язык сайта

(Хилларг)

Синкхетамна т1еэца хала дара, доллу къам цхьана дийнахь махках доккху бохург. Муьлхачу бахьнина я стенга дуьгу а ца дуьйцуш...

Яхин цхьайтта шо дара, цул а кегий бара вежарий – Вахий, 1елий, 1умарий. Цу йоьхначу 1уьйранна нанас ша самаяьккхича, йо1ана карладелира буьйсанна салташа шен да д1авигна сурт. Яхин да Султан эвларчу школехь хьехархо вара. Шен доьзалан дика да а вара иза. Цхьаъ бен йоцу йо1 къаьсттина хьоме яра дена. Цундела Яхас а хала лайра дех ялар. Йо1а денна ларбора шен да школера ц1а вог1уш хилла болу некъ, дог ца дуьллура. Ткъа тахна Яха а яра чукхохкарх ца юзуш, яарх ца 1ебаш йолчу харцоно 1азапе лоцуш. Цуьнан а, х1инца а мегарг мотт а 1амаза волчу 1умаран а, школе вахаза волчу 1елин а, дешаран новкъа вала г1ерташ волчу Вахин а х1ун бехк хиллера теша? Х1ун бехк бара къоман? Мел доккха зулам дан а бахьана-м каро хала ца хиллера...

Кхин мел берш санна, шен чоь юьззина болчу доьзалца новкъаелира Медент а. Берх1ийтта дийнаххьий-бусий, стенга боьду а ца хууш, бахбеллачу некъо а, мацалло а, новкъахь гучудийлинчу лазарша а адам к1елдитнера. 1умаран дагар д1а ца долуш, х1орш схьаоьху кхо де дара. Дийно-дийно к1ант к1елвуьсуш вара. Медентана хааделлера, салташа чуьра са д1адалаза а долуш хийла да ара ластош. Цунах кхоьруш, салти хьожуш чекхволучу хенахь, нанас т1е шаршо озайора 1умарна. Амма хааза ца дисира, ненан карара оззийна схьа а даьккхина, корехула ара ластийра к1ентан эг1аза дег1. Медент и сурт къайладаллалц корах еттаелира, бераш а маьхьарца шайн ненан настарех хьирчира, амма кхин дан х1умма а ца хилира.

Нанас, къаьхьа къурд а бина, шен дисина диъ бер маракъевлира. Х1орш буьгуш д1акхаьчнарг Къилбаседа Казахстанан уггаре шийла йолу Карагандински область яра. Х1орш зуьйш схьайог1уш йолу кхел, кхуза т1аьхьа а кхечира, шен къинхетам боцу т1ам а хьовзош. Адам цхьаццанхьа баракашка д1атардира. Арахь цхьаццанхьа тхевнаш а хьулдеш ло дара, д1акхоьссинчу туйнах ша а беш шело яра, чохь а кхин башха йовхо яцара. Шаьш новкъа яьккхинчух д1ац1анделла адам мацалла леш дара.

Баларш сихделлера, Медентан шолг1а к1ант а д1акхелхира. Кхин цкъа а бан бийзира Медентан къаьхьа къурд. Амма оцу доккхачу 1азапо д1алаьцна бара беригге вайнах...

Латта дан а дуй теша кхузахь аьлла хеталуш, доккха диллина долу ло, цхьа жимма хан яьлча, даша доладелира. Б1аьстенан юьхь гучуйолуш, юртабахаман аренан белхаш а буьйлабелира. 1аламций дендала доладелира адам а. Т1екхечира хьаьттара хан.

Ша хьаьтта нисъелла йоккхаеш Медент а яра. Наха д1акхийсинчуьра картолийн чкъоьргашший, татешший лахьа йой, царах юург а еш кхобуш долчу берашна, чорпа яккха к1ен буьртиг хуьлура, шена елла бепиган юьхк а ц1а йохьура Медента, берашна олий. Жим-жима гулдеш, 1аьнна бохуш д1аюьллуш ялтин кана а яра.

Т1аьххьарчу хенахь, лазарш лехьош волчу Вахин дола а деш, Яха ц1ахь 1ара. Денош цхьана эшшара д1аоьхура. Шайн дех дог а ца дуьллура бераша, х1инций-х1инций, дерриге а цхьа ирча г1ан а хилла, шаьш шайн хазчу, дег1ана а, сина а аьхна болчу махкахь самадовларе са а туьйсура. Амма и ирча г1ан кхойтта шаре дахделира, Нохчийчу ц1а а к1еззиг бирзира.

Уггаре ирча деанчу денойх дара берийн нана сарахь ц1а ца еъна де. Шина беро набаро к1ел дитталц ларйира нана. Лула-кулара чубаьхкинчара Яха кхетийра, бехкениг хьалхарчу дийнахь чуьра д1адаьхьна к1ен гали хилар. Цу т1ера д1аболабелира кхеран ишта а чолхе долчу дахаран кхин цхьа мур. Цу декъехь уггаре халаниг лазарца волу к1ант вара, ханна ша а йоккха а йоцучу, хелиг санна йолчу йоь1ах тешна вуьсуш вара иза, йоь1ан кочахь дуьсуш дара дерриг ц1ийнан дукъ а...

Наха боькъура цаьрца церан сингаттам, шаьш ца буьтура, амма шина берана нана оьшура, сингаттамо и шиъ хьаьшнера. Кхеран бала болуш болчу нехан цхьа ойла кхоллаелира: т1екхочуш йолчу суьдехь Яхас и дов шена т1елаьцча, йо1ана жима ю аьлла хан а тухур яцара, нана лазарца волчу к1антана т1е ц1а а йоуьйтур а яра аьлла. Йо1 оцу хьолана сиха реза хилира, амма нана атта берта ца ялаелира. Ненан харжам к1еззиг бара, реза хила дийзира цуьнан а.

Кхара ма леррара, нана араялийтира, амма йо1 хан ца тухуш ца йитира. Яхина кхо шо хан кхайкхийча, адам карзахделира, кхел жимма юхаелира цу т1ера. Дуьззина цхьа шой-ах шой Яхас тюрьми чохь даьккхира...

Дукха адамна хазахийтира Яха д1ахецна аьлча, дукха адам дуьхьал а деара иза охьайоьссинчу Осакаровски к1оштарчу ц1ерапоштанекъан вокзале. Царна юкьахь Яхин нана Медент а яра, шен хазахетар къовла г1ерташ, шен дахар кхола кхин х1умма а дац моьттуш... Ненан, йоь1ан дийца дукха дара некъа бохалла. Яхас юх-юха Ваха хоьттура, воккха хиллий, товеллий, суна сагатдорий, Дадин цхьа а хабар-кост дуй, бохуш? Герга мел кхечи а са карзахдаьллера йишин, шен ваша ган лууш. Медента а Вахас йишина яьхначу байтийн цхьацца мог1анаш доьшура.

Цхьана шарахь эха шарахь ша сатийсинчу наь1аре кхечира Яха. Амма х1инца дуьхьалх1оьттинчу суьрто цунна ша дерриге а дицдира. Йоь1ан шийла мохь баьлча, чу еддачу нанна гира – ах арахь а волуш, ах чохь а волуш шелвала кхиаза велахь а, чохь синна билгало йоцуш 1уьллуш волу шен т1аьххьара к1ант. Дукха гатдина долу са кхача а дина, шен йишина а, нанна а, дуьхьалвала ара текханчух тера дара Ваха…

Ненан мохь шийла бара, амма даго иза а лайра. Дег1астана ц1а а йирзира...

Яха йоккха хилча, Делан лаамца, хаза доьзал нисбелира цуьнан. Цхьаъъий бен д1а къастаза, х1инца а болуш болчу оцу доьзалехь, массара дог а оьцуш, оьзда яха а яьхна, шен хан кхаьчча д1акхелхира Медент.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 14340

Порталы государственных услуг