язык сайта

Да лоцуш ворх1 бутт бен бацара Дутаев Илесан. Колхозан бригадирах «халкъан мостаг1» ван х1умма а хала дацара Сталинан, Бериян хьадалчашна. Цунах хилларг кхин ца хууш, махках бехира вайнах.

Казахстанан г1амаршка кхаьчча ворх1 шо а кхачаза вара к1ант. Ненаций, йишиций висинчу цуьнан мацаллин хало лан дийзира. Амма кхин а инзаре боккха бохам беара нийсса ворх1 шо даьлча. Аварехь к1ел нисвелла, меженаш кегъеш, лазийра Илес. Ялх шарахь гипсанчохь 1иллира, кхин товалар ца хуьлуш, Даймахка ц1авирзира.

Ткъа шо стеган дахарехь уггаре а хаза хан ю. Дерриге дуьне а шен дуьхьа кхоьллича санна, сакъералуш хуьлу адам цу хенахь. Амма Дутаев Илесан юха а больницашкахула лела дийзира.

Республикан ВТЭК председатель Черкашина Антонинас магорца, ерригсоюзни здравнице Прибалтике хьажийра к1ант. Юх-юха а операцеш еш, туберкулез кхетта букъан пхи даь1ахк хадийра лоьраша, кхааннал т1ехъяьлларг дахарна кхераме йоллушехь. Цигахь ши шо ах шо даьккхина, ц1авирзира дархо.

Кьаьхьачу кхолламо доьналлех ца вохийра жима стаг. Шен дех Мохьмадах хилларг хаа лууш, кехаташ кхехьийтира тайп-тайпанчу инстанцешка. Т1аьххьара а жоп кхечира 1943 шеран 23-чу февралехь Соьлжа-Г1аларчу набахтехь иза кхелхина хилар хоуьйтуш. Шен 1ожаллех велла я Бериян салташа вийна – цунах ма-дарра бакъдерг хууш дацара. Амма цуьнан бехк ца хиларна реабилитаци йина.

Хала киртиг т1ех1оьттича, массо адамаш шен кхолламна бехке долуш санна, массарна а дарлой хуьлу цхьаволу стаг. Иштта вацара Илес. Тайп-тайпана говзаллаш караерзийра к1анта. Делахь а цунна уггаре а дукха деза г1уллакх дара кегийра скульптураш яр. Х1етахь Нохч-Г1алг1айн АССР-н культуран министр хиллачу Татаев Вахин г1оьнца а Москвана юкхерчу Васнецовн ц1арахчу Абрамовски исбаьхьаллин-промышленни училище деша вахийтира хинволу художник. Цигахь дешначу пхеа шарахь шен корматталлин лакхенашка кхечира Илес.

Калининградски областерчу Советски г1алахь яра халкъин доттаг1аллин кегийрхойн лагерь. Цигахь вовшахтоьхначу выставке яхьийтира вайн махкахочо шен оьрсийн дийцаршна т1ехь йина шахматаш. Диплом карахь ц1авирзича, шен балхана к1оргге чувулу къона скульптор.

1973-чу шарахь СССР-н художникийн Союзе д1аоьцу иза. Тайп-тайпанчу акхаройн, адамийн васташ кхуллу оцу доккха пох1ма долчу стага. Сюжеташ карайо туьйранашкахь а, тамашийначу г1енашкахь а. Делахь а, цунна къаьсттина гергара ю къоман тематика. Вайнехан баккхийчу нехан сурташ алсам гайта хьожура художник. Царах х1оранна а девзара шайн юьхь-сибаташ.

Цуьнан кхоллараллин белхан лаккхара мах хадоран тоьшалла ду цунна «Нохч-Г1алг1айн АССР-н искусствон сийлахь г1уллакххо», «Нохч-Г1алг1айчоьнан халкъан художник» аьлла сийлахь ц1ераш тахкар, «Знак Почета» орденца правительствон совг1ат дар. Дуккха а дипломаш, грамоташ елира цунна.

1982-чу шарахь вайн республикера векалш Дрездене ярмарке боьлхуш, ша бина сай баьхьира Илеса. И ч1ог1а хазахеттачу г1алин мэро шен пхьаьрсах схьа а даьккхина, кхунна совг1атна сахьт делира. Захаровн ц1арахчу исбаьхьаллин изобразительни музейхь а бара халкъан художникан скульптурни белхаш.

Дутаев Илеса г1айг1абарца Васнецовн ц1арахчу Абрамовски исбаьхаллин-промышленни училище деша вахара цуьнан к1ант Асламбек а, вайн республикера кхин а масех жима стаг а.

Шен кертахь йиллинчу пхьалг1ахь 1амабора скульптурни балхаца шовкъ йолу кегийрхой. Вайн халкъана ца оьшуш беанчу т1амо йохийра пхьалг1а.

Дахарера д1авахна доккха пох1ма долу оьзда стаг Дутаев Илес (Дала гечдойла цунна). Х1инца а шен кхоллараллин новкъахь хуьлу хан яра цуьнан.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16808

Порталы государственных услуг