язык сайта

Салатаева Разет йина 1955-чу шарахь Киргизехь, Такмак олучу г1алахь.

1973-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетехь химико-биологин факультетехь дешна а яьлла, Мескар-Эвларчу школе хьехархочун балха яхара иза. Цигахь 5 шарахь болх бинчул т1аьхьа, Аргунера №1 йолчу школе сехьаелира. 1991-чу шарахь Аргунехь дешаран отделехь (гороно) заведующин г1оьнча х1оттийра. 1997-чу шарахь дуьйна горонон коьрте а х1оттийна, 7 шарахь болх бира. 2004-чу шарахь Дешаран а, 1илманан а министерствон аппаратехь коьртачу говзанчан дарже балха дехьаяьккхира, коьрта декхарш республикера школашна инспекцеш яр а долуш. 2009-чу шарахь Аргун-г1алин дешаран Департаментан хьаькам д1ах1оттийра.

«Российски Федерацин юкъара дешаран сийлахь белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» ц1ераш а, грамоташ а, кхидолу совг1аташ а ду Салатаева Разетан.

Аргунан Департаментан юкъайог1уш 5 юккъера школа ю, цхьаъ – Диканиев Семин ц1арах йолу гимнази, 4 берийн-кегийрхойн спортивни школа, берийн кхоллараллин кхерч, берийн технически кхоллараллин кхерч, берийн-кегийрхойн туризман а, мохкбовзаран а кхерч, къоначу натуралистийн а, экологин кхерч а бу.

«Болх беш 400 хьехархо, доьшуш 6444 дешархо, цул совнаха, департаментан аппаратехь 21 белхахо а ву тхан коллективехь», – дуьйцу Салатаева Разета. – Д1абахана т1емаш бахьана долуш Аргунехь массо а школа йохийна яра, чу х1отто г1ирс, мебель, архиваш, библиотекаш х1аллакьхиллера.

2000-чу шарахь школаш тойина а евлла, болх бан йолаелча (№5 ерг керла йина ю), г1ирсан, учебникийн къелла х1оьттира. Цу кхерамечу заманчохь Моздоке а, Знаменске а оьхуш, вайн векалаллехула (представительство) уьш яха г1ерташ; цхьаьнга мебель йоьхуш, вукхара учебникаш луш, къахьоьгура хьехархоша а. Таханлерачу суьрте хьаьжча, иза цхьа ирча г1ан хета. Республикин куьйгалхо бахьана долуш тхан массо а школа оьшучу г1ирсашца, мебельца, хьехархойн алапашца 100% кхачам болуш ю. Цул совнаха, предметийн кабинеташ, компьютерийн классаш ю. Х1ора школехь интерактивни аннаш ду, Россехь и саннарг цхьаъ деъча а доккха х1ума хеташ дуьйцуш хуьлу.

Д1абаханчу ноябрь баттахь сан лаамца вовшахтоьхна леррина тоба: со, Департаментан хьаькам, г1алин къеда Мидилов Сайд-1аьлви, мэран хьалхара г1оьнча Дудаев Сайд-Хьамзат, г1алин депутатийн кхеташонан председатель Башаев Разамбек. И тоба х1ора школехула чекхъелира, дай-наной гул а беш, цаьрца къамелаш деш. Дийцаре диллинарг дара дешархойн г1иллакх-оьздангаллех лаьцна, школехь а, ц1ахь а, арахь а муха лела деза, цу т1ехь дай-наноша х1ун дакъалаца деза бохург. Коьрта 1алашо яра берийн дешарна а, г1иллакх-оьздангалла 1аморна а т1ехь тхуна, хьехархошна, дай-наношкара г1о хилийта г1ортар.

Оха цаьрга бохура: «Хьалхалера школа х1инца яц: х1етахь хьехархочо аьллачунна т1ера ваьлча мегар доций а хууш, беро аьлларг дора. Бераш вочу аг1ор хийцаделла хилар а дац иза, хийца-м делла, делахь а, шаберг церан бехк а бац. Т1ееанчу замано дуккха а хийцамаш беана вайна: телевидени, мобильни телефонаш, Интернет. Берашна баккхийчара беш болу хьехамаш совбевлла. Цуьнан а шен бахьанаш ду: т1емаш, цара еана халонаш. Шен бер ден ца дуьйш, лаза а ца деш, к1елхьарадаккхаделчхьана бохуш, дай-наноша уьш малдина, массо а х1уманах уьш лардан г1ерташ.

Хьехархочо цхьаъ де аьлча, лерган дуьхьиг д1а ца ухьуш долу бераш а ду, ахь дов дахь, я шиъ диллахь, шен берехьа г1одаккха бог1уш берш а бу. Вайна маца гинера хьалха, шен бере хьехархочо аьлларг дохаде олуш? Оцу х1уманаша хьехархочуьнга болу ларам д1абоккху. Книгаш ешар дитина – «телевизор, Интернет, чат» аьллачохь бисина. Т1аккха дешаран хаарш г1ийла хуьлу.

Со хьехархо йолу дукха хан ю, берийн амалш евза суна: цундела, ала лаьа, школехь хьехархо ца лоруш долчу, новкъахь-арахь воккханиг (вевзаш вара я вацара аьлла ца 1аш) ца лоруш долчу берах шен дена-нанна а, я махкана а хир вац дика во1 я йо1, цо уьш а лорур бац.

Оха дехар дира дай-наношка: х1инца, вайн г1уллакх таделла-меттадеанчу заманчохь, т1еман кхерам а, Дала мукъалахь, д1абаьллачура, берийн ойлаян езара аш (дай-наноша) церан г1иллакхаш, лелар, дешар тергалдан дезара аш аьлла. Дуккха а ц1ераш а йохуш, масалш а далош, бийцира оха нахе тхайн лазамаш.

Тахана школана хьалха долу коьрта декхар: дешархошна дешар нийса 1амор ду. Х1унда аьлча материал дукха ю, цунах пайдехь ерг 1амо хаар ду – цхьаъ, шолг1аниг – дешархочуьнга иза д1акхачо хаар ду. Дуккха а дай-наной, шайн бераш ч1ог1а дика лела бохуш 1аш болу, цецбевлла бара, нийса доцург даьлла аьлла, церан ц1ераш яьхча. Яа-х1умий, хьехархочуьнчул а тоьлларг т1еюха х1ума а эцчхьана, шайн декхар чекхдаьлла моьттуш берш а бара.

Тахана дуьненахь, Россехь-м муххале а, хьелаш хийцаделла: дас-берах а, к1анта, йо1а – дех-ненах жоп ца ло бохуш, 70 шарахь чудоьттинарг д1адаьлла. Цундела Россин Пачхьалкхан Думехь йийцаре юьллуш ю законан проект: беран дешаран дикалла (качество) – лакхара хиларх – вон хиларх, жоп хьехархоша лур ду, ткъа дешарх, леларх жоп дай-наноша лур ду.

Кхечу кепара аьлча, бер школе лелийта а, иза низамехь лелийта а дезарг да-нана ду, ткъа дика дешийта дезарг хьехархо ву. Г1алин къедас шен хьехамашкахь дуьйцура, берашка ламаз-марха а, кхидолу парзаш а 1амадайтар ден-ненан Дала т1едиллина декхар хилар а, иза массо а дикачу х1уманийн бух хилар а. Иман-ислам шеца долу бер кертахь а, школехь а, юьртахь а, махкахь а доккха беркат ду, иза цкъа а лелар дац харцахьа, я лело цадезарг лелош, воккхачун, хьехархочун дош дохош, бохура цо. И тайпа мероприятеш кхид1а а, кест-кеста ян барт а хилла тхан, х1унда аьлча цунах боккха пайда бер бу аьлла, тешна долу дела.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн маттахь хьехарх лаьцна олу ас. Вайна халахетахь а, лаахь а, ца лаахь а, юьхьанцарчу классашкахь ши мотт бийца безаш хуьлу вайн хьехархойн. Х1унда аьлча оьрсийн маттахь хьоьхучух, дукхахдолчух, бер ца кхета, т1аккха, гочдеш нохчийн матте а доккхуш, кхето дезаш хуьлу. «Де-юре» – аьлча, дан а долуш, «де-факто» – аьлча, дан а доцуш, оьрсийн маттахь хьоьхуш ду-кх вай.

Цундела, закон а даьккхина, нохчийн маттахь хьеха дезар т1еч1аг1дина делахьара, атта хир дар-кха. Ткъа оьрсийн мотт оьшуш а бу, ца хилча а ца болу, амма вай вешан берийн ойла ян еза, церан хаарш хьалхарчу классашкахь дуьйна дика ца хилча, дуьззина а ца хуьлу, т1аьхьа уьш т1е дуза хала а хуьлу. Т1аккха, «патриотизм» олуш долу х1ума а ма ду вайн, дицдан йиш а йоцуш, хила дезаш. Ненан мотт цуьнан коьрта дакъа ма ду. Шен мотт к1орггера хууш воцчух шен халкъана а, махкана а х1ун патриот хир ву, цунна нохчийн г1иллакхаш мичара хуур ду? Ткъа жимачохь дуьйна хьоьхуш ца хилча, иза муха 1емар бу?

Дукхахберш, тхан коллективера хьехархой, лаккхара заведенеш а яьхна, к1орггера хаарш, зеделларш а долуш белхахой бу. Т1емаш болуш а, цул хьалха а, хьехархочунна луш алапа а доцуш, я цхьаммо а ца лоруш хиллачу хенахь а, шайн болх д1а ца тосуш, балха а лелла, шайн дахар кху балхаца доьзна а, кхунна д1аделла а, шайна хастам бан йиш йолуш, дийца шортта диканиш а долуш болу хьехархой бу.

Масала: Асханова Зоя – СОШ №3 – историн хьехархо, завуч; Ахмадова Дашани – Диканиев Семин ц1арах йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Пайтаева Хадижат – СОШ №1, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Вахабов Майрбек – СОШ №3, математикин а хьехархо; Вараева Яха – СОШ №3, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо.

Спортехь а бу тхан кхиамаш, масала: боксехь Ашаханов Масхьуд, СКФОн хьалхеяккхарехь а, Ерригроссин «А» классан турнирехь а толамаш а баьхна, Россин кегийрхойн цхьаьнатоьхначу командин декъашхо ву иза.

Цуьнан ваша Ашаханов Бекхан а Ерригроссин «А» классан турнирехь а, кхечанхьа а толамаш баьхна ву.

Парг1аткепара охьатохарехь: Лалаев Салман, Тесаев Имаш, Устарханов 1умар-1ела, Сатаев Мансур.

Вайн республикехь, Россехь, дуьненаюкъарчу а турнирашкахь толамаш баьхна цара.

Баккхий кхиамаш баьхна кху шарахь №1 йолчу ДЮСШ-н спортсменаша а:

Гаунмагомедов Эльдара, Шамилов Якъуба, Бисултанов 1адлана, Яшуев Ислама, Довтукаев Сулимана.

Россин а, Европан а, дуьненан а кубкаш а, хьалхара меттигаш а йохий, д1абаханчуьра толамаш а бохьуш бог1у уьш ц1а.

Дешаран (ЕГЭ-н гайтаршца), спортан кхиамашца а, кхидолчу низамашца а, юккъерачу хьесапе диллича, тхан Урхалла республикехь хьалхара а, т1аьххьара а йоцуш, юккъехь лаьтташ ю. Амма т1едог1учу шерашкахь хьалхара меттигаш къовса дагахь ду тхо.

Вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, г1аланашна а, к1оштанашна а юкъахь къовсам хила беза, дешарца, спортаца, культурица дика гайтарш долчарна шегара совг1аташ а хир ду, тоьлларш билгал а бохур бу аьлла. Цундела, тхайгахьара оха г1алин куьйгалхо Тимербаев Ибраьх1им юьхь1аьржа х1оттор вац. Кху шарахь а Аргун-г1ала меттах1отторна т1ехь шен дукха болх боллушехь, дешаран система тидамера ца йолуьйтуш, оьшучуьнца тхуна г1о дина цо.

Сайн коллектив а, республикера массо а хьехархой а декъалбо ас т1едог1учу 2012-чу шарца. Дала ирс, аьтто ма эшабойла шун а, шун доьзалийн а! Балха т1ехь кхиамаш а хуьлийла шун!» – дерзадо шен къамел Разета.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16362

Порталы государственных услуг