язык сайта

Вай, хьехархой, цхьа ч1ог1а экаме нах ду. И х1ун ду аьлча, цхьа жимма куьйгаллехь болчара ен терго доккха х1ума хета вайна. Х1окху тайпана еш йолчу мероприятиша вай лелош долу х1ума ч1ог1а мехала дуйла хоуьйту вайна. Ас дуьйцург тхаьш Мамакаев 1аьрбин леранчу музейхь хилар а, Джамалханов Зайндин х1усамехь кхачанах тхаьш кхетар ду.

2012-чу шеран хьалхарчу маехь НР-н дешаран, 1илманан министерствон белхалочо Хьулимата сайна динчу совг1атах лаьцна ду х1ара сан яздар. Зайнди волчу даха деза аьлла сайга хаам бича, суна хьалха хаттар х1оьттира, 1-чу маехь х1унда аьлла. Делахь а, еъна схьакхаьчча дохко-м муххале а ца елира. К1еззигчу цхьана ханна дууш, молуш марзо ийцира оха. Мел дукха дийцича а к1ордор доцуш, ладийг1ира Зайндига. Цахуург билгалделира. 1илманан орамаш даржош, нохчийн халкъан барта кхолларалла шен цхьа нийсачу хорше ялийначу Зайндига ладег1ар сан доккха дозалла ду.

Ткъа 1аьрбин ков-керт?

Ма дукха х1уманаш дуьйцура дара х1ора яздархойн ц1арца дийг1инчу дитташа. Цхьа г1ийлачу тийналлехь лаьтта ц1енош, х1ора т1улг шен сил-сил йолуш.

Х1усамаш а ма яра яханчу хенан хат1, куц-кеп, амал схьагойтуш. Ойланашца со яхара цу хене хьошалг1а. Цхьа хала беана мур бара и нохчийн халкъана. Массо цу чохь хилла х1ума сайна евзаш, гергара хийтира. 1аьрбин амат сайга хьоьжуш хеталора аганан г1аж лаьцча. Ма дукха хаттарш дара суна хьалха х1уьттуш: х1унда? муха? хьан? стен? мила? муьлш?

Айхьа тида и хаттарш аьлча санна, ц1еххьана, сан ойланаш таханлерачу дийне схьаялош, 1аьрбин к1ентан Эдуардан аз хезира суна.

Шен ден весет кхочушдеш схьавог1учу к1антана сан баркалла!

Баркалла Джамалханов Зайндина а, Мамакаевн т1аьхьенна а, нохчийн меттан хазалла, г1иллакхийн, оьздангаллин хьоста лардина, т1аьхьарчу т1аьхьенга и схьакховдинчарна массарна а! Даггара баркалла!

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16508

Порталы государственных услуг