIара цхьаьнакхетар суна товш ду. Шуна, кегийрхошна лерина ю «Вайн амалш». Школе воьдуш а, кегийрхошца цхьаьнакхеташ а даима хазахеташ вара Абузар. Дала дукхадаха дойла шу.
«Шен гIалаташ дийца хала ду, амма ца дийцича ца долу. Царах лаьцна ду хIара къамел. ХIокху къамелехь долу хIора дош сайн халкъе даггара болчу безамо а, цунах дог лазаро а кхоьллина. Кху тIаьххьарчу шерашкахь гучудаьлла нохчий бусалба динан некъа тIера галбовлар. Оьздангаллех бохар. Вайн вешан къоман кханенан ойла еш цахилар», – бохуш яздина Айдамировс шен книгин юьххьехь.
– Мел хала делахь а, дийца деза уьш я ца деза? Ду уьш гIалаташ я дац? Нийса довзийтина автора вайн сакхташ я ца довзийтина? Бакъо ярий Айдамировн уьш дийца я яцара? Боьхнерий-те нохчий ийманах я ца боьхнера? – шайна хьалха цхьаьнакхетар дIахьочо хIиттийначу хаттаршна шайна нийса хета жоьпаш делира дешархоша.
– Нийса хета. Цхьаболу молланаш хилла шалха мотт буьйцуш гIарабевлла. Къоланаш а хилла вайна юккъехь.
– Вайн дайша дилийтина гIалаташ тIекхуучу тIахьене кхин ца дахийта Iалашо йолуш язйина Айдамировс «Вайн амалш».
– Вайн гIалаташ вай ваьш дIа ца даьхча, кхечо д1адохур дац.
– Стаг цомгаш хилча, цуьнан лазар къастадой, леладо лоьраша дарба. Вайн къам хьекъал долуш ду, амма кхетам тIаьхьа бисина ду, – боху автора. Вай кхетамчу дахкийта Iалашо йолуш язйина Айдамировс и книга.

Авторо бохучунна со реза ю.
– Айдамировс мел аьлларг а доккха маьIна долуш ду. Амма цо и ца аьллехь а, вайна хаа дезара, аьлла хета суна.
– Айдамировс шен книги тIехь хьахийна а ду нохчаша шайн доьзалшна Iаьрбийн Iилма Iамор магош хилар а, кхечу къаьмнийн, масала ингалсан, французийн Iилма Iамор магош цахилар а. Нагахь оцу Iарбоша шайн доьзалшна санна, вайн доьзалшкахь а кхечу къаьмнийн Iилма Iамон магош хиллехьара, вайн алсам Iилманчаш а, дешна нах а хир бара, аьлла хета суна. Цхьаьнакхетарехь жигара дакъалоцуш бара Президентан лицейн 11-чу классера дешархой Сатабаева Хьава, Межидов Алдам, Ибрагимов Ламбер, Бакаев Юсуп, иштта кхиболу дешархой а. Церан къамелехь къаьстара «Вайн амалш» ешна, цуьнан чулацамна т1ехь бераша ойла йина хилар, бакъду, Айдамировс далхочун шайн-шайн хьежамаш бара церан хьовха, гулбеллачу баккхийчеран а. Иза билгалделира Э. Минкаиловн, Ш. Джамалдаевн, Ш. Цуруевн къамелашкахь.

– Iилманах а, дешарх а лаьцна дукха дуьйцу Абузара, – билгалдаьккхира Минкаиловс, – XVIII-XIX-чу бIешарахь дуьненан Iилма а, бусалба Iилма а девзаш нах кIезга хилла вайн. Оццу заманчохь ДегIастанехь баьхна Iилманчаш цIерш йохуш буьйцу Айдамировс. Цара шайн къоман, тайпанийн синмехаллех пайда а оьцуш, алсам белхаш язбина. Ткъа Нохчийчоь Россих дIакхеттачул тIаьхьа XIX-чу бIешарахь XX-гIа бIешо долалуш 5-6 стаг ву нохчашна юккъехь Абузара цIе йоккхуш лаккхара дешар дешна. – Эльдерханов Таьштамар, вежарий ШериповгIар, вежарий МутушевгIар. Дешна нах а, Iедалехь болх беш нах а ца хилла вайн къам цхьаьна кхетаме далош схьадалон. Советан Iедал тIедеанчул тIаьхьа а лаккхара дешар дешна нах кIезиг бу вайн луларчу къаьмнашца дуьстича. Цу тIе доьгIна Айдамировс билгалдоккху, вайна коьртехь динан а, дуьненан а Iилма хууш стаг цахиларо къомана эшам бар.

