язык сайта

Курчалойн районехь ширачех ю Цоци-Юьртара №3 йолу юккъардешаран школа. Иза 1959-чу шарахь 4 бIе дешархочунна лерина йина яра. Цул тIаьхьа дIадаьллчу 55 шарахь юьртахь кхин школаш а схьайиллина, амма республика меттахIотторан юьххьехь юьртара бераш кхиорехь цхьа билггала меттиг дIалаьцначу 3-чу школин ламасташ цаталхар а, шир цадалар а бахьана долуш, тахана кхузахь доьшуш 846 бер ду.

Ала деза, хIора беран цхьаьна метте ши бер хаош алсамбевлла а бац хIорш, цхьа-ши шо хьалха актови зал а, химин, географин шиъ кабинет а тIеярна, таро хилла оццул бераш школехь дIатардан. Бакъдерг аьлча, актови зал галъяларна (аварийни хиларна), дIаяханчу аьхка цунна ремонт а йина, кхин шиъ – информатикин а, физикин а кабинеташ йина цунах.

Кху тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь вайнзаманан гIирсашца а, таронашца а кечйина алсам керла школаш схьаелларан тешаш долчу вайна 55 шарах мелла а шираллин бос беттало. ТIехулара муьлхха а керла школа санна, гIишлошъяран керлачу коьчалца кечйина елахь а, чоьхьа ма велла готтачу уче кхачаро шеквоккху кхуьнан хенах. Амма школин дахар девзича билгалдало, кхузахь шайн белхан Iалашо евзаш а, иза кхочушъярна оьшург дан дезарг хууш а хьехархойн коллектив хилар.

Школехь къахьоьгучу 103 белхахочух 70 хьехархо ву. Лаккхара дешар дешна, алссам белхан зеделларг долуш а, болх бен цхьа-ши шо бен хан йоцурш а бу коллективехь.

– Коьртаниг царна массарна а шаьш шайн балха тIехь карор ду, – дуьйцу школин директора Гадаева Разета, – цул тIаьхьа хала ца хуьлу цхьа билггалчу Iалашонца къахьега. 4 шо хьалха кхуза директоран балха бан сехьаяьлча, дукха тиша а, ледара а хьал хиларна, жимма бIокъажош яра со, Везан Дела соьга хIун далар ду техьа кхузахь, аьлла хетара. Бакъду цхьа бакъхьара коллектив хиларна, тхуна юкъара мотт карийра. Кху 4 шарахь оха цхьаьна бина болх бахьана долуш, тахана тхаьш а тхайн кхиамех даккхийдеш ду тхо. Ала деза, дика гIо-накъосталла хилла тхуна Ильясов Руслана куьйгалла дечу районан дешаран отделера а, хIокху шина шарахь шуна гуш долчу цIенчу хьоле кхаьчна тхо.

Шен балха тIехь къаьсттина гIо-накъосталла ийманехь кхетош-кхиоран хьехархочуьнгара Халадов Анзорера а, юьхьанцарчу классийн а, дешаран а, кхетош-кхиоран а балхехула заместительшкара Орцуева Жанетигара а, Нуцулханова Иманера а, Гадаева Амнатера а, Абдулкеримов Мохьмад-Эмигара а хуьлу шена аьлла, дийцира директора, амма суна тидаме эца лиира школин профкоман Айдаев ИбрахIиман болх.

Хууш ма-хиллара, дукхах йолчу школашкахь лазаме гIуллакх хуьлу алапин стимулирующи дакъа нисдарехь. Оцу агIор, ша белхахойн хьаштийн гIаролехь латта декхарийлахь хиларе терра а, цул сов, школин бахамехула директоран заместитель а хиларе терра, ИбрахIима дIахьо цхьа билггала болх. ХIора де билгала а доккхуш, шен тидамаш дIаязбен тептар гайтира цо суна. Цу тIехь хIора класс а, цуьнан куьйгалхо а билгалваьккхина, жамIаш дина церан белхан: смена дIаяьлча муьлхачу хьолехь ю класс – цIена, боьха, ченаш йолуш, йоцуш, къепе ю, яц. Оьрсаша олуш ма-хиллара, дIаяздинарг дагарца а ца даккхало, цундела стимулировани дакъа къасточохь цхьа а дегабаамаш ца хуьлу. Цунах дерг хаьттича, Гадаевас элира:

– Со школин куьйгалхо елахь а, оцу гIуллакхна улло а ца йоьду, бакъо цахилар сов, юьстаха хилар чIогIа атта ду. Кхиболчу белхахошна санна, сан балхе хьаьжжина, суна а къастадо стимулировани.

Школерчу белхан стаж 30 шо елахь а, 4 шо бен дац Разет хIокху школехь директоран болх беш йолу. ДIадаханчу бIешеран 85-чу шарахь Цоци-Юьртан юккъера школа чекхъяьккхина, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультете деша а яхана, ша дешначу №1 йолчу Цоцин-Юьртарчу школехь болх бан йолаелира Разет. 90-чу шарахь институт чекхъяьккхина еара иза Цоцин-Юьртарчу №2 йолчу школе оьрсийн меттан, литературин хьехархочун балха. ТIеман шерашкахь а, болх бан таро йолчу цхьана дийнахь а юкъараяьлла зама ца хилла.

