язык сайта

Хьехархо! И дош массарна а цхьа хьоме а, гергара а хета шен дахарехь дика хьехархой нисбеллачу адамашна къаьстина. Доккха дукъ ду хьехархочун белшаш т1е дуьжуш дерг. Цуьнан коьртачех 1алашо –кегийчу, берийн ц1еначу синойн беш кхиор, оцу юкъа дог1у: г1иллакх-оьздангалла, Даймахке безам хилар, 1алам 1алашдар, дуьненан массо а адамашца тарвала хаар, ненан мотт ларар. Иштта кхин а дуккха а мехала декхарш ду хьехархошна хьалха. Цундела хьехархочун болх харжале б1озза ойла ян еза, балур бу шега кегийрачарца болх я бац бохучун. Нагахь оцу хьахийначу декхаршца ша ларор велахь, ша кхиазхошна доттаг1 хилалур велахь, цаьрца къинхетаме дог а шен хир делахь, майра вала мегар ду хьехархочун новкъа. Эрна ца хилла цу новкъа ялар г1аларчу «Марем» ц1е йолчу №7-чу гимназехь физикин, математикин 1илма хьоьхуш йолчу Изнаурова Х1ижанан а.

Берийн доттаг1а ала хьакъ а долуш, догц1ена адам а, дика хьехархо а хиларна белхан накъосташа лору Х1ижан. Шен белхан некъ цуо д1аболийра 1986-чу шарахь, хьехархойн институт чекх а яьккхина ц1а йирзича, Хьалха-Март1ант1ерачу №1 йолчу ишколехь. Юкъараллин дахарехь массо а коьртачу г1уллакхийн куьйгалхо а йолуш, дика дийшира цо школехь а. Лоьрийн институте яха 1алашо х1оттийнера х1етахь Х1ижана. Астрахански институтехь д1аелира экзаменаш, амма цхьа балл т1еоьшуш а хилла, рицкъа ца хиларна, чекх ца йолуш йисира. Шарахь школехь болх бира къоначу йо1а. Ткъа 1981-чу шарахь Соьлжа-г1аларчу хьехархойн институте деша яхара, физикин-математикин факультете. Адамийн лор хила 1алашо лаьцна араяьллачу йоь1ан берийн синойн дарбанча хила дийзира еххачу ханна.

Х1ижан суна дуьххьара 34-чу ишколехь евзина, цхьаьна болх бина охашимма. Дика амал йолуш, къинхетаме адам санна гайтина цуо ша даима а. 2007-чу шарахь №7-чу гимназин куьйгалло кхайкхина, цигахь болх беш а ю таханналц. Хийллаза д1акхайкхина иза кхечу дешаран учрежденешка а. Ша д1айоьллачу меттехь болх бан лааро, берашца йолучу уьйра-марзоно а сецайо иза.

Х1ижанан болх дуккхаза а совг1аташца билгалбаьккхина гимназин администрацис а, дешаран Департаментан куьйгалло а, амма берийн безамал доккха совг1ат цхьа а х1ума ца лору хьехархочо. Х1ижана д1ахьочу урокашкахь сих-сиха нисло со: физика 1илма даим а хетта суна цхьа къайленийн туш санна. Амма, со литератор елахь а, хазахеташ йоьду цуьнан урокашка. Х1ижанан уроке кхаьчча литературин уроке кхаьчна моьттур ду цкъа хьалха. Физик-лирик эр дара ас Х1ижанах, байташ яздаран говзалла а ю цуьнан. Ткъа пианино цуочул хаза локхур бац цхьаммо а, соьга хаьттича. Кхоллараллин стаг йолу дела атта ду Х1ижанна берашца къахьега а. Цуьнан массо а урок хуьлу лекхачу т1ег1ан т1ехь. Керла юкъабевлла г1ирсаш дукха хан ю цуо шен балха юкъа озийна: компьютер, интерактивни у, ЕГЭ-на кечамбаран г1ирсаш. Халонашна къар ца ялар а, диканах дог ца диллар а – коьрта башхаллаш ю цуьнан амалехь. Со т1аьххьара хилира цуьнан ловзаран кепехь д1аяьхьначу урокехь. 1аламат самукъне, лехаме д1аяхара иза. Урокан ц1е: «Г1олехь муьлхарг ву?». Класс шина декъе йоькъу: хьекъал ира долчех иэбо хаарш меллаъ лахара дерш.

Хьалхарчу тобанан тхьамда – Ахмутханова Хабта, шолг1ачун – Исаева Залина.

Кьовсам бира задачашна т1ехь, тема йийцаре ярехь, синквейн хаза х1оттаярехь. Дерзош кроссворд х1оттийра. Оцу тайпа урокаш к1иранах шозза-кхузза а нисло. Цундела хеза сени чохь хьехархочун дуьхьала уьдучу берийн аьзнаш кест-кеста: «Х1ижан Баудиновна, вайн урок маца ю?» Цуьнан дуккха а дешархой дакъалоцуш хилла 1илманан конференцешкахь. Хийла хьалхара меттигаш а яьхна цара. ЕГЭ бераш дика д1аяларехь вайн республикехь тоьллачех специалист а ю Х1ижан. Хьехархойн болх х1унда хаьржира ахь аьлла хаьттича, Х1ижана жоп делира: «1илма 1амор а, иза хьехар а деза лерина ду бусалба динехь а, дахарехь а, цундела яьлла со цу новкъа. Я дохко а ца яьлла, мел чолхе, хала и некъ хиларх»

Хьалха-Мартант1ерачу Бауддин йо1 Х1ижан суна евзина иттех шо сов зама ю, цундела, сайна и евзаш ма-хиллара, иза дика хьехархо а, дика адам а ду, аьлла со майра тоьшалла дан яьхьар ю. Дала иштта хьехархой дебабойла вайн махкахь!

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 17712

Порталы государственных услуг