язык сайта

Цуьнан бакъйолу ц1е массарна а ца йовзара. Вайн республикехь дукхах болчу наха Сутарби олура цунах.

Нохч-Г1алг1айн АССР-н халкъан артиста Дениев 1алвис, Халидов 1абдул-Хьамидан «Бож-1ела» пьеси т1ехь х1оттийна йоцург, «Зудаялор» (Н. Гоголь), «Асланбек Шерипов» (Х. Ошаев), «Со хелхавийр ву» Соловьеван (Н. Соловьев), «Майра Кикила», кхийолчу а спектаклашкахь лаккхара актерски говзалла гойтуш ролаш ловзийра. Иштта «Къеначу шайхан мух1ар», «Карабаиран лорах», «Ламанхойн новелла» ц1ераш йолчу кинофильмашкахь дакъалаьцна цо.

Нахана ч1ог1а везаш вара иза. Цуьнан валар хилира 1985-чу шеран май беттан 25-чу дийнахь новкъахь машен а хаьрцина. 1932-чу шеран май беттан 5-чу дийнахь вина волу доккха пох1ма долу артист дахарера хьалхе д1авахар ч1ог1а халахеттера адамашна.

Суна беран хенахь дуьйна вевзаш вара Дениев 1алви. Бух1ан-юьртарчу цхьана школехь дешна охашимма. Х1етахь т1ом бара фашистски Германица. Шен дег1е хьаьжжина, салтийн жима чоа духий, коьртахь буденовка олу муьц1алг йолу куй туьллий вог1ура 1алви школе. Шен ден т1емалочун 1елин (Бериян хьадалчаша х1аллаквинера иза) безамна лелайора цо уьш.

1алвина дукхадезара хелхарш а. Цо сих-сиха самукъадоккхура дешархойн а, хьехархойн а.

Дениев 1алвин артистан пох1маллах лаьцна дийца ца г1ерта со. И тема кхоллараллин белхахошна юьту ас. Со ала г1ертарг цуьнан дикачу амалех ду, сайна иза жимчохь дуьйна вевзина хиларе терра. 1алви ц1ена дог долуш, забаре, самукъане, массеран а лерамбеш стаг вара.

Вайнах махках баьхча Казахстанан столица хиллачу Алма-Атахь дехаш дара тхо. Суьйренан школехь дийшира охашимма. Хаза аз долуш вара 1алви. Консерваторе деша ваха дагахь вара. Цхьана фабрикехь болх бира хинволчу артиста а, ас а. 1алви механически цехехь токарь вара. Иза со волчу цехе веача самукъанечу к1антаца забарш ян лууш хуьлура тхо долчура мехкарий.

Цхьана дийнахь столовехь кхача бууш тхойшинна юххехь нисъелира Валя ц1е йолу йо1. Цо 1алвина цагуш, цуьнан стаканчу туьха тесира. Шолг1ачу дийнахь суна т1е а еана хаьттира:

«Хьан доттаг1 оьг1азвахний суна?».

Ас сайгара т1етуьйхира: «Хьо юьйр ю ша бахара цо».

«Аса забар ма йинера», – йоьхнера йо1.

Т1аккха со велавелча кхийтира аса а забар еш хиларх.

Зоопаркана гена боццуш 1аш бара Дениевг1ар. 1алвин йиша Роза шена везачу к1анте маре яхча, и хаийта веанера йигначеран верас (х1етахь нохчийн мехкарий, ц1ахь цахоуьйтуш, къайлах маре боьлхуш нислора).

Нана Секент а, воккхах волу ваша 1абдул-Хьамид а ц1ахь вацара. Кегийнаш сиха а, атта девне бовлуш а хиларна, ша варан бахьана ца дуьйцуш вехха 1ийнера веанарг. Амма 1алви гена вара хьешана моьттучунна. 1алвис шозза а, кхузза а хеттарш дича, т1аьххьара а веанчо ша варан бахьана дийцина. 1алвис хаьттина:

«Хьо варий зуда ялор йолуш?»

«О-вай! И х1унда боху ахь?» – цецваьлла веанарг.

«Сан нана юьгур яцар-те ахь маре…», – 1алвис аьлча, вийлина охьавожаза виснера важа.

1957-чу шарахь юхаметтах1оттийра вайн республика. Хьалхарчу рог1ехь Даймахка ц1абирзира искусствехь пох1ма долу къонаниш. Цаьрца вара Дениев 1алви а. Тхан доьзалш ц1а цабохкуьйтуш бухабисинчех бара. 1960-чу шарахь 1алвин воккхах волчу вашас 1абдул-Хьамида бакъо йоцуш пассажирски ц1ерпошта ховшийра тхо, вокзалан начальникца барт бина. Ч1ог1а комаьрша волчу цуьнан доттаг1ий бара Алма-Атара дуккха а хьаькамаш.

Ц1а кхоччушехь берахь дуьйна дукхаезачу нохчийн театран г1ишло йолчу вахара со. Цунна хьалхе лаьтташ оьрсийн къомах стаггий, зудий дара, цаьрца къамел деш сан доттаг1 1алви волуш. Уьш хиллера Лермонтовн ц1арахчу оьрсийн драматически театран артисташ. Цаьрга хьошалг1а вахар т1едожийра суна 1алвис. И шиъ ч1ог1а резахилира со шайга вига. Нохчийн театран артисташ гастролашка баха кечлуш хиларна доттаг1чуьнца къамел дар к1езиг хилира сан. Оьрсийн театрехь Василий Ивановича коьрта ролаш ловзош хиллера. Суна дукха сурташ гайтира цо. Хьайца накъост валош тхан театре вола, цкъа а билет ма эца, со хаьттича чувуьтур ву хьо, бохура цо, со Сутарбин доттаг1 хиларна лерамбеш.

Белхаш цхьаьнабеш ца хиларна, вовшийн гар 1алвица т1аьхь-т1аьхьа к1еззиг хуьлура сан. Наггахь со театре веача, шен коллегашка «искусство езархо» ву х1ара, олура 1алвис хазахетарца. Т1ехьаьжча ч1ог1а самукъане волу 1алви дагана к1еда, адамех ч1ог1а къахеташ вара.

«Совдаттий, Даудий» спектаклехь Жабалин роль ловзош волушехь, суна хала дара б1аьрхиш сецо, Совдатах къахеташ», – дуьйцура 1алвис.

Д1акхелхина дукха хан елахь а, сан б1аьргашна хьалха лаьтта гуттар велавелла, самукъане, муьлххачу а стагана г1о дан кийча, нахана везаш хилла волу вайн республикан халкъан артист Дениев 1алви.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16351

Порталы государственных услуг