- Дуьненчохь болчу Iилманчаша, цхьацца долу къаьмнаш дуьнен тIера дIадовларан бахьанаш дуьйцучохь, царах цхьаъ – халкъо ша шех еш йолу ойла дукха лакхара хилча я т1ехь лахара хилар ду, олу. Иза вуно кхераме х1ума ду. Абузар оцу некъа тIехь, ша Суьрта тIай тIехула волуш санна, нийса дIавахана. Къам охьатаIийначу хенахь цо язйина «Еха буьйсанаш» къам хестош яра. Амма и хестор тIехдаьлча, къам самадаккха, цуьнан кхачамбацарш а дийцина цо. Къомана ган деза шен сакхташ. Абузара «Вайн амалш» тIехь уьш гайтина. Царалахь коьртаниг – нохчий дешарна тIаьхьа бисина хилар а, - билгалдаьккхира Цуруев Шарипа.

Шена Абузар вовзарх а, цуьнца хиллачу гергарлонах а дийцира Джамалдаев ШахIида.
– ХIорамма а шен кхетаме хьаьжжина йоьшу Абузаран книгаш, – элира цо. – Со баккхийчу нахана юккъехь кхиъна. ГIиллакхе, оьзда волчух – эла санна стаг ву олура цара, ткъа г1иллакх доцучух – лай санна ву а олура. Элий, лай хиларх-цахиларх доцуш, и кхетамаш хилла вайн къомана юккъехь. Стагана шена там берг, шена товн дерг ца товн дерг хиъчхьана, гIиллакх а, ларам а хаар ду-кх.
– Цхьа догIучу меттехь дош алар а, самукъадаьллачохь хелхаран кеп хIоттор а телхина хIума ду, аьлла ца хета суна, – билгалдаьккхира шен вистхиларехь Умхаев Хьамзата а, – амма цхьанна а хIуттаренна, нахана цатам бан я новкъарло ян Iалашо йолуш дан ца оьшу и гIуллакх. Оьрсийн гIараваьллачу поэта А. Пушкина аьлла, шена оьрсийн къоман дуккха а гIалаташ а, сакхташ а го, амма кхечу махкарчу стага царах лаьцна дуьйцуш ца тов шена, аьлла. Цунна а дайна, Абузаран говзарна тIехь вайн къомехь шена ца товш дерг, вайна юккъера дIадаккха дезарг ду. Боккъал а дешна вай хиллехьара, вайн къам масийттаза а «бердах кхоьссина» хир дацара. Вайн герз дешар ду. Дешархошца болх барехь алсам зиэделларг долчу Вагапова Асета а дийцира, Айдамировн говзарех къоначу тIаьхьено пайдаэца йишерг алсам хиларх.
– Хьайн къоман, хьайн ненан мотт кIорггера хаарехь, иза бовзарехь, бийцарехь ду къоман ирс. Дала маттаца долу гергарло алсамдоккхийла шун!

Цхьаьнакхетар дIадерзош юха а берийн хьежамашка ладуьйгIира гулбеллачара:
– «Вайн амалш» вайн къоман литературин кхечу произведенийн могIара хIотто ца еза, – билгалдаьккхира дешархоша, – иза лаккхарчу тIегIанна тIехь хила еза. Кхузахь къастийна къоман гIалаташ, сакхташ дIадаха а деза.

Бержес аьлла дешнаш а далийра цара: «Чеченцы воспитывают не ремнем и нотациями, чеченцы воспитывают личным примером». Цунна тIедоьгIна аьлча, Айдамировс вайн гIалаташ гайтар а оцу кхетаман масал ду.
– «Вайн амалш» ешна а, цуьнан чулацам дика бевзаш а ду тхо. Амма тхуна коьрта дара цуьнга болу шун, тхан баккхийчийн, бовзар хьежамаш. Тхуна бевзина иза. Дала мукъалахь, оха дика доьшур а ду. Вайн къоман сий айдан къахьоьгур а ду. ХIара санна цхьаьнакхетарш алсам хилийта аьлла, шуьга дехар а ду тхан.
Ирсе бералла ю вайн дешархойн. Церан таро ю вайн махкахь хьовха, кхечу махкахь а цIе йоккхучу университеташка, институташка деша даха а, республикин юкъараллин дахарехь жигара дакъалаца а, тахана санна долчу цхьаьнакхетаршкахь республикехь бевзачу нахаца цхьаьнакхета а, цаьрга ладогIа а, шайна хетарг довзийта а. Дала тIаьхье беркате йойла вайн.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16706

Порталы государственных услуг