язык сайта

1939-чу шарахь Ц1ечу Эскаре вахара Бух1ан-Юьртара Кутузов Хьасан. 14-чу эскарна чуйог1учу 23-чу гвардейски дивизин 611-чу г1ашсалтийн полке нисвелира иза. Полкан командир вара Тихонов, политдекъехула цуьнан заместитель Никоноров.

1941-чу шеран 22-чу июнехь фашистски Германи тешанбехкаца Советски Союзана т1елетча, вайн махкахочо т1ом бира Карело-фински аг1орхьарчу эскаршна юкъахь волуш. Мурманск, Архангельск г1аланашкахь, Карелехь д1адаьхьира мостаг1ашца хилла тасадаларш.

Фашисташца чуччабахана т1емаш беш шозза дакъалецира мог1арерчу б1аьхочо Кутузов Хьасана. Оцу тасадаларшкахь къонахалла гайтарна шозза а б1аьхаллин совг1аташ дира «Ц1ечу Седанан» орденца. Цул т1аьхьа майралла гайтарна луш йолу «За отвагу» мидал елира. Уьш иттех ю цуьнан.

Нохчий майра хиларна цхьанхьа воьдуш шеца Хьасан вуьгуш хиллера командира. Т1ом болчу хенахь ч1ог1а даьржира хьуьнаре б1аьхой коммунистан партин мог1аршка д1аэцар. Церан дог-ойла г1атто юкъадаьккхина хиллачух тера ду иза. Иштта нисделира Хьасанан церан мог1аршка х1оттар. Т1амца т1елатар деш партийни билеташ штабехь дуьтуш хиллера дукхах болчара. Амма вайн махкахочо цкъа а д1а ца делла.

«Д1а х1унда ца лора ахь, партехь верг каравеъча, уггар хьалха вуьйр ма-вара немцоша?», – хаьттинера цуьнан жимах волчу вашас Вахас, Соьлжа-Г1аларчу Ацетонови заводехь бронь елла эскаре ца вуьгуш висинчу.

«Дера ца лора, дийна а волуш, мостаг1чун кара суо г1ур воцийла хууш», – жоп деллера Хьасана.

Цхьана буьйсанна гена боцуш д1анисбелла немцой болуш, шеца шортта гранаташ а эцна т1е ваханчу майрачу б1аьхочо уьш мостаг1ашна т1екхийсинера. Х1аллакбинера дуккха а фашисташ. Биснарш юхабевллера. Цо таро хилийтина вайн эскаршна хьалхахьа д1адаха.

Командирех цхьаммо Тыртычный Николайс кхаъ баьккхинера вайн махкахочуьнга:

«Ахь гайтинчу къонахаллин хьуьнаран лаккхара мах хадош, Советски Союзан Турпалхочун ц1е тилла хьалхатеттина хьо», – аьлла.

Амма Дашо седа схьа ца кхечира. Нохчийн къомах хиларан бахьана хир дара иза.

Цул т1аьхьа Советски Союзан оборонан Министерстве кехат дахьийтича, кадрийн коьртачу урхаллера генерал-майорера Лозовскийгара жоп деара:

«Хьуна Советски Союзан Турпалхочун ц1е тилларан хьокъехь тхоьга хаам ца кхаьчна».

Т1еман к1урк1манехь иккхинчу минан гераг кхетта аьтту баьрг боккхуш, чов йира Хьасанна. Масех баттахь госпиталехь 1иллира. Б1аьргана лахара даь1ахк кагйина хиларна, настарх дилха а даьккхина т1елато хьаьвсира. Цунах г1улкх ца хилира. Т1аккха пхьаьрсах даьккхина дилха т1е а летта, чов д1айирзира. Заь1апхо волуш эскарера мукъаваьккхина Кутузов Хьасан, шайн доьзал махках баьккхинчу Казахстанан столица хиллачу Алма-Ата хьажийра.

Заь1апхо вара аьлла ца 1аш, болх бира цигарчу литейно-механически заводехь. 1957-чу шарахь вайн республика юхаметта а х1оттийна ц1авирзича, къахьийгира СССР-н 50 шо кхачаран ц1арахчу Грозненски химкомбинатехь.

Цхьана дезчу денна лерина арадаьллачу «Химик» газетан аг1он т1ехь дара т1еман ветеранийн суьрташ. Церан мог1арехь вара Кутузов Хьасан а.

Х1инца дахарехь вац иза. Дала гечдойла цунна.

Бакъдолчунна т1ера ца волучу къонахчунна доьг1на ца хилла фашистски Германина т1ехь исторически Толам баккхаран деза денош ган. Амма юьртарчу наха виц ца во ша деллачу дешан вуьззина да волуш чекхваьлла волу къонах, оьзда стаг Кутузов Хьасан.

Билгалдаккха деза, Кутузов Хьасан санна, Советски Союзан Турпалхочун ц1ерш тахка хьакъ болу иттанаш вайн махкахой нохчийн къомах хиларан бахьнехь юхатеттина хилар.

Цунна тоьшалла ду Путин Владимира аьлларг:

«Кхечу къаьмнел дукха хир бара нохчий Советски Союзан Турпалхой. Царах ма-дарра дерг таллий схьало, Турпалхойн ц1ерш тохкур ю царна».

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 14340

Порталы государственных услуг