язык сайта

 

Аьчкан некъан Николаевски вокзалехь цхьаьнакхийтира ши доттагI: цхьаъ – стомманиг, важа – вуткъаниг. Стоммачо вокзалехь хIинцца делкъе йинера, даьттано хьандина цуьнан балдаш, ношднллахьечаш санна, къегара. Цунах дезачу чагIаран хьожа етталора. Ткъа вуткъаниг хIинцца охьавоьссинера вагона чуьpa, цуьнгахь чамданаш а, шеддаш а бара. Цунах кофен а, дакъийначу жижиган а хьожа йогIура. Цуьнан букъа тIexьapa схьахьоьжура еха чIениг йолу оза зуда – цуьнан xIycaмнaнa а, лекха, цхьа бIаьрг хабийна гимназист а – цуьнан кIaнт. – Порфирий! – воккхаверан мохь белира стоммачун, вуткъаниг гича. – Хьо вуй xIapa? Сан хьомсарниг! Ма дукха шераш дар-кха ганза!
– Сан Дела! – цецвелира вуткъаниг. – Миша! Бераллин доттагI! Хьо мичара вели?

ДоттагIий кхузза мар-маракхийтира, тIaккxa шайн хих буьзна бIаьргаш вовшашна тIеттIа хьажийра. Ший а хазахетарна воьхнера.
– Сан хьомсарниг, – дIаволавелира вуткъаниг. – Ма дагахь а дацара! ХIapa цамоьттург! ХIай, соьга дика схьахьажахьа! Хьалха ма хиллара, товш стаг ву-кх хIинца а! Хьалха ма хиллара, куьце а, тамехь кечвелла а! TIaккxa, муха ву хьо? Хьалдолуш вуй? Зуда ялийний? Со, хьуна ма-гарра, зуда ялийна ву...

XIapa сан зуда Луиза ю, Ванценбахера... лютеранка... ткъа иза – Нафанаил, сан кIaнт, кхоалгIачу классан дешархо. Нафаня, xIapa сан бераллин доттагI ву! Гимназехь цхьаьна дешна оха.

Нафанаила, жимма ойла а йина, шен коьртара куй дIабаьккхира.
– Гимназехь цхьаьна доьшуш вара, – кхидIа а дуьйцура вуткъачо. – ДагадогIий хьуна, оха хьо муха хьийзавора? Хьо, Герострат бохуш, хьийзавора, ахь, папироса Iуьттуш, пачхьалкхан книжка ягаярна. Ткъа сох Эфиальт олура, со мотттохар дезаш хиларна. Хьа-хьа... бераш дар-кха! Ма кхера, Нафаня! Юххе тIегIo цунна... ткъа xIapa сан зуда ю, Ванценбахера... лютеранка.

Нафанаил, жимма ойла а йина, ден букъа тIexьa дIалечкъира.
– TIaккxa, муха вехаш ву хьо, доттагI? – хаьттира стоммачо, воккхаверца доттагIчуьнга а хьоьжуш, – болх мичахь беш ву? Даржехь хьалаваьллий?
– Балхахь ву, сан хьомсарниг! ШолгIа шо ду коллежски асессор волу, Станислав – мидал а елла. Алапа ледара ду... И-м Далла дика хуур дара! Зуда музыкин урокаш хьоьхуш ю, ткъа ас дечигах портсигараш йо. ТIехдика портсигараш! Цхьаннах сом а доккхуш, юхку. Нагахь цхьамма итт я цул сов оьцуш хилахь, хьо хьуо а кхета-кх, механа охьа а волу. Халий, аттий хене довлу-кх. Департаментехь болх беш вара, ткъа хIинца кхуза сехьаваьккхина, кехаташ яздеш ву оццу ведомствехь... кхузахь болх бийр бу. Ткъа хьо муха ву? Штатехь белхало ву? XIa?
– XIa-хIа, сан хьомсарниг, лакхо-о айалахь, – элира стоммачо. – Со лаккхарчу штатехь ву... шиъ седа а белла.

Вуткъачун юьхь тIepa бос байнера, ша волччохь лацавелира, амма дукха ца Iаш цуьнан бат шуьйрачу велакъажарехь массо а aгIop дIасаяхара; хеталора, цуьнан юьхь тIepa а, бIаьргаш тIepa а суйнаш Iенаш санна. Иза ша хебира, кхи тIe а вуткъавелира, букъ сеттира... цуьнан чамданаш а, шеддаш а, гIутакхаш а хебаршка яхара, хебира... Цуьнан зудчун еха чIениг кхи тIe а яхъелира; Нафанаила, ша волччохь вула а луш, шен мундиран ерриге нуьйдарчий дIатийсира...
– Со, хьан локхалла... ЧIогIа хазахета! Бераллин доттагI, ала мегар ду... ЦIеххьана иштта воккха хьаькам а хилла! Кхи-кхи-кхиъ!
– XIa, тоьар ду!, – юьхь хабийра стоммачо. – Стенна оьшу и къамел? Вайшиъ берахь дуьйна ши доттагI ву – тIaккxa стенна оьшу даржана хьалха oxьaтeIa!
– Собардехьа... Хьо хиларна..., – велар лелхаш, кхи тIe а хебира вуткъаниг. – Хьан локхаллин къинхетаме тидам… ГIора доуьйту хи санна… XIapa верг, хьан локхалла, сан кIaнт Нафанаил ву… зуда Луиза, лютеранка, кхечу кепара...

Стомманиг дуьхьал цхьаъ ала лууш хилира, амма вуткъачун юьхь тIexь оццул сийдар, мерзалла, лераме муьсталла а гина, лаккхарчу штатан хьаькаман дог керчира. Цо, дIа а вирзина, вуткъачуьнга, цуьнан Iодикаеш, куьг кховдийра. Вуткъачо цуьнан кхо пIелг схьалецира, дерриге дегIаца цунна хьалха охьатаьIира, китайхо санна: «Хи-хи-хи» – аьлла, велар а оьккхуьйтуш. Зуда елакъежира. Нафанаила когаца чхашт дира, хурашка охьа а йожош. Уьш кхоъ тамехь инзарбевллера.

Оьрсийн маттера гочдинарг -
БУРЧАЕВ Хьаьлим

 

Последние документы из категории "Инновационная и национальная образовательная политика"

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 13056

Порталы государственных услуг