язык сайта

Кху шеран май беттан хьалхара де сан дахаран ирсечу дийнех цхьаъ хилла д1ах1оьттира. Суна дагахь а доцург хилира. Цул хьалхарчу дийнахь сайга Аюбова Маликас (Соьлжа-г1аларчу дешаран Департаментан 1илманан центран нохчийн меттан методиста) з1ене а яьлла, хьо йог1ий Лаха-Невре, Джамалханов Зайндин х1усаме, аьлча, суна боккха кхаъ хилира Хьалхарчу майхь 1уьйранна итт сахьт долуш со йиллинчу метте (НР-н дешаран а, 1илманан а министерстве) д1акхечира.

Ах сахьт далале схьагулбелира кхиболу хьехархой а. Тхо вовшахтоьхнарг яра министерствон белхало Султанова Хьулимат. Цо схьахаийтира кхочушдан леринарг: Джамалханов Зайнди 90 шо кхачарца декъалвеш, и волчу х1усмехь хилар а, Мамакаев 1аьрбин музей дахар а. Гулбелчара цхьаммо а ца лечкъадора шайн хазахетар. 1алашо Лаха-Невре а лаьцна, новкъадевлира тхо.

Дукхахболу хьехархой Зайндин студенташ хилла бара. Некъан бохалла цара Зайнди дага а лоьцуш, д1акхечира тхо.

Хьалххе дуьйна тхо дог1ий хууш 1аш хиллера Зайндиг1еран доьзал. Деза хьеший дина т1еийцира цара тхо.

Дуккха а хаттарш дара сан 1илманче дала билгалдаьхна, амма цо шен къамелехь суна хаза лууш дерг, х1умма хатта а ца оьшуш, схьадийцира. Хазчу, исбаьхьчу, ц1енчу нохчийн маттахь дуьйцура Зайндис, массо а х1уманна т1ехь кицанца я хазачу аларца масал а далош. Шен къомах, махках, ненан маттах дог лозий хаалора цо дечу къамелаца. Цкъа а к1ордор дацара цуьнга ладег1а…

Тхо д1адаха тохаделча, х1усамнана Аминат дуьхьалъелира, кхачанах ца кхеташ, дохуьйтур дац, аьлла. Шуьнехь а 1ийра тхо Зайндица къамелаш а деш, цунах дага а дуьйлуш.

Ша бакъволу нохчийн х1усамда хиларе терра, Зайнди халахеташ вара, тхо шен х1усамера д1адоьлхуш. Цо тхоьгара дош даьккхира, кестта юхадог1ур ду, аьлла. Цунна даггара баркалла аларца 1одика а йина, тхаьш дагалаьцнарг кхин д1а а кхочушдан новкъадевлира тхо.

Зайнди вехачу х1усамна генахь ца хиллера Мамакаев 1аьрбин музей. Цига д1акхаьчча, 1аьрбин к1анта Эдуарда хазахетарца т1еийцира тхо. Иза а вайн махкахь дика вевзаш поэт ву. Маршалла хаьттинчул т1аьхьа д1адоладелира музей йовзар.

Х1ора стеган дахарехь а хуьлу массарна юккъехь билгалваьккхина яздархо я поэт. Жимчохь дуьйна сан даго къобалвеш, суна дукхавезаш вара Мамакаев 1аьрби. Суна дика евза цуьнан кхолларалла, къаьсттина поэзи. Эдуарда музей йиллина аьлла сайна хезча дуьйна а яра со цига кхача лаам болуш. Цундела къаьсттина мехала дара нохчийн меттан тоьллачу хьехархошца цу дийнахь музей кхачар.

Эдуарда даггара дуьйцура массо а экспонатах лаьцна. Цуьнан х1ора дашца а хаалора лазам, дега1ийжам. Цо ца лечкъадора тхох шен б1аьргех девлла сирла, ц1ена, дех эца ца кхиъначу марзонех дуьзна б1аьрхиш. Бакъду, суна и б1аьрхиш шозлаг1а гуш дара. Школехь доьшуш йолчу хенахь сан хьехархочун Махмаев Жамалдин куьйгаллица д1аяьхьира оха Мамакаев 1аьрбина лерина литературни суьйре. Цига кхайкхина вара Мамакаев Эдуард а. Цу дийнахь дуьххьара гира суна цуьнан б1аьргех девлла хиш. Х1етахь царна бехке со йира цо, оццул жима йолчу ас «Дагалецамаш» ц1е йолу байташ театран актерашчул а дагах кхеташ, дика йийцина, аьлла. Иза-м суна томана а аьлла хир дара цо, бакъду, х1етахь со цунах тийшира.

Иштта музейн чоьнаш толлуш тхо лелаш, муха йолу а ца хууш, д1аелира хан. Малх чубуза герга баханера, амма цхьа а д1аваха лууш вацара. Эдуардан х1усамнанас Амната х1инцца дина довха ч1епалгаш а, г1алмакх чай а диллира тхуна хьалха. Х1усамнанас дегабаам бийр бара, шен кхачанан чам ца баьккхича. Цуьнан лаам а кхочушбира оха. Дукха хан яра аса иштта чомехь ч1епалгаш дааза.

Цу т1ехь тхан хазахетарш чекх ца девлира. Кхин цхьа совг1ат а дира тхуна Эдуарда. Цо тхуна массарна а 1аьрбин керла араяьлла, «Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е йолу, гулар елира. Цу т1е куьг яздеш, х1оранна а шен-шена ала довха дешнаш карийра Эдуардана. Тхайн массеран а ц1арах даггара баркалла боху ас Эдуардана а, цуьнан х1усамнанна а.

Ца девлла ц1а дахка новкъа девлира тхо. Юьртах арадовлале т1аьхьа кхаьчначу машено совцийра. Цу т1ехь хиллера Лаха-Неврера юьртда а, Мамакаев 1аьрбин ц1арах йолчу школан куьйгалхо а. Тхо даьхкина, д1адоьлхуш дуй а хиъна, т1аьхьабаьхкина хиллера уьш, тхоьга бистхила а, тхан некъ дика бан а.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16362

Порталы государственных услуг