язык сайта

Гермчигарчу №1, №2 йолчу школийн дешархошца рог1ерчу цхьаьнакхетаре баьхкинера Шелан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочун г1оьнча Неттиев Хож-Ахьмад, вовшахтохаран отделан куьйгалхо Исмаилова Ума, Дешаран урхаллин куьйгалхо Магомадов Абубакар, урхаллин коьрта говзанча Исраилов 1абдул-Хьамид.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Гермчигара администрацин куьйгалхо Абзатов Асламбек, №2 йолчу школан директор Яшуркаева Тамара. Дийцаре диллина дара хеназа динчу захалонех а, вайн кегийнах Шема пачхьалкхе бахарх а лаьцна. Цхьаьнакхетар д1ахьош волчу Исраилов 1абдул-Хьамида гулбеллачарна баьхкина хьеший бовза а бовзуьйтуш, Неттиев Хож-Ахьмаде дош делира.

Шен къамелехь Хож-Ахьмада дийцира: «Дала вай дуьненчу бегашийна кхоьллина дац. Х1оранга а Дала кхана т1едог1у долчу къематан дийнахь барт хоттур болуш бу. Нийса динарг а, цадинарг а къастор долуш ду. Дала Къуръана чохь боху: «Адам а, жин а кхоьллина ма дац ша шена 1ибадат дайтархьамий бен». Уггар хьалха берана хаа дезаш дерг, шен дай-наний шена деза дезаш дуй, лара дезаш дуй хаар ду. Дала боху: «Далла 1ибадат делаш, дена-нанна муьт1ахь хилалаш».

Масала, дас, я нанас вониг ма де аьлла, дов дича, дуьхьал лер-м дийца а ца оьшура, «оффай», аьлла, реза воций а ма хаийта, хьай да-нана хьайн къинхетаме болчу т1омаца д1акъовлалахь, боху Къуръано. Хьайн да-нана делла делахь, ламаз т1ехь дечу до1анца, «Везан Дела, сан дех-ненах къинхетам бехьа, жима волуш, къа а хеташ, цара со кхиаваре терра», бохуш, уьш беха безаш ду-кх вай Деле. Дас-нанас шен доьзална вониг ца хьоьху, диканиг де боху. Муьлххачу нехан вовшашца хуьлуш йолу хьаг1, ден, ненан шен доьзалца хир яц. Да-нана санна хьох къахеташ дуьнен т1ехь цхьа а стаг хир вац, цхьа Аллах1 воцург.

Вай и х1унда дуьйцуш ду? Вайна юкъахь хуьлуш долу хеназа захалонаш массарна а хууш ду. Цунах пайда цабаларна, иза зиене хиларна, иза нийса цахиларна т1е вайн республикин Куьйгалхочо тидам а бахийтина, вайн махкахь беш болх бу. Хьалхе маре доьлхуш долу зудабераш 9-11-г1а классашкара хуьлу. Царех дукхахболчеран захалонаш духу, уьш д1асакъаьста, х1унда аьлча кегийчеран марехь лело деза г1иллаккхаш-г1уллакхаш цахилар бахьана долуш. Т1аккха йоь1ан «маре а яхана, ц1а еана ю» аьлла ц1е хуьлу. Цундела хаадезарг цхьаъ ду, зудабер делахь а, к1ант велахь а, школехь 11 класс чекх а яьккхина бен маре яхан а, зуда ялон а бакъо цахилар а, яхча, а ялийча могуьйтург цахилар а. Иза вайн 1едало боху. Ткъа шар1о х1ун боху? Хьекъалехь, хьуо ваха а, лела а лур волчу хенахь де боху захало. Шена рицкъ даккха аьтто а болуш, т1еюха а, кога юха а эца йиш а йолуш волчу хенахь зуда ялор дика ду боху шар1о.

Бусалбанаш ду вай, делахь а бусалбанаш дукха бу, ткъа вай нохчий ду. Нохчий ша кепара хаза г1иллакхаш долуш къам ду. Къематан дийнахь мизана-терза хир ду боху. Цу т1ехь ши кад хир бу бах. Цхьана кедачу диканиш а дохкуш, вукха кеда чу вониш а дохкуш узур ду и терза, муьлхарниш совдолу хьовсуш. Диканиш сов далахь, хьо ялсамане вохуьйтур ву, вониш сов довлахь, жоьжаг1ате вохуьйтур ву. Вайн Пайхамара /1.С.В./ боху: «Оцу мизана-терзан т1ехь диканиш чохь долчу кедахь кхин еза а йолуш 1амал хир ма яц, ахь лелийначу хазачу г1иллакхал а». Цундела вайна хаа деза, жима волуш дуьйна г1иллакх лело дезий.