Диъ шо хьалха, Разет директоран болх бан йолалуш, ерриг а школехь болх беш 2 компьютер бен яцара, хIинца 30 компьютер а ю, уьш ерриш а интернет зIенехула болх беш а ю. Электронни журналаш дарехь а зеделларг гулдина кхузарчу хьехархоша. ХIокху деношкахь кхачанан (столови) чохь дIахIоттийна довха хи хир долу яй а, куьйгаш дила аьттонаш а бина. 41 класс-комплект ю школехь, хIора а классехь 20-23 дешархо ву. Иза берашна деша а, хьехархочунна хьеха а аьтто болу гIуллакх ду, хууш ма-хиллара, классаш дукха юьзна хилча, низамна а, дешарна а таронаш ледара хуьлу. Кхушара дукха 1-ра классаш, 5 класс, хIоранна а чохь 20-25 дешархо волуш, бIе сов дешархо вовшахкхетта школехь. Ткъа ФГОС-хула доьшуш йолу и классаш, «Школы России» программехула болх беш ю. Директоро дийцарехь, массарна а тоьуш ю учебникаш а, дешаран а, методикин а коьчалш а.

– Ерриг районерчу юьхьанцарчу классийн хьехархой кхуза схьабогIуш а, царна масална йиллина урокаш яла охIла болчу тхан хьехархоша урокаш луш а, «стажерски майданахь» болх беш а бу тхан хьехархой, – дийцира Разета, – кхушара 17 класс-комплект ю тхан юьхьанцарчу декъехь, уьш шайн къаьсттинчу гIишло чохь а бу тхан. Ала деза, оцу декъан куьйгалхо йолу Орцуева Жанета башха вовшахтохархо а, зеделларг долу хьехархо а ю. Ткъа районан а «Ресурсни центрехь» болх вовшахтоьхна а, оцу белхан алсам зеделларг долуш а ву тхан Элистахь дешна волу хаамийн компьютерни технологешкахула директоран заместитель волу Абдулкаримов Мохьмад-Эми а, доцца аьлча, ша бечу белхан цхьацца похIмаллин агIо йоцург ван а вац. ХIора шарахь «Шеран хьехархо» конкурсехь дакъалоцу коллективерчу хьехархоша. Стохка оьрсийн меттан, литературин хьехархо Мидаева Кемисас дакъалецира цигахь. 2012-чу шарахь «Воспитать человека» номинацехь дакъалецира Межидова Заремас. Кхушара «Къона педагог» номинацехь дакъалаьцна Шахбиев Сайд-Хьамзата а, Вахитаева Раисас а.

Шех дика дош ала хьакъ ю къона хьехархо, шиъ лаккхара дешар дешна йолу ингалсан мотт хьоьхуш йолу Хамзатханова Яха а, информатикин хьехархо Эдисултанов Им-Iела а, физкультурин хьехархо Айдаев Анзор а, физикин хьехархо Хузаев Рустам а, иштта кхиберш а. Кхушара 16 керла хьехархо а тIеэцна оха, шайх цхьа а проблема ца еш, дика дIабуьйлабелла уьш.

Иштта похIмаллин агIор кхиамаш болуш дешархой а бу 3-чу школехь. Царах ю 10-чу «Б» классан дешархо Мусаева Хадижат. Поэзин декъехь республикин конкурсашкахь а дакъалаьцна цо. «СтелаIад» журналехь а зорбане евлла цуьнан стихаш. Спортехула школин юхькIам хилла лаьтташ ву Гаруев Хьабиб а, Баматгораев Хьамзат а, «Синмехаллаш» проектехь дакъалоцуш бу тхан 10-чу «А» классера дешархой Мусаев Дауд, Юсупов Асхьаб, Ибрагимов Бай-Iела. 10 дешархо ву тхан «Ахмат» клубан декъашхо. Цоцин-Юьртан №3 йолу юкъардешаран школа дика къахоьгуш ю вайн мехкан Куьйгалхочо билгалдаьккхина ма-хиллара, гIиллакх-оьздангаллица, исламан динца, шайн мохк а, ненан мотт а дукхабеза патриоташ кхиоран новкъахь.

Цунна тIедоьгIна, Курчалойн районан дешаран декъан говзанчас Магомадов Салама элира:

– Цкъа а хабарца кIелхьара бовла а ца гIерташ, шаьш дийриг даггара а, боккхачу кхетамца а деш схьайогIуш ю 3-чу школин коллектив. Муьлхха стаг а, коллектив а ша дечун Iалашо гуш хилар коьртаниг ду чаккхенан жамI толам болуш хиларан. Иза дика девза Гадаева Разет коьртехь йолчу оцу коллективана. Тхуна луур дара, Цоцин-Юьртара №3 йолчу школин коллектив оцу новкъара гал ца йолуш, керлачу кхиамашка кхочийла.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16702

Порталы государственных услуг