язык сайта

К1езиг бац тахана вайн республикехь кхиамца а, лаамца а къахьоьгуш болу нохчийн меттан хьехархой. Церан болх, вайн ма-хаъара, атта а бац. Шайн балхана са а, дег1 а, могшалла д1а а лой белхаш беш бу хьехархой, уггаре хала хенаш йолчу хенахь, алапа данне а доцуш, ца битина белхаш х1инца а ца буьтур-кха бохуш.

Царах цхьаъ йовзийта луур дара суна – Шамаева Айза Абдулаевна, Хьалха-Марта г1алин №5 йолчу гимназин хьехархо.

Айза йина Казахстанехь, Джамбульски областехь, Меркенски к1оштан Мерке олучу юьртахь 1951-чу шарахь. Х1инца 1аш а, ехаш а Хьалха-Мартант1ехь ю. Кхузара №2 йолу школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа дешна Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан оьрсийн-вайнехан отделенехь.

Институтехь доьшуш йолуш школехь болх д1аболийра Айзас. 43 шо хьехархочун стаж ю цуьнан. Цу бехачу муьрехь массех грамота а, совг1аташ а делла цунна. Царах цхьадерш ду: «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» сийлаллин ц1е, «Нохчийн меттан денна лерина», «Нохчийн зудчун денна лерина» грамоташ. Президентан совг1атан лауреат хилла иза, б1е эзар сом ахча а луш.

«Со школехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна нохчийн маттана гуттара а т1ера яра, сан уггаре а тидам т1е боьдург вайн буьйцучу меттан хазалла яра. Шен ненан мотт ца хиъча, кхин хьенан мотт хаа, 1амо беза теша, олий хетара суна. Цхьа бахьана х1оьттина со школе яха йиш йоцуш йисча, тахана х1ун 1амийра техьа дешархоша бохуш, ойлайора юха урок т1екхаччалц. Тхан доьзалехь а, я сан-сайн доьзалехь а, хьехархойн корматалла йолуш со цхьаъ бен ца хили, ца хаьа т1аьхьа т1е бог1учара х1ун дийр ду. Суна ч1ог1а доккха дозалла ду сайн хилла болу дешархой лаккхарчу институташкахь доьшуш хилар, школашкахь белхаш беш а, «НР-н хьакъ болу хьехархой» ц1е йолуш хилар а», – дуьйцу Айзас.

Цуьнан дешархоша олимпиадашкахь а хьалхара меттигаш йоху, х1ора п1ераскана дийнахь цуьнан мовлидаш а доьшу. Айза ша дуьненчохь йоккхучу хенахь халонаш дуккха а гина ю, амма цкъа а йоха а ца йоьхна, халонаш гина нах дуккха а бу-кха бохуш.

Дукха жима йолучу хенахь дуьйна шен доьзал ша кхабар т1е доьжна цунна, т1ера доьзалан да д1а а ваьлла. Амма Айзас шен доьзал ч1ог1а оьзда а, г1иллакхе а бусалба динехь кхиийна. Воккхах волу к1ант хьаьжц1а а вахана веана ву, ша а хьажо ю иза.

«Хьо санна оьзда, г1иллакхе, хаза, нохчийн мотт буьйцуш, марзо кховдо хууш волу стаг Дала цкъа эша ма войла», – иштта шега шен классера йо1а кехат (смс-ка) яздича, школе схьа еара ша, ц1ахь 1ан дагахь йоллушехь, бохуш, дуьйцу цо.

Айзин белхан накъосташа а, директора 1аламата а, цуьнан хилла болчу дешархоша а, цуьнан белхан лакхара мах хадош, тоьшалла до Айза дешархошна езна а ца 1аш, хьехархойн коллективана а езаш хиларна. Хьехархочун уггаре дика дерг иза шен болх хаар а, и безар а ду, шен болх дика хааро бен ша лара а ца лоруьйту.

Айзас радиохь диктор болх а бина, цуьнан къамел хезча, делл ахь массо а хенахь иза елара-кх цу чохь болх беш, аьлла хетара. Дала и санна болу говза хьехархой а, хаза къамел долу нах ма эшабойла. Къамел дерзо луур дара суна Айзин шен дешнашца:

«Вайн кегийрхошка ала луур дара, нохчийн мотт-м бийца хаьара алий ца 1аш, цуьнан сий деш 1амабелаш и. Хаза буьйцучу матто бен г1иллакх, оьздангаллий ца гойту».

Последние документы из категории "Инновационная и национальная образовательная политика"

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 13070

Порталы государственных услуг