язык сайта

Г1араваьлла вевзаш волчу философа Вольтера аьлла: «Поэзи – иза деган мукъам бу». Ларамза аьлла дац и дешнаш, х1унда аьлча чулацаме, дика стихотворени ша маь1на долуш хиларе терра, стаге ойла йойтуш, цуьнан дагах чекхйолуш хуьлу. Ешархо бен доцуш вуьтур вац пох1ма долуш волчу нохчийн литераторан Шайхиев 1алвадин поэзис.

Шайхиев 1алвади вина 1947-чу шарахь генарчу Г1ирг1азойн махкахь. Цуьнан дуьненчу валар вайнехан къомана уггар чолхечу муьрехь нисделла. Махках даьккхинчу нохчийн къоман дахарерчу къизачу хиламаша шатайпа т1е1аткъам бина цуьнан кхоллараллехь а, дахарехь а...

1970-чу шарахь 1алвадис чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологически факультет. 1977-чуй-1979-чуй шерашкахь цуо дешна Горькийн ц1арах йолчу Москварчу Литературни институтехь хиллачу СССР-н яздархойн Союзан лакхарчу литературни курсашкахь. 1960-чу шерашкахь дуьйна зорбане юьйлу цуьнан произведенеш. Шайхиев 1алвади автор волуш Соьлжа-г1алахь а, Москвахь араевлла цхьа мог1а поэтически гуларш: «Синхаам», «Безаман алу», «Яьссин къоналла», «Г1а-буц», «Стогаллин б1аьвнаш», и. д1. кх. а.

12-чу апрелехь 65 шо кхочу 1алвади дуьненчу ваьлла. Цуьнца доьзна х1окху деношкахь оха кхайкхина, редакцин рог1ера хьаша хилира Шайхиев 1алвади.

– 1алвади, поэзи ч1ог1а шатайпа, экаме ала мегар долуш дуьне ду. Дийцахьа, муха бара ахь поэзе вог1уш бина некъ?

– Со Г1ирг1азойн махкахь вина а, кхиъна а ву. Хьалхарчу классехь г1ирг1азойн школе а вахна со. Цигахь суна церан мотт бен хууш кхин мотт бацара. Юха луларчу г1ала тхайн гергара нах болчу д1акхелхира тхо. Цигахь оьрсийн школа яра. Ткъа сан юха а хьалхарчу классе ваха дийзира, сайна оьрсийн мотт ца хаарна.

1957-чу шеран сентябрехь тхан доьзал ц1а бирзира. Тхан юьртахь цу хенахь юьхьанцара школа яра. Х1етахь школехь долу хьехар нохчийн маттахь хиларна а кхоллабелла хир бу-кх нохчийн матте безам а. Ас дуьххьара стихотворени Ножай-юьртан школа-интернатехь 9-чу классехь доьшуш волуш язйина. «Накъост, хаалда хьуна» яра цуьнан ц1е. Х1етахь суна стихаш язъяран цхьа а бакъенаш а ца евзара, я уьш юй а ца хаьара. Шийтта мог1а бен боцуш, жима стихотворени яра и. Суна сайна а хаьара цунна юкъахь ледарлонаш юй, х1етте а и республикан «Ленинан некъ» олучу газете яхьийтира ас. Х1инца «Даймохк» ду и. Цу т1ехь зорбане а елира иза.

– Мила вара дуьххьара ахь поэзехь йоккху г1улч къобалйинарг, хьуна дуьххьара г1о динарг?

– И сайн дуьххьарлера стихотворени, хьуна бакъдерг дезахь, ас цхьаьнга а гайтина а яцара. Суна цецваллал х1ума дара «Ленинан некъ» газето зорба тоьхча. Д1ахьаьжча, ас, сайна хууш а доцуш, поэзин массо бакъо а ларъеш язйина хилла и. Юха, цхьана суьйранна тхан оцу интернате хьехархойн институтехь доьшуш болу студенташ баьхкира. Церан школехь практика хиллера. Уьш тхан чоьнаш чохь парг1атбевллера. Тхан цаьрца къамел тасаделча, хиира царна юкъахь Сатуев Хьуьсейн вуйла. Ткъа соьца доьшуш болчара элира: «Тхан а ву шуна иштта-м поэт». Тхойшиъ вевзира х1етахь.

Х1етахь луларчу Мескитарчу юьртахь школан директор Айдамиров Абузар вара. Хьусейнна лиънера цунна уллохь ша хила, практика цу школехь чекхъяккха. Цундела тхойшиъ шолг1ачу 1уьйранна цхьаьна Абузар волчу вахара. Новкъахь Хьуьсейна ешна хиллера сан и зорбатоьхна стихотворени. Ц1еххьана цуо соьга эли-кх: «Д1аешал и стихотворени юха а!» И йоккха ца хиларна, суна и дагахь хаьара, ас д1айийишира:

«Накъост, хаалда хьуна,

Ирсе ду вай деха зама.

Хьайгарчу ирсан белахь хама…», – иштта язйина ас.

Ткъа Хьусейна тидам бина хилла-кх зама, хама боху ши дош цхьатера уозар долуш ца хиларан, и ши дош цхьа терра ца декаран...

Суна нохчийн мотт башха ч1ога дика хууш ма бацара. Ишта Хьусейна кхетийра со. Дуьххьара и вара-кх суна бакъенаш 1амош а, суна г1о деш а хилларг. Хьусейн бакъ дуьнене д1аваххалц тхойшинан гергарло а ца хедира.

Т1аккха, 1963-чу шарахь, со интернатера занятешкара ц1авеъча, Нохч-Г1алг1айн яздархойн Союзера кехат кхечира соьга къоначу поэтийн кхеташоне кхойкхуш. Суна Абузар дагавеара оцу минотехь. Абузар волчу со вахча, цуо соьга дийцира и ша аьлла хилар. Абузар а веара соьца цхьаьна. Х1етахь-м сан дикка гулъеллера байташ. Абузар прозин секце, со поэзин секце декъаделлера тхо.

