язык сайта

Хууш ма-хиллара, нохчийн къомо даима а лакхара синмехаллаш лерина иман, оьздангалла, догц1еналла, адмалла. Халахеташ делахь а, цхьана хенахь и тайпа сийлахь дерш мелла а д1атоьттуш, цхьадолчу къаьмнийн вуон амалш т1еийзош д1абуьйлабеллера вайн къомах дуккха а нах. Делахь а, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана т1е тидам а бахийтина, иманехь кхетош-кхиоран болх шуьйра а, жигара а беш бу вайн республикехь т1аьхьарчу хенахь. Оцу декъехь доккха маь1на долуш ю х1инца вайн республикин к1оштийн кегийрхошна юккъехь д1ахьош доьалг1а шо долу «Синмехаллаш» ц1е йолу кхетош-кхиорна лерина проект.

Карарчу шеран январь, февраль беттанашкахь Хьалха-Мартан к1оштан куьйгалхочун Мохчаев Супьянан омрица, Дешаран урхаллин а, культурин отделан а куьйгалло вовшахтоьхна к1оштарчу школийн лакхарчу классашкарчу дешархошна юккъехь д1аяьхьира «Синмехаллаш» ц1е йолу проект.

Проект коьртачу декъана лерина яра кегийрхошна юккъехь дайн 1адаташ, ламасташ, оьзда г1иллакхаш жигара дохуш, уьш царна марздеш, пох1малла долу кегийрхой билгалбохуш, кхетош-кхиорна.

Школашна юккъехь д1аяьхьначу проектан йиъ номинаци яра: «Шира илли я эшар», «Оьзда хелхар», «Дайн 1адатех, ламастех сурт х1оттош, миниатюра гайтар», «Забаре дийцарш» дийцар.

Школашкахь коьртачу декъана кхетош-кхиоран болх д1ахьош белахь а, дешархошна юккъехь «Синмехаллаш» д1аяхьар а ч1ог1а мехала г1уллакх хилар гойтура проектан декъашхоша. Цара говза, баккхийберца ловзайора шайга кховдийна ролаш, гойтура шайна къоман оьздангаллица доьзна х1ума мехала хетар а, и лардан лаар а.

Проектехь к1оштан массо а школан дешархоша дакъа лаьцнехь а, царна юккъехь уггаре а тоьллачу декъашхойх а, уьш кечбинчу церан хьехархойх а дош ала дог1у, аьлла хета суна. Уггаре а лакхара мах хадийра Хьалха-Марта г1алин №4 йолчу школерчу дешархойн. Уьш кечбинарг Танкаева Хьадисат яра (директор Эльжуркаев Руслан). Лаккхара мах хадийра Хьалха-Марта г1алин №1, №3 йолчу школашкарчу дешархойн а, уьш кечбинарш Батукаева Таиса а, Габзаева Табарик, Ахмадов Зайнди а дара (директорш Алдамова Зураъ, Гучигов Зураб). Иштта дика хаарца, оьзда леларца, шайн хаарийн кхелахошка лаккхара мах хадабайтира Гихт1арчу №4 йолчу школан а, Гихчуьрчу школан а дешархоша. Царна и тайпа нохчийн оьздангалла, къоман синмехаллаш марзъеш, уьш кечбинера Альтемиров Муслима а, Батукаева Зулайс а (директорш Оздамиров Аслан, Раисова Марьям).

Тоьлла хаарш долчу тобанех яра – Хьалха-Марта г1алин №5 гимназин, №6, №7 йолчу школийн, Шалажи №1 йолчу школан, Г1оййистерчу школан, Г1ойт1арчу №1, №2 йолчу школийн, Роьшни-чуьрчу №2 йолчу школийн тобанаш а.

Мел к1орггера дешар, 1илма делахь а, адамах дан х1ума дац, нагахь иза Делан фарзаш кхочуш деш а, къоман 1адаташ лардеш а, г1иллакх-оьздангалла шен сица-дег1аца йолуш а вацахь. Цундела даггара баркалла ала лаьар-кха и болх д1ахьош къахьегначарна! Ткъа и тайпа болх т1ейог1учу хенахь кегийрхошна юккъехь массара д1абахьа беза, аьлла а хета суна.

Карарчу заманахь вайн къомехь ца товш, ледара йолу амалш д1айохуш, дуьненахь а нохчийн къоман сий ойъуш, къахьоьгуш схьавог1у Нохчийн Республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цу т1ехь цунна тешаме накъостий а долуш, вайн республика массо а аг1онехь кхиош, лакхарчу т1ег1ане кхачош, къахьогур ду-кх вай а. Дала мукъалахь!!!

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16351

Порталы государственных услуг