Кхин цхьа тема а ю вай тахана йийцаре йиллина. Шема-пачхьалкхе вайн кегийраш т1ам т1е эхарх лаьцна. Цигахь болчу т1амехь къуьйсург 1едал ду. Вайн к1оштахь а хилла цига баха ойланаш йолуш кегийнах. Галбевлла баханарш а бу. Вайна хаа дезарг х1ун ду? Вайн Пайхамара аьлла: «Ши бусалба стаг летча – вийнарг а, велларг а – ший а жоьжаг1ате воьду». Т1аккха цхьамма хаьттина: «Х1ай дела Элча /1.С.В./, х1ара стаг вийнарг-м жоьжаг1ате водара. Велларг х1унда воьду?». «Иза а вара шен кадаьлча и вуьйр волуш». Шема вахар-м х1унда дуьйцу, аьттехьа а вай бала хила безаш меттиг яц иза. Харц наха цигахь дерг г1азот ду бохуш дийца тарло, и бакъ дац. Вайгахь дерг вешан до1а дар ду, т1ом д1абаккхар доьхуш. Цига ваханчунна хин болу дика болх х1ун бу? Я вуьйр ву и цигахь, ца леш ц1а ваг1ахь – 1едало чувуллур ву, лаххара а 10-15 шарна. Шен дений-нанний, гергарчарний сингаттам бу-кх иза. Цундела, варийлаш, гал ма довлалаш. Шари1ато 15 шо кхаьчча /бусалба ларарца 14 шой ах шой/ жимстаг /совершеннолетний/ шех жоп дала дезаш лоруш ву. Цундела шаьш 1еха ма дайта. Жоп дала дезар ду шун.

Кхид1а Хожа-Ахьмада зудаберашка дехар а деш, хьехам бира. Доккха йовлакх а, еха коч а лела яхьара аш, оьзда лелахьара шу, бохуш.

Цул т1ехьа Исмаилова Умас шен къамелехь билгалдаьккхира зударий битар вайн республикехь ч1ог1а даьржина хилар.

– Цуьнан бахьанех коьртачарех дерг, зудабераш хьалхе маре эхар ду,– элира цо. – Хьалха пхийттара яьлла йо1 чохь-кертахь, арахь лелон дезарг хууш хуьлура. Х1инцалерчу зудаберашна марзхошца лело деза г1иллакхаш а ца хаьа, цу т1оьхула девнаш хуьлу керла кхоьллинчу доьзалехь. Ткъа к1ентарий, цхьанхьа а балхахь а боцуш шайна а, шай х1усамнанна а рицкъ латто аьтто боцуш хуьлу, дех-ненах тешна, – и шозлаг1а бахьана ду. Цундела дехар ду массаьрга а, дешар школехь чекх а даккхий, лакхарчу, я цхьа корматалла 1амочу заведене деша а г1ой, балха а г1ой, кхоллахьара аш доьзал. Китай г1ой а, 1илма 1амаде, – аьлла ду. Цундела тахана шун коьрта 1алашо дика дешар ю.

Дешаран урхаллин куьйгалхочо Магомадов Абубакара шен лазам берг дийцира – лакхарчу классийн дешархойн школе эхар /посещаемость/ ч1ог1а ледара хилар. «Х1ора шарахь ЕГЭ-н – низам а, чолхалла а ч1аг1луш ду, – бохура цо, – ткъа аш урокаш юкъах йитича, цхьайолу теманаш ца хууш юьсур ю, экзаменехь иза шуна бале дер ду. Т1ерачу духарна а т1е тидам бахийта беза, къаьсттина зудабераша».

Цхьаьнакхетар дерзош, Исраилов 1абдул-Хьамида довзийтира 11 класс яккхазчу кхиазхошна ялор-яхарх хаа дезарш. Масала, 17 шо кхаьчнехь а, школа яьккхина аттестат дацахь, школа яьккхинехь а, 17 шо кхаьчна дацахь а, доьзал кхолла мегарг цахилар а, иштта кхидерш а. Иза дешархошна кхета а беш, д1адийцира.

«Доггах вилхинчунна б1аьргех ц1ий деана олу вайнаха. Цундела х1ара дийца дезаш ду, дийцинарг массеран а доьзалшка д1акхачо дезаш а ду», – бохура цо.
Бераша хаттаршна жоьпаш а луш, вовшахкхетар дерзийра.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16351

Порталы государственных услуг