язык сайта

Дукха хан йоцуш Соьлжа-г1алин коьртачу библиотекехь д1адаьхьира къоначу яздархошца цхьаьнакхетар.

Цхьаьнакхетар вовшахтуьйхира Нохчийн Республикан Правительствон Кегийрхойн Комитетан г1оьнца.

Ткъа кхуьучу яздархойн, церан пох1маллин Дезчу денца, лерам бан дагалаьцнарг яра къона поэтесса Халикова Асет, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо а, лакхахь хьахийначу Комитетан жигара декъашхо а йолу.

Нохчийн къоман литература хиндерг долуш хиларх тешийра библиотекан зал къоначу пох1манчех юьзна хиларо. Иза шайн къамелашкахь билгалдаьккхира кхуза хьошалг1а кхайкхинчу нохчийн къоман поэта, «Хьехархо» газетан редакторо Цуруев Шарипа а, иштта НР-н 1илманийн Академин вице-президент волчу, физика-математическин 1илманийн доктора Дадашева Райкома а, хьехархо, поэт-илланча волчу Бетельгериев Хьуьсейна.

Цхьаьнакхетар долош дош делира Дадашев Райкомана. К1орге а, чулацаме а къамел дира цо вайн Академис болх д1аболийначу «Къоман синмехаллаш» ц1е йолчу проектах лаьцна. Ткъа и болх д1аболош шаьш дуьххьара арахецна Гадаев Мохьмад-Селахьан чолхечу, амма беркатечу кхоллараллин некъах дуккха а керланиг дийцина ца 1аш, цо деза совг1ат дира оцу авторан шишша том книшкашца х1инца кхузахь вовшахкхеттачу дуккха а хьешашна а, библиотекан фондана а.

Цул сов Райкома хаийтира къоначу яздархошна Академин не1арш, мацца а уьш схьа баг1ахь а, йиллина хилар а, шайга далучунна шаьш накъосталла дийриг хилар а.

Дуккха а пайдехь дерг а, керланиг а довзийтира 1илманчас гулбеллачарна, гуш дара цуьнан даггара къоман дахарх доглазар. Кхаъ хила т1еийцира гулбеллачара Академехь арадолуш нохчийн маттахь 1илманан журнал «Таллам» хилар. Шеко яц, нохчийн литература кхиорехь мехала г1уллакх ду иза.

Даим а шен х1усаман йовхо ца кхоош яздархошна, дешархошна, 1илманчашна доттаг1 хилла схьайог1учу библиотекан директорна Исраилова Сацитина баркалла аларца долийра шен къамел поэта Цуруев Шарипа. Х1ара цхьаьнакхетар цхьа башха а, ша-тайпа а хилар билгалдаьккхира къоман яздархочо. Къоначу поэтийн мог1арех воккхавер хаалора цуьнан къамелехь.

Шайн кхоллараллица х1инцале а дешархошна бевзачу поэтийн ц1ераш ехира Шарипа. Царах хьахо лаьа Халикова Асет, Арсалиева Люба, Петирова Пет1мат, Тапалаева Амнат, Хабаев Исмаь1ал, Дажаев Гелани, Багаев Акраман кхин а. Вевзаш волчу поэто мах хадор доккха совг1ат ду, аьлла хета суна къоначу яздархошна.

Рог1ехь дош делира меттанийн говзанча-хьехархо, поэт-илланча волчу, вевзаш волчу Бетельгериев Хьуьсейна.

«Поэзин башхалло кхуллу иллин ша-тайпаналла а! Х1ора аз шен-шен мукъам, шен бос а болуш хилча, т1аккха лакхара мах хадабо оцу иллин», – шена поэзин езар а, йовзар а к1езигчу къамелехь гучудоккху Хьуьсейна.

«Д1а ма г1охьа хьо», «Нохчийчоь-сан безам», «Ас хьан ч1абанех» бохучу иллешца совг1ат дира Хьуьсейна къоначу пох1манчашна, иза царна х1оранна а дика вевзаш а вара.

Шен говзаллица, ц1еначу ненан маттахь д1аяьхьира Асета яздархойн суьйре, дош делира х1оранне а санна, массо къоначу поэтана.

Цхьаьнакхетар дерзош Халикова Асета д1айийкъира Кегийрхойн Комитетан ц1арах Сий-лараман грамоташ.

Массо а накъостийн ц1арах даггара баркалла ала лаьа и тайпа цхьаьнакхетар Яздархойн Дезчу дийнахь дан дагадеъначу Асетана а, цунна и проект-1алашо кхочушъян г1одеш дакъа мел лаьцначунна а.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16953

Порталы государственных услуг