язык сайта

5-чу мартехь Кемерово г1алин Художникан ц1ийнахь хилира Нохчийн республикан художникаша бинчу белхийн «Даймехкан аренаш» ц1е йолу выставка. Цигахь хьовсархошна йовзийтира Асуханов Iамандин а, Фаргиев Русланан а, кхиболчу нохчийн говзанчийн а произведенеш.

Ткъа цул т1аьхьа Кемерово г1алин культуран а, искусствон а университетехь нохчийн г1араваьллачу суртдиллархочуьнца Асуханов Iамандица кхоллараллин цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дакъалоцуш бара ВУЗан студенташ а, белхалой а.

Нохч-Г1алг1айн Республикан хьакъ волчу художника, Нохчийн Республикан халкъан художника Асуханов Iамандис 1966 шарахь чекхъяьккхина Дег1астанара А.А. Джемалан ц1арах йолу исбаьхьаллин училище. Оцу шарахь дуьйна иза болх беш ву Россин художникийн союзехь.

Кемерово г1алахь хилла йолу выставка дуьххьарлера яц цуьнан. Асуханов Iаманди ерригеросссин а, дуьненюкъарчу а суртдиллархойн выставкийн даимлера декъашхо ву. Д1адаханчу цхьанакхетарехь дийцаре диллина дара тайп-тайпана хаттарш. Уьш дара къаьсттина исбаьхьаллин кхоллараллех лаьцна.

Шуьйра чулацам болуш ю художникан кхоларалла. Духкха хьолахь цу хьовсархошна исторически хиламаш бовзуьйту – «Нохч-Г1алг1айн лаьмнашкахь партизанаш», «Ойланаш», «Юьртан жигархо», «1945 шеран б1аьсте» кхид1а а.

Амма цуьнан х1ора белхан коьрта чулацам – иза нохчийн 1ер-дахар, 1адаташ, вайн Даймехкан 1алам а ду. Карарчу хенахь суртидиллархо керлачу ойланех вуьззина ву. Лаьар-кх цуьнан х1ора лаамех беркате кхиам хуьлийла, х1унда аьлча говзанчас йина муьлхха а произведени иза д1аихначу шерийн денделла сибат санна вайца еха.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16399

Порталы государственных услуг