язык сайта

Суна вевзаш вара Грозненски к1оштарчу Пролетарски юьртан барх1шеран школан нохчийн меттан хьехархо Гайрбеков Джамалди. Ч1ог1а оьзда стаг вара иза.

Ша пенсехь воллушехь къахьоьгура цо берашна хаарш даларехь а, уьш кхетош кхиорехь а. Балхахь урокаш чекхъевлча а ц1а ваха сиха вацара Джамалди. Ледаро доьшурш буха совца бой, цаьрца д1ахьора занятеш. Цо таро лора кегийчеран хаарш лакхадаха.

Пролетарски юьртан бахархоша ч1ог1а лоруш вара 60 шеран дохаллехь берашна хьоьхуш къахьегна стаг. Къона чкъор кхетош-кхиорехь лаккхара кхиамаш бахарна 1960-чу шарахь «РСФСР-н халкъан дешаран отличник», 1985-чу шарахь «СССР-н дешаран отличник» – аьлла сийлаллин знакаш елла цунна.

Шуьйтан к1оштахь д1аболийнера Гайрбеков Джамалдис атта боцу хьехархочун болх. 1940-чу шарахь Ц1ечу эскаре вигира иза. Львов г1алахь д1анисйинчу 127-чу дивизин 411-чу дивизионехь г1уллакх деш волчу цо сихха караерзийра яккхий тоьпаш кхийсаран говзалла. Джамалди эскарехь волуш д1аболабелира фашистски Германица хилла инзаре боккха т1ом. Немцойн танкашна йоккха топ нийса кхуссуш хиларна «снайпер» – аьлла ц1е яхнера вайн махкахочун. Мостаг1ашца т1ом беш къонахаллин хьуьнарш гайтарна иттех сов мидал, орден елира Гайрбеков Джамалдина.

1944-чу шарахь Днепр-хих дехьа а ваьлла, Львов, Тернополь, Кременец ц1е йолчу а, кхечу а г1аланашкахь т1емаш беш чекхваьлла Джамалди. Оцу хьуьнарна Советски Союзан Турпалхочун ц1е туьллура. Вайн махкахо а хьалхатеттинера пачхьалкхан уггаре лакхара совг1ат – «Дашо седа» балийта. Цунна тоьшалла дира декъан командир хиллачу капитана Калугин Леонида а, дивизионан старшинас Булавина а. Амма нохчий, г1алг1ай махкахбаьхна хиларна НКГБ-н упалномочис списки т1ера д1авайира Гайрбеков Джамалди.

Фашистски Германи т1ехь исторически толам боккхуш т1ом д1абирзича, эскарера мукъаваьлла, Джамалди спецпереселенец санна Казахстане д1ахьажийра.

Хьехархочун болх бира Ленинагорск-г1алахь. Вайн республика юхаметтах1оттийна, Даймахка ц1а вирзича, юха а д1аболийра хьехархочун болх.

Цо 1амийначу кегийрхошна юкъахь дукхах болу нах алсам хаарш долуш, тайп-тайпана говзаллаш йолуш, оьзда, г1иллакх, эхь-бехк долуш хьалакхиъна…

Х1инца дахарехь вац Гайрбеков Джамалди. Нахана везаш стаг вара иза.

Дала гечдойла цунна!

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16941

Порталы государственных услуг