язык сайта

Мамакаев Шамсуддин к1ант 1арби вина 1918 шеран 2-чу декабрехь Лаха-Неврехь. Серноводскерчу берийн ц1ийнехь дешначул т1аьхьа 1934-чу шарахь 1арбис доьшу литературин белхалойн курсашкахь. 1936-чу шарахь чекхйоккху Грознера рабфак, 1938-чу шарахь – драматургийн курсаш. 1940-чу шерашка кхаччалц болчу Мамакаевн кхоллараллин хьалхарчу муьран коьрта башхалла лара йог1у оцу шерашкахь поэт, литературин теорин къайленашка кхийдаш, къоман фольклоран, эстетикин башхаллаш талла г1ерташ, хаддазчу лехамашкахь совваьлла, нохчийн исбаьхьаллин дешан пхьар а хилла д1ах1оьттина хилар. Цунна тоьшалла до 40-чу шераш дуьйлалуш зорбане евллачу поэтан произведенеша («Берзан бекхам», «Шуьйта», «Баркалла хьуна», «Сан нохчо, сан г1алг1а…», «Сарахь Теркан тог1ехь», «Деригге а т1амна» - стихаша, «Нохчийн лаьмнашкахь», «Дагалецамаш» - поэмаша).

Мамакаев 1арби нохчийн поэзин кхиийначарах цхьаъ ву. Къаьсттина мехала бу Мамакаев 1арбис нохчийн стих, цуьнан кепаш киорехь бина болх. Поэтан стихаш халкъо башхачу иллешка, эшаршка ерзийна, езаш т1еэцаран бахьана а дара уьш къаьсттина мукъаме а, фольклоран буха т1ехь кхоьллина а хилар. Уьш эшарийн жанрехь язъеш а яра («Аза», «Б1аьстенан 1уьйре», «Баркалла хьуна», кхиерш а). 1942-чу шарахь «халкъан мостаг1а» ц1е а тиллина, поэт лецира.

Нохчийчохь шен къиза болх беш яра Сталинан ц1уьх1арша кхоьллина уггаре а ямартчех йолу машен – нахана та1заршдаран система. Поэт революцин символашна т1ехьа а лечкъаш, шайн са духкуш, г1уллакхаш тодечарах вацара. Зуламах халкъ лардеш, шайн букъ т1ехьа а и лоьцуш, халкъан дуьхьа са д1адала кийча болчарах вара. Иза тоьуш дара та1зардаран системина, бехкевина кхайкхош дацахь а. Шеко яц поэто ша набахтехь волуш 1944-чу шарахь халкъ махках даккхаран трагеди дукха хала лайна хиларан.

Иштта халачу зерашна т1ех1оьттина поэт, 24 шо долу къона стаг, воха цо вохаро, кагцаваларо гойту, мел шеко йоцуш, онда бара цуьнан халкъах болу тешам а, безам а. 1957-чу шарахь Мамакаев 1арби шен халкъаца виначу махка ц1авоьрзу. Поэтан къоме болу безам а, Даймахкаца йолу марзо а, ткъа иштта поэтан кхиаран лакхара т1ег1а а гойту цуьнан т1аьххьарлерчу произведенеша: «Даймохк», «Кавказе маршалла», «Кавказан латта», «Даге», «Сан к1анте» иштта д1а кхечара а.

1958-чу шарахь Мамакаев 1арби кхелхира. Шен вахарах йолчу ойланийн жам1 дира цо «Даге» бохучу стихотворенехь. Иштта кхоьллина идейни-исбаьхьаллин лаккхара масал хилла лаьтта поэтан х1ора а произведени. Шеко йоцуш ду х1инцалера нохчийн поэзин царна т1ера йолалуш хилар. Дийнна «школа» лара мегар долуш бара 1арбис т1аьххьарчу шерашкахь, литконсультант волуш, шен лаамехь къоначу поэташца бина болх. Иза церан хьехархо вара, т1аьхьа царах х1орамма а билгалдоккхура иза. Мамакаев 1арби 40 шарахь бен ца ваьхна, ткъа цу ханна т1ера «лаамаза» кхоллараллино юьстах латтийна 14 шо д1адаьккхича, кхин а дика билгалдолу и вуно доккха пох1ма долуш стаг хилар.

«Эхь деца, дагахь цхьаъ,

Дуьйцуш кхин хилча…

Ц1енаниг бехдича,

Боьханиг дилча…»

Мамакаев 1арбин стихаш, иллеш, проза хилла ца 1аш, ерриг дог-ойла а, дерриг дахар а дара хьомечу халкъана д1аделла. Иза дика го вайна тахана «яьккхинчу хенах чекххьоьжуш».

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16351

Порталы государственных услуг