язык сайта

Ибрах1им ялх шо кхаьчна жима к1ант вара. Иза тийна, эсала бер дара, олуш ма-хиллара – «нахана ву-вац а ца хууш». Шурул к1айн юьхь а, 1аьржа б1аьрг-цкъоцкъам а, иштта 1аьржа месаш а яра цуьнан. Т1еюьйхина х1ума гуттар а ц1ена, лелар оьзда долуш бер дара иза. Шайн лулара бераш, хьерадевлча санна, уьдуш, кхиссалуш, ловзуш, леташ дохкучу хенахь Ибрах1им, юьстах а волий, леррина цаьрга а хьоьжуш, латтара. Бераш наггахь к1ант шайн ловзаршна юкъаозо хьовсура, амма Ибрах1им ца воьдура цаьрца ловза, х1ара ша волччохь 1адда латтара.

– Д1аваккхахь х1ара 1адийнарг! Цо х1ун до, г1орийна волуш санна, цхьана метта д1а а х1оьттина? – олий, бераша човхавора х1ара. Т1аккха Ибрах1им, царна гена а волий, геннара хьоьжуш 1ара. Царна юкъахь кхуьнан цхьа а доттаг1 я дуьххьалд1а уьйр йолуш к1ант а вацара. «Ма тамашийна бер ду иза! Вистхилар, велавалар, мегарг меттахвалар а дац-кх цуьнан. Иза муха ву ван а!» – олура баккхийчара а, кхуьнан къаьсттина бала кхочучу луларчу зударша а.

– Иба, х1умма а лозий хьан? Хьо ма г1ийла ву? – хоттура гуттар а кхунах къахеташ йолчу нанас. К1анта корта д1асаластабора – цуьнан маь1на «х1умма а ца лозу» бохург дара. Кхуьнгара цхьа а дош ца даьлча, х1ара 1адвуьтура баккхийчара, х1ун дийр ду цунна, иштта ву-кх иза, олий. Ткъа Ибрах1иман шен «дуьне», шен «дахар» дара. Шена дукхаеза ловзо х1уманаш д1а а х1иттош, царах ловзура иза. Цуьнан терго йийриг цецвер волуш, цхьа шатайпа дара к1ентан ловзар, цхьа а вистхилар а, шена чуьра аз далийтар а доцуш, шен ойланаш чу а воьлла. Цкъа наггахь велакъажар хаалора цуьнан юьхь т1ехь. Гонах дерг гуш а, хаалуш а ца хуьлура к1антана оцу миноташкахь. Шайн юьртахь гена д1аса иза ца волура, наггахь ураме валар бен. Цкъа жима Ибрах1им шайн кет1а ваьлла лаьттачу хенахь лулахойн кевнна йистерачу г1антахь 1ачу воккхачу стага т1екхайкхира х1ара:

– Ибрах1им, схьавоьл цкъа дадина юххе!

Ибрах1им т1евахара.

– Охьахаал х1окху метте. Э-э, дукха ваха хьо, дела1. Т1аккха, дийцал, х1ун деш ву хьо? Муха ду г1уллакх?

Ибрах1им, цуьнга д1а а хьаьжна, велакъежира. Воккха стаг кхуьнан деден ваша ву, Ваха ю цуьнан ц1е. Цунна Ибрах1им дукхавеза, цунах къахеташ, иза цхьалха ца хилийта, берашца цуьнан уьйраш тасаялийта г1ерта Ваха.

– Ибрах1им, дийцал дадина, берашца ловза вахарий хьо тахана?

Ибрах1има корта д1асаластабо – «х1ан-х1а» бохучу маь1нехь.

– Ой-н, хьо х1унда ца вахана ловза? Шун хенахь тхо-м чудерза а ца туьгура хьуна. Комарш схьаевлча, уьш юура, 1аж-кхор схьабаьлча, бошмашна т1елатара. Юха, хьаьжк1аш хилча, еттина хьаьжк1аш юура. Хьуна езий еттина хьажк1а?

Ибарах1има корта ластабо – х1инца «х1аъ» бохучу маь1нехь.

– Вистхилал хьо, хьан аз суна хазаза дуккха а хан ю.

– Х1аъ, – олу к1анта халла хезаш.

– Х1ан? Ца хеза суна, – лере куьг дуьллу воккхачу стага.

– Муха-а? Х1ун элира ахь? Ч1огг1а алал, дада къора ма ву. – Вахина дика хеза к1анта олуш дерг, амма иза Ибрах1им жимма меттахваккха г1ерта, ч1ог1а вистхилийтина а, шех б1обулуш х1ара хилийта.

– Х1аъ, еза! – олу к1анта мохь туххуш, воккхачу стага, куьг а лаьцна, лерг шена хьалха даийтича.

– Ахь х1ун до? Сел ч1ог1а мохь х1унда хьоькху ахь? Дада иштта къора а ма вац! – олий, к1ант хьовзаво цо, юха цуьнан гайх гилгаш дохучу кепара п1елгаш 1утту. К1ант, дуьхьал куьйгаш а лоьцуш, г1адвахана воьлу. Х1ара шиъ иштта ловзу. Вахас Ибрах1им маравуллу, воккхачу стеган юьхь т1ера хебарш д1асаяьржина, цуьнан б1аьргаш самукъане боьлуш бу.

– Э-х1е-х1ей, дадин бож я1! Ма дика к1ант ву иза ван. Дукхаваха хьо, дела1! Х1инца вайшиъ дадин беша г1ур ву. Ас хьуна битина цхьа хаза кхораш бу цигахь. Валол хьо, сан жиманиг.

И шиъ керта воьду.
Иштта доттаг1алла дара воккхачу стагна а, жимачу Ибрах1имна а юкъахь.

Денна а бохург санна, к1ант къамеле вохуш, цунна цхьацца самукъане х1уманаш дуьйцуш, забарш еш, цуьнца йолу уьйр ч1аг1ъеш схьавог1ура къена Ваха. Ткъа Ибрах1им де дийне мел долу а хийцалуш вара, хьалха санна ша-шена чувоьлла, цхьаьнцца уьйр йоцуш вацара иза х1инца. Нана Яхита йоккхайина а ца йолура цуьнан хийцаваларх. Ибрах1иман денана а, кхул йоккхах йолу ши йиша а х1ара кест-кеста вистхилийта г1ертара, кхуьнга цхьацца г1уллакхаш дойтуш, юха хаттарш деш, къамеле воккхуш.

Цкъа цхьана буьйсанна, хан яьллачу хенахь, ч1ог1а стигал а къекъаш, стелахаьштигаш а детташ, буьрса хьал х1оьттира кхеран юьртана гонах. Кест-кеста ткъес тухий, т1еман кемано чутоьхна ракета иккхича санна, г1овг1а йолура.

Арахь и хьал х1оьттина долчу хенахь вижинчуьра самавелира Ибрах1им, верриг а хьацаро ваша а вина. Стигал къекъа йолаелчхьана сема йолу нана кхунна т1ехьаьдира:

– Ахь х1ун до, Иба? Х1умма а оьший хьуна?

– Мама, вайн Воккха дада цомгаш хилла (иштта йоккхура кхара чохь Вахин ц1е). Иза лаьтта охьавоьжна маьнги т1ера.

– Ахь х1ун дуьйцу, сан дашониг? Хьуна муха хаьа иза? Воккха дада шен ц1ахь ма ву, цунна х1умма а ца хилла…

– Х1ан-х1а, хилла, иза халла садоь1уш ву…Со вахийта и волчу, – к1ант шен меттара охьавоьссира.
– Д1авала, хьо вохуьйтийла дац цига, арахь къаьхьа де ду. Со г1ур ю, ахь иштта бохуш хилча я дадига г1о эр ду, – нана дехьара чу яхара. Ибрах1иман да Салман сама а ваьккхина, цуьнга дийцира цо Ибрах1има шега аьлларг.

– Дера, зуда, лаа-м дац хьуна х1ара г1уллакх. Ваха тховса ша ма вара ц1ахь. Ледара вити хьуна вай иза тховса. Со хьажа воьду, цигахь х1умма а хиллий.

Салман, сихха шена т1е х1ума а юьйхина, Вахаг1аьрга вахара. Цунна ц1енкъахь 1уьллу Ваха карийра. Иза метта хьала а виллина, ц1ехьа хьаьдира Салман ц1ахьболчаьрга орцадаккха:

– Зуда, ялолахь чехка Вахаг1еран чуг1олахь! Со лоьре кхайкха воьду хьуна.

Иза т1едоладеллачу дог1анехула больнице д1ахьаьдира. Шен марнана а эцна, Вахаг1еран чуяхара Яхита, йоккхах йолчу йо1е Ибрах1име хьажа а аьлла.

Вахин саде1ар дика дацара, бос баьхьна, к1айвелла 1уьллура иза, схьахетархь цунна дагехь лазар иккхинчух тера дара. Лоьраш схьакхачале Яхитас лазар дайдеш долу молха малийра цунна. Лулара нах а кхечира орцанна цу сохьта:

– Х1ун хилла?

– Ой-н, Ваха, ахь х1ун до?

– Лоьрашка кхайкхиний?

– Салман вахана-м бохура.

Х1орш д1асахьийзачу юкъана «скори помощь» а схьакхечира. Лоьраша цу сохьта больнице д1аваьхьира Ваха, шаьш т1е ма-кхеччи цхьа маха а тоьхна.

Денаний, Яхитий ц1а еача, Ибрах1им наб кхетта вара.

– Яхита, ларвелахь и к1ант, Дала цхьа дика делла ву хьуна иза, – элира денанас, к1ент а к1ентан коьртах куьг а хьокхуш.

– Нана, цунна муха хиъна Воккха дада цомгаш хиллий? Х1окху чуьра араваьлла а ма вац иза?

– Делан къайленаш дукха ю, сан йо1, вай царна т1аьхьа кхуьур дац.

И шиъ ехха Ибрах1име хьоьжуш Ιийра. К1ант парг1ат набъеш вара.

Последние документы из категории "Инновационная и национальная образовательная политика"

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 13070

Порталы государственных услуг