язык сайта

(Масалан урок)

1алашо:

1. Маттах лаьцна 1амийнарг карладаккхарца дешархойн дегнаш чохь ненан матте бовха безам кхоллар а, ненан мотт хаа а, к1орггера 1амо а церан лаам лакхабаккхар.
2. Литературни меттан стилех юкъара кхетам балар.
3. Дешархойн дозуш долу къамел кхиорца уьш кхетош-кхиоран болх д1абахьар.

Урокехь пайдаоьцу коьчал:

1. Интерактивни у.
2. Дешархойн г1ирс.
3. Вайн къоман яздархойн Айдамиров Абузаран, Окуев Шимин, Абдулаев Лечин, Бексултанов Мусан, Ахмадов Мусан, ненан маттах лаьцна аларш а, церан говзарийн кийсакаш а.
4. Журналаш: «Нана», «Орга», «Вайнах».
5. Литературни меттан стилийн таблица.

Урок д1аяхьар

I. Кечамбар.

Хьехархочо хьалххе уьн т1е д1аяздо Абдулаев Лечин х1ара дешнаш а:

«Нохчийн мотт, хьо, биц а бина, хаа безаш белахь, со цхьа а мотт ца хууш вуьсийла,
Нохчийчоь, хьо к1езга а, лоха а хетта кхочуш делахь, со дуьне дааза вуьсийла»,
урокан ц1е а.

Хьехархочун дош:

– Де дика хуьлда шун! Охьаховша!
Хьоме дешархой! Д1аяхана урок маттах лаьцна яра вайн. Вай дукха а, хаза а дийци ненан маттах а, цуьнан исбаьхьаллах а лаьцна. Х1ара урок а вайна массарна а везаш а, вевзаш а волчу вайн къоман яздархочун Абдуллаев Лечин дешнашца д1айоло лаьа суна (д1адоьшу дешнаш).

Хьовсал, ма хаза, ма доггах аьлла дешнаш ду уьш. Цу дешнаша къеггина схьагойту-кх вайна яздархочун шен матте а, махке а болу ц1ена безам. Иштта хила а деза. Бийца шен мотт а, 1ен-ваха Даймохк а бацахь, ваьхна а дац-кха дан х1ума.

Х1инца аш ц1ахь бинчу балхе хьовсур ду вай.

II. Ц1/б талларца 1амийнарг карладаккхар.

а) 2 дешархоша д1айоьшу шаьш нохчийн маттах лаьцна язйина сочиненеш.
б) Царах дика язйинарг къастош, ерриг классо мах хадабо церан.

Хаттарш:

1. Дийцал, муха хийти шуна сочиненеш? Дика муьлхачо язйина? Х1унда?
2. Муьлха ненан маттах лаьцна цо аьллачех ду шун дагах кхеташ?
3. Шун дуй кхин т1етоха х1ума?
4. Меттан маь1на муха дийр дара аш? Стенна оьшу, аьлла хета шуна, вайна ненан мотт? Стенан билгало ю и? Кхин муьлха билгалонаш ю вайн ненан меттан?
5. Заь1ап бохучу дешан х1ун маь1на дийр дара вай? Хьан эр дара аш, хьанах олу вай заь1апхо? Муха хуьлу уьш?
6. Мотт ца хуучух олий вай заь1апхо? Ткъа шен ненан мотт ца хуург мила ву, аьлла хета шуна?
7. Дерриге а дуьнен чохь бевзаш болчу оьрсийн 1илманчаша а, яздархоша а хестийна-кх вайн мотт. Цунах лаьцна х1ун хаьа шуна?
8. Вайн къоман поэташа а, иллиалархоша а шайн байташкахь, иллешкахь хестабо вайн мотт. Хьенан ду, шун дагах кхеