язык сайта

Дешархойн 1амийначух долу хаарш т1еч1аг1деш-талларехь йоккха меттиг д1алоцу ц1ахь бан беллачу балхо. Ц1ахь бан луш болу болх хила тарло хьалхарчу я цул хьалхарчу хьехар-сахьташкахь 1амийнарг т1еч1аг1деш, карладоккхуш, толлуш.

Дукха хьолахь, ц1ахь бан луш болу болх-иза хьалхарчу урокехь 1амийначу коьчалан т1аьхье ю, цуьнах долу хаарш дешархошна мел карадирзина а, оцу хаарех пайдаэца дешархойн х1ораннан а йолу таро муьлхачу барамехь ю а хааран 1алашонца луш.

Цуьнан д1ах1оттаман кеп а иштта ю: хьехархочо урокехь «некъ» гойту, ткъа дешархоша ц1ахь и некъ «герзбо».

Билгалдаккха дезаш цхьа ши х1ума ду кхузахь:

1) Оцу новкъахь таса ца луш вуьсур вац дешархо, нагахь хьехархочо ц1ахь лучу белхан кеп урокехь гайтина яцахь (халахеташ делахь а, цхьаволчу хьехархочунна хан ца тоьа оцу балхан);

2) Цхьаболчу хьехархоша дукха болх ло дешархошна ц1ахь бан.

Иза дан мегар дац, х1унда аьлча дешархошна цхьанатайпа х1ума сиха к1ордадо, церан тидам г1елло, хьекъал артло.

Ц1ахь бан луш болу болх юкъарчу барамехь хила беза, коьртаниг- дукхалла йоцуш, дикалла йолуш, шегара лоьхуш долчунна оьшу жоп шеца а долуш.

Вайн 1аматаш т1ехь долу цхьадолу шардарш вуно даккхий ду, амма уьш дерриге а кхочушдайта аьлла т1едожийна х1ума дац цхьана а хьехархочунна.

Цхьа х1ума дара, дешархой тобанашка а бекъна, оцу юкъара схьахоржуш я билгалдаьхначу дешнашна т1ехь болх беш д1ахьуш хилча-м, амма иза ала ца тарло цхьадолчу шардарех. Масала: «Хандешан йог1у хан» ц1е йолу коьчал 1амош 6-чу классехь ду 30-г1а шардар, 12 предложенех болчу 12 мог1анах лаьтташ, ишттачу т1едилларца: Д1аязъе предложенеш.

Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло билгалдаьхначу хаттарша? (Ткъа уьш билгалдаьхна дан а дац).

Х1ун гойту 6-чуй, 10-чуй предложенешкарчу хандешнаша?

Кхузахь йог1учу хенан хила мега кеп гойту хандешнаш ду 6-чуй, 10-чуй предложенешкахь дерш, ткъа йисинчу предложенешкахь дерш хинйолу а, йог1учу а хенан хандешнаш ду.

Суна хета и шардар 5-чу предложени т1ера д1а чекхдаллалц кхочушдайта деза аьлла, ткъа йисинчу хенах, хьалха 1амийна хандешан хенаш карла а йохуш, пайдаэца беза аьлла.

Шолг1а масал ду 10-чу классехь предложенийн цхьанатайпанарчу меженашна, церан нийсаязъярна лерина, 20 мог1анах лаьтташ долу 80-г1а шардар. Цу т1ехь т1едиллар ду цхьанатайпанарчу предложенешна к1ел сизаш а хьокхуш, д1аязъе предложенеш. Билгалъяха яьржина цхьанатайпанара меженаш, аьлла.

Суна цхьана а хьехархочо и шардар дерриге а кхочушдайта деза аьлла ца хета дешархошка, х1унда аьлча и вай «лоьхуш дерг» шардаран хьалхарчу эхангахь долу дела. И тайпана масалш дуккха а ду дало.

Кхузахь дерг коьртачу декъана хьехархочун корматаллех а, говзаллех а доьзна ду.

Ц1ахь бинчу балхах вай дуьйцуш хилча, суна хета, цхьа а ц1ахь бина болх, ларамаза а, тидамера баьлла, талла ца толлуш, биса ца беза аьлла, х1унда аьлча оцу ц1ахь бан беллачу балхо, иза х1оразза а толлуш а, мах хадош а хилча, дешархошна т1ехь доккха жоьпалла а кхуллу, ткъа ша жоьпаллехь волчу х1уманна, дешархочо яьхье а волий, дешар т1ехь баккхий кхиамаш а боху…

Дала аьтто бойла вайн цу т1ехь!

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16878

Порталы государственных услуг