Нохчийн литературехь къеггина лар йитина болу нах бара цигахь – Сулаев Мохьмад а, Сулейманов Ахьмад а, Айдамиров Абузар а, кхиберш а. Поэзин секци д1ахьош Ахматова Раиса а, Мамакаев Мохьмад а дара. Мохьмад х1етахь «Орга» альманахан редактор вара.

Ас д1айийшира сайн масех стихотворени. Дуьххьара язйинарг-м ца йийшира ас, бакъдерг дийцича. Со ешна ваьлча, Сулаев Мохьмада а, Сулейманов Ахьмада а, Арсанукаев Шайхис а, иштта кхечара а дика мах хадийра церан, со цец-акъ а воккхуш. Т1аккха Мамакаев Мохьмада и стихаш соьгара схьаийцира, ша «Орга» альманахехь зорбатухур ю уьш аьлла. Иштта, шолг1а сан зорбане евлла стихаш Мамакаев Мохьмада лаккхара мах хадийна, цуо къобалйина яра. Иштта литературе вар нисделира-кх сан.

– Х1окху шарахь 68 шо кхечира вайн къам, бехк-гуьнахь доцуш, къизаллица махках даьккхина. Хьан дуьненчу валар а Даймахкана генахь нисделла, ткъа цигахь халонаш, баланаш лан а дезна. Оцу къизачу хиламаша хьан кхоллараллина а т1е1аткъам бина хир бу-кх…

– Т1е1аткъам бина дера доллучу дахарна а. Со Сибрех дуьненчу валаран а, нехан къоман берашна юкъахь д1аоьхуш хиллачу бераллин а ас даима а ойла ма йора. «Лазаман лорах» ц1е йолуш поэма ю сан вай къам махках даккхарах лаьцна язйина.

«…Аса а ма лайна

сайн халкъан 1азап, къа-бала,

Аса а 1аьвшина

логгец цуьнан къахьо», – Иштта д1айолалуш ю и.

Иза сан «Эхь-бехк» бохучу гуларна юкъахь ю.

– 1алвади, ахь оьрсийн маттахь а, нохчийн маттахь а язйо стихаш. Цу хьокъехь цхьа а тайпана халонаш-м ца хуьлу? Цхьана маттера ойла кхечу матте ерзо атта ма даций.

– Дукха хьолахь, ас оьрсийн школашкахь ма дешний. Дуьххьара сан «Синхаам» ц1е йолу поэтически гулар 1969-чу шарахь араяьллера. Нохчийн маттахь яра и. Оцу хенахь, Советан зама ма ярий и, дуьххьара хьо нохчийн маттахь язъян волавелла хилча, ткъа юха ахь оьрсийн маттахь язйича, зорба ца тухура. Айхьа хьайн гочдархо лаца везаш вара. Цхьаьнга гочъяйта езара уьш оьрсийн матте. Иштта суна бевзира Вольский Сергей а, Пальчиков Владимир а, Имбовиц Евгения а.

Соьлжа-Г1алахь а, Москвахь а зорбане евлла йолу сан поэтически гуларш цара оьрсийн матте гочйинера. Цхьа х1ума ду. Церан гочдарна суо реза вацахь, ас-айса гочйора сайн байташ. Цаьрга гойтура уьш, шаьш реза делахь, шайн ц1арца зорба а тоха олуш. Ткъа цара-м олура, хьуна гочдархо стенна оьшу, олий. Иштта оьрсийн а, нохчийн а маттахь а язъяр нисло-кх сан. Дуьххьара оьрсийн маттахь «Ирсо 1ехавича» ц1е йолу дийцар ас яздира Нажин-Юьртан к1оштан газетехь болх беш волуш.

– Муьлхачу поэтийн кхолларалла къобалйо ахь, хазахета хьуна?

– Боккъала поэт верг ас массо а къобал во-кх. Суна дукха везаш, ас лоруш поэт Мамакаев Мохьмад, Гадаев Мохьмад-Селахь, Сулейманов Ахьмад вара. Ас ч1ог1а гергарло лелийна нах бу уьш. Дала гечдойла царна массарна а.

– 1алвади, х1инцалерачу нохчийн литературехь долу хьал муха хета хьуна?

– Со оптимист ву, цундела со тешна ву нохчийн литературан сирла кхане хир ю аьлла. Амма х1инцалерачу поэзин векалш башха къеггина хаарш гойтуш бац, х1етте а нохчийн литературехь пох1ма а долуш, шайн корматалла а евзаш бу дуккха а. Царах цхьаберш халкъан яздархой а, поэташ а бу. Церан ц1ераш хьалхарчу рог1ехь йохуш а ю. Со воккхаве уьш болуш, церан кхолларалло, чу садуьллуш, денйо нохчийн литература. Амма вай бицбан ца беза «халкъан» аьлла ц1е яхна бацахь а, нохчийн литература юкъа йоккха хазна йиллина яздархой а, поэташ а. Масала, Нунуев Сайд-Хьамзат, Минкаилов Эльбрус, Ибрагимов Канта, Талхадов Хьамзат, критик Бурчаев Хьаьлим, иштта д1а дуккха а кхин а. Цара йоккха лар юьтуш ю нохчийн литературехь.

– 1алвади, баркалла хьуна х1окху къамелехь дакъа лацарна. Дала декъал войла хьо т1ейог1учу юбилейца. Нохчийн къомана а, литературана а хьанал къахьега Дала дуккха а шерашкахь могаш-маьрша латтавойла хьо.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16799

Порталы государственных услуг