язык сайта

Даймахке болу безам стеган сица хуьлуш бу. Бен а дац иза мила ву дахарехь – вевзаш волу Iилманча я ахархо, цIеяххана яздархо я гIишлошъярхо, коьртаниг ду: мел беза цунна шен Даймохк, ша цуьнан воI (йоI) хетий цунна. ХIун до цо Даймехкан дуьхьа? Шен къинхьегамца цунна пайда бохьий цо? Нагахь и дерриг иза деш велахь, цунах вуьззина патриот ала йиш ю.

Ишттачу цхьана патриотах лаьцна дийца лаьа суна. Цуьнан цIе Салтымуратов Iайнди ю. Иза Iалхан-юьртахь йолчу ТIеман а, къинхьегаман а сийлаллин музейн директор ву. Iайнди вайн республикехь вевзина хилла ца Iаш, генарчу мехкашкахь а вевзаш ву.

Ша дIаваханчохь еккъа шен музей а, цуьнан экспонаташ а йийцина ца Iа иза. Цо нохчех, церан культурех, исторех лаьцна дуьйцу – массо а кхетар волчу аттачу маттахь, амма даггара. Цундела кхуьнга леррина ладугIу академико а, рогIерачу белхалочо а, хIунда аьлча кхуо аьлла довха дош церан дагах кхета, иэсехь дуьсу.

Iайнди вина 1943-чу шарахь Нохчийчохь. Шен гергарчу нахаца махках ваьккхина, дахаран хало а лайна цо. 1959-чу шарахь Казахстанехь юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Атбасар гIалахь клубан заведующин болх бина 1айндис.

Даймахка нохчийн халкъ цIадирзинчул тIаьхьа, 1960-чу шарахь Iалхан-юьртахь клубан заведующин балха х1оьттина и. ХIетахь дуьйна тайп-тайпанчу даржашкахь культурин хьаьрмехь къахьоьгуш ву Iайнди.

Музей кхолла лууш, амма аьтто боцуш вехха лийлира иза. Ша вехачу Iалхан-юьртахь иза ян лаьара цунна, хIунда аьлча кхузахь шортта яра дIаяханчу заманахь хиллачун масалш гайта меттигаш.

Ткъа дерриг а дIадоладелира гIараваьллачу нохчийн яздархочуьнца Мамакаев Мохьмадца кхуьнан къамел хилча. Iайнди хIетахь Нохч-ГIалгIайн республикин культуран министерствехь болх беш вара. Культурин гIуллакххой, поэташ, яздархой нохч-гIалгIайн халкъан культурин денош даздан Херсоне доттагIаллин визитаца боьлхучу хенахь республикин делегацина юкъахь Iайнди а вара. Цигахь хилира кхуьнан Мамакаев Мохьмадца Iалхан-юртахь музей ярах лаьцна къамел.

ГIараваьллачу яздархочо элира кхуьнга, шайн Iалхан-юьртахь музей ян хьажа везара хьо, шун юьртахойх, церан доьналлех массарна а дIахаийта деза аьлла. Iайндис дош делира Мамакаевна, ша и музей кхуллур ю аьлла. ХIетахь дуьйна экспонаташ гулъеш, музей вовшахтоха волавелира иза.

«Тхан юрт Iалха цIе йолчу стага йиллина ю. Дуьххьара, ша цIенна бух буьллучу хенахь, цо аьлла боху:

«Хаза мехкарий, яхь йолу кIентий, дика дой ма эшадойла кху юьртахь. Амма мостагIаша кхузза ягор ю хIара», – дуьйцу Iайндис шайн юьртах лаьцна.

«Iалхас аьлларг бакъ хилла: юрт кхузза ягийна. Дуьххьара иза хилира 1785-чу шарахь, оьрсийн эскаршца веанчу инарлас Апраксина ягаяйтира иза. ШолгIа – Граждански тIом болчу хенахь, 1919-чу шарахь, инарла Деникин юьртана тIелетча. Шайн юрт ларъеш, гIевттинчу бIахойх 567 стаг велира цу тIамехь. КхозлагIа а юрт йохийра вайн заманахь, 1999-чу шеран 23-чу ноябрехь, федеральни эскарша. Цу дийнахь дохийнарг 1609 цIа дара, царах 309 дагийра. Дийна воллушехь цIергахь 13 стаг вегира, 16 стагана тоьпаш туьйхира. Цу тIамехь юьртара 311 стаг хIаллакьхилира».

Iайндина хала ду иза дийца, амма кхунна цкъа а дицлур доцуш терахьаш ду уьш. ХIокхо йина чIагIо ю: ша дIакхаьчначу мульххачу а меттигехь, Россехь я кхечу пачхьалкхехь иза делахь а, нохчех бакъдерг дийцар, царна тIехь лелийна харцо йовзийтар. И гIуллакх кхуо кхиамца кхочушдо. ДIавахханчохь хIара дика тIе а оьцу, кхуо дуьйцучуьнга леррина ла дугIу.

Нохчийн къоман бакъволу векал а хуьлий, цуьнан культура а, Iер-дахар а довзуьйтий, схьавогIу Iайнди ша дIасаваханчуьра. Ша гуттар а бохург санна лелош долу нохчийн чоа а, юкъахйихкина шаьлта а дIа ца йоккху цо муьлххачу меттиге ша кхайкхина хиларх. Ша ца боху нохчий дуьнен чохь массарел дика а, майра а, говза а бу, дуьйцу Iайндис. Ша, масалш а далош, нохчийн вад, юьхь йовзийта гIерта. ТIаккха дукхахболчеран вайх йолу дог-ойла хийцало, царна вай уллера довза лаьа. Иза хета шена ша лелош долчу гIуллакхехь коьртаниг, боху цо.

Дукха хьолахь Iайндин цхьаьнакхетарш школашкахь берашца хуьлу. Республикехь дукха школаш хир яц иза кхачаза. Дешархошца бийца мотт гуттар а карабо кхунна. ХIунда аьлча Iайндина хаьа царна хIун оьшу, церан стенах самукъадолу, царна хIун хаа лаьа. Кхуо шен берашна ден долу хьехарш до царна, довзуьйту нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ (вадаш). Нохчийн халкъан исторехь хиллачух лаьцна дуьйцу, халкъан турпалхой бовзуьйту. Цундела хIара цкъа ваханчу метте кхин цкъа а ван лууш хуьлу бераш.

Советски Союзан а, хIинца Россин а, вайн республикин а куьйгалхошца цхьаьнакхетарш а нисделла Iайндин. Цара кхунна делла совгIаташ а ду. Кхуо царна а, ша дIаваханчу мехкан а, регионан а, гIалин а куьйгалхошна а шен куьйга дина герзаш а, сувенираш а елла. Культуран белхахо а, махкахь а евзаш йолчу музейн директор хилла ца Iаш, говза аьчга-пхьар а ву Iайнди. Кхуо вуно дукха тарраш а, шаьлтанаш а йина, уьш совгIатна дIаса а елла.

1985-чу шарахь Iайндис кхоьллинчу музейна «халкъан музей» аьлла цIе тиллира. Иза кхуьнга а, кхуьнан накъосташка а ларам хилла ца Iаш, кхара дечу гIуллакхе ларам хилар дара. Ткъа цуьнан дуьхьа къахьега оьшура.

ХIинца иза Iалхан-Юьртан тIеман а, къинхьегаман а сийлаллин музей аьлла, цIе лелош ю. Цуьнан чоьнаш чохь 1625 экспонат ю, шайна юкъахь цхьаерш вуно шира а, мехала а ерш а йолуш, масала, 19-гIа бIешо долалуш хилла мажаран топ, хьалхалерчу нохчийн бахархоша чохь лелийла гIирсаш, чархаш, кхин дуккха а хIуманаш.

Вайн республикин ерриге а юкъаралло дозалла дан мегар долуш экспонаташ а ю Iайндис куьйгалла дечу музейхь – нохчийн гIараваьллачу пондарчин Димаев Iумаран а, ткъа иштта шуьйра евзаш хиллачу артисткин Айдамирова Мареман а пондарш.

Музейхь болх беш Iайндин йиъ йоI а ю. Дас шен дахарехь коьрта лерина гIуллакх кхиамца дIахьо цара, дерриге а дечунна тIехь кхуьнан накъостий а хилла.

Ша дуккха а шерашкахь бинчу балхахь бакхий кхиамаш бохуш схьавеана Iайнди. Цо хьегна къа зен ца дайна – кхунна Iедало лаккхара цIе а тиллина, «Нохчийн республикин культурин хьакъволу белхахо» аьлла, дуккха а совгIаташ а дина – мидалш а, Сийлаллин хьаьркаш а, грамоташ а.

Амма уггар а доккха совгIат, Iайндис ша ма-аллара, адамийн ша дечу гIуллакхан тергам, цуьнга ларам хилар ду. Ткъа ларам хилар гур ду, музей баьхкинчу наха хьовсархойн книгаш тIе яздинчу йозанашка хьаьжча. Уьш дерриш кхунна баркалла бохуш, шайн баккхийбер гойтуш ду.

Последние документы из категории "Инновационная и национальная образовательная политика"

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 13070

Порталы государственных услуг