язык сайта

Нохчийн литература шен дуьххьарлера кхиамаш баха йолаеллачу муьрехь къегира Бадуев Са1идан пох1маллин седа. Шен доццачу дахарехь яздархочо язйинчу произведенийн чулацам шуьйра бу, керла ду церан маь1на а.

Цуьнан произведенеш, цуьнан заманахь хиллачу яздархойн Нажаев Ахьмадан, Айсханов Шамсудддин, Дудаев 1абдин произведенех къастош дерг шатайпа башхалаш ю: лаккхара исбаьхьаллин чулацам, хенан коьртачу декхаршна жоп луш хилар, гуманизман синхаамаш хилар.

Шуьйра ю Бадуев Са1идан кхоллараллин диапазон: поэзи, проза, драматурги, публицистика. Церан чулацамо тоьшалла до яздархочунна шен хаьлкъан дахарна хьалха лаьтташ долу коьрта декхарш дика гуш хилар. Коьртачу декъана керлачу дахарехь даха дезачу адман философи а, психологи а толлу яздархочо…

Кхоллараллин болх ХХ-чу б1ешаран 20-чу шерашкахь болийна цо. Са1идан шен произведенеш язйо мур къоман кхолламехь шатайпа зама яра. Цундела тамашийна дац цуьнан турпалхой шатайпа амалш йолуш хилар. Ша шен деган б1аьрхишца кхоьллинчу произведенешца дешархойн баьрхиш даха ницкъ кхочург вара, «халкъан мостаг1» аьлла ц1е а тиллина х1аллаквинарг.

Нохчийн литературехь дуьххьарлера повесть ларалуш йолу «Мацалла» язйина, декъазчу нохчочун Т1елиб бала, г1айг1а, цунна гатделла дуьне гайтинарг вара Са1ид. «Мацалла» повестан турпалхо Т1елиб б1аьрзе ву. Граждански т1амехь йинчу чевно б1аьрзвина Т1елиб шена а, шен х1усамнанна Х1ижанна а хене довла напха ву, дечиг-пондар а лоькхуш. Меца деанчу 1ано, шайн дог1мийн бен ойла ца йойтуш гатте хьовзийна адамаш ч1ог1а г1елделлачу муьрехь Т1елибна тешнабехк бо Хизира: кхуьнан уггаре а г1аддайначу хенахь мацаха т1аме воьдуш шегара Т1елиба яьхьначу тоьпана, патармашна а дуьхьал цхьаъ бен йоцу говр д1аюгу.

Са1ид къахетар, къинхетам х1ун ю хууш яздархо хилар го цуьнан х1ора а произведенехь. Къинхетам а кхиабора цо дешархойн дегнашкахь, церан синош ц1андеш («1имран», «Г1у», «Пет1амат»), ямартло, тешнабехк емалбарца цхьаьна Са1ида лакхавоккхура са а, ойла а ц1ена йолу стаг. Цо яздеш дерг нохчийн къоман хиллачу дахарх, цуьнан социальни аг1онех дуьйцуш хуьлура.

Цуьнан дуьххьарлерчу произведенийн турпалхой нохчийн халкъан векалш бара. 1990-чу шарахь нохчийн литератерехь дуьххьарлера йолу ц1е йоцу роман язйо цо. Цул т1аьхьа арайолу бакъдолчунна т1ехь кхоьллина «Ц1ен г1ап» боху турпаллин драма. Оцу пьесехь ша дешан воккха говзанча хилар гойту Бадуевс. Дуккха а къаьмнех болу турпалхой, интернациональни тоба а хилла, революцигахьа къуьйсуш гойту сценехь. Царна юкъахь бара: нохчий, оьрсий, украинцаш, х1ирий, эрмалой. Къаьмнийн башхалла ца хоьржу цара. Церан 1алашо цхьаъ яра – керла дахар д1ах1оттар.

Бадуев цу хенахь, ерриге а Советски Союзехь ма-хиллара, политикина юьстах латта йиш йолуш вацара. Нагахь санна язйина произведени зорбане яла лууш велахь, и большевикийн идеалогица йог1уш хила езара. Д1ах1уттуш а, ч1аг1луш а долу 1едал а, цуьнан политика а хесто езара. Иштачарах яра цу хенахь цо язйина «Керла адамаш», «Трактархо Жунид» ц1ераш йолу очеркаш.

30-чу шерашкахь махкахь сихачу боларца д1адоьдуш дара индустриализаци яр. Нохчийчохь а йохкуш яра заводаш, фабрикаш. Кхоллалуш яра белхалойн класс. И тема шуьйра гойту Бадуевс шен поэзехь. Социализмо толам боккхург хиларх тешна вара иза. Оцу шерашкахь цо язйинчу поэтически произведенешна юкъахь тоьлашха ерг лоруш ю «Партизанаш» ц1е йолу поэма. Йоккхачу говзаллица х1оттийна цо Бердан а, Бексолтан а сурт-сибат.

30-чу шерашкахь Бадуевс арахийцира къоъ поэтически сборник. Берриге а кхоллараллин некъ 10 шо герга хилира Са1идан. Цу хенахь дуккха а пьесаш, повесташ, дийцарш, стихаш, поэмаш, цхьа роман язйира цо.

Ала деза, Бадуевс нохчийн театр кхоллаяларехь а доккха дакъа лаьцна хилар. 1937-чу шарахь хедира яздархочун дахаран а, кхоллараллин а некъ.

Цу хенахь махкахь пачхьалкхан террор яра д1ахьош. Пачхьалкхан политикан коьртехь бара къиза нах. Махкахь тоьллачу нахана та1зар дан долийра х1етахь, эзарнаш адамаш х1аллакдира Нохчийчоьхь а. Царна юкъахь нисвелира Бадуев а. Бехк-гуьнахь доцуш чувоьллина, т1епаза вайира иза.

Амма вайн литература езачеран дагахь даима лоруш а, сийдеш а хир ву нохчийн литературан бухбиллархо волу Бадуев Са1ид. Цуьнан произведенеш вайн къоман классика а хилла йисина т1ейог1учу т1аьхьенна а.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16524

Порталы государственных услуг