язык сайта

Iилманца хьанала къахьегар, Далла гергахь а сийлахь ду. Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис ду-кха:

«Боккъал а 1илма хьеха я и 1илма 1амо ара волуш волчо: «ас нигатди, сай Делан дуьхьа мелана, Дала даздина, Мухьаммад пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукха дийцина 1илма хьеха (1амо) араволуш ву-кха со, сайн Дала мукъалахь», – аьлла нигатдинехь, Дала цунна 1уьйра ламазана маьждиге а вахана, пхьуьйра ламазан хан т1екхаччалц цу Делан ц1ачохь 1амалш а йина, юха шен пхьуьйра ламаз а дина, шен х1усаме вирзинчунна йоллу ял ю и 1илма хьеха (1амо) араваьллачунна».

Оццул и 1илма деза хилча, вешан дахаран х1ора а м1аьрго и 1илма 1аморан новкъахь яккха езара вай, аьлла хетало.

Вайн нохчийн къоман а бу дерриге дахар цу 1илманна д1аделла, къоначарна иттанаш шерашкахь хьоьхуш болу нах. Уьш бу: Джамалханов Зайнди, Чокаев Кати, Алироев Ибрех1им, Тимаев Ваха, Халидов Муса, Дадашев Райком, Багаев Муса, Гапуров Шахрудди, Овхадов Муса, Вагапов 1арби, Джамбеков Ша1рани, Саламова Раиса, и.д1.кх. а.

1илманчаш бацахь а, багарбина цаваллал дукха а, вуно дика а хьехархой бу вайн школашкахь а, нахала ца буьйлуш, шаьш бовзийта а ца г1ерташ, хьанала къахьоьгуш. Иштта вайн т1екхуьу къона чкъор кхетош-кхиоран, берашна 1илма 1аморан сийлахьчу г1уллакхца шен къона дахар доьзна Ахмадова 1айнаъа.

1айнаъ йина эзар исс б1е дезткъе ворх1алг1ачу шеран ноябрь беттан шолг1ачу дийнахь Науран к1оштан Фрунзенски эвлахь. Циггахь кхиъна а ю. Ерриге бералла Науран аренашкахь д1аяьлла цуьнан. 2005-чу шарахь цо чекхйоккху цхьайтта класс. Амма деша оццу шарахь ца йоьду и. Шен жимаха йолу йиша 1айшат дешна яллалц а 1ай, цхьаьна йоьду и шиъ деша. Иштта лууш да а вара, сессишка а цхьаьна лелар ю бохучу ойланца. Делахь а иштта ма-хетта ца нисделира. Цхьатерра говзаллаш ца хаьржира цаьршимма. 1айшата математика, информатика хаьржира, ткъа 1айнаъа – хими, биологи. Делан пурбанца, шаьшшинах масал эца мегар долуш, дика чекхбаьккхира шина йо1а дешаран некъ.

Тахана 1айнаъ болхбеш ю Чурт-Тог1ерачу юккъерчу школехь, 8-10 классашна химин урок хьоьхуш. Берашна и шен урок еккъа д1ехьехарца кхачо цайо 1айнаъа. Бераш кхетар долчу аг1ор, берашна т1еэца атта хир долчу кепара царна 1илманан хаарш д1акхачо г1ерта и. Шена Дала деллачу пох1мица цу берийн хьежамаш кхиош к1аргбо цо. Мел 1уьйранна урок елахь а я суьйранна т1аьххьара урок елахь а, ерриге класс хуьлу цуьнан урокехь леррина ладуг1уш. Цуьнан урок а, 1айнаъ ша а, езаш, лоруш т1еоьцу бераша.

Иштта, цу кеппара, 1айнаъ санна, берашна школашкахь хьоьхуш, 1илманца къахьоьгуш къонаниш мел бу, вайн къона т1аьхье нийсачу новкъа схьайог1уш хиларх теша мегар ду аьлла хета. Цо хаьржинчу хьехархочун сийлахьчу некъа т1ехь Дала аьтто бойла-кх цуьнан а, и санначеран массеран а.

Последние документы из категории "Инновационная и национальная образовательная политика"

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 13070

Порталы государственных услуг