язык сайта

Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина берийн кхоллараллин фестиваль дIаяьхьира ТIехьа-Мартан к1оштан Культуран цIа чохь.

Фестивалан Iалашонашна юкъахь дара тIекхуьучу тIаьхьенна нохчийн къоман синмехаллаш йовзийтар, Даймахке безам-ларам кхиор, кегийрхошна а, берашна а юкъахь социальни жоьпалла, жигаралла яржор, Ахьмад-Хьаьжех болу сирла дагалецамаш ларбар, берийн кхоллараллин хьуьнарш гучудахар.

Фестивалехь дакъалоцуш бара, тайп-тайпанчу конкурсашкахь, гайтамашкахь шайгара кхоллараллин хьуьнарш гайтина, 7 шарера 11 шаре кхаччалц хенаш йолуш болу школийн дешархой. Фестивалан программи юкъадогIуш дара Ахьмад-Хьаьжина лерина иллеш, байташ, суьрташ.

Жюрин декъашхошна юкъахь вара Нохчийн Республикан кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Дааев Хожа-Баудди, ТIехьа-Мартан к1оштан депутатийн советан председатель Ахмедов У., ТIехьа-Мартан к1оштан дешаран отделан хьаькам Бедригов Бадрудди, Нохчийн Республикан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон доьзалан политикин а, бералла социальни лардаран а отделан куьйгалхо Насугаева Айшат.

«Фестиваль Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентана лерина хилар ларамаза дац. Кегийрхошна а, берашна а Даймохк безаран а, шен халкъан дуьхьа къахьегаран а коьрта масал хилла волу Ахьмад-Хьаьжа даима дагахь хилийта а, сий долу къонахий муха хила беза хаийта а лууш вовшахтоьхнера оха хIара берийн кхоллараллин фестиваль. Баккъала а, шех масал эца хьакъ волу стаг вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Вайн халкъ машаре а, паргIатоне а кхачийна цо, иза дицдан вайн йиш яц», – элира Насугаева Айшатас.

ХIора а номинацехь совгIатан меттигаш билгалъехира.

Байташ ешаран номинацехь хьалхара меттиг яьккхира «Ахьмад-Хьаьжа» байт ешначу Индербиев Мохьмада, шолгIа меттиг – «Машаран къонах» байт ешначу Баталов Сули-Суфьяна, кхоалгIа меттиг – «Сийлахь цIе» байт ешначу Газалиева ПетIамата.

Иллеш аларехь Маашева Имана – хьалхара, Мадаева Мадинас – шолгIа, Амерханова Хадижата кхоалгIа меттигаш ехира.

Уггаре хаза Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сурт диллинарг Сайдулаев Апти вара.

Толамхошна а, дакъалацархошна а грамоташ а, мехала совгIаташ а делира.

Нохчийчоьнан ерриге к1ошташкахь дIахьур ю цу тайпа фестивалаш. Цигахь хьалхара меттигаш яьхначара дакъалоцур ду 23-чу августехь Нохчийн Республикан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь дIахьон йолчу республикан фестивалехь.

ТIамо хIаллакдешхилла долу вайн къам Кадыров Ахьмад-Хьаьжас машаре кхачор вайна цкъа а дицлур дац. Ткъа цу тайпа мероприятеш хIора шарахь а вовшахтухуш хилча, тIаьхьенийн тIаьхьенашна а вевзар ву вайн къоман турпалхо, цуьнан сий а дийр ду, дагахь а латтор ву.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16508

Порталы государственных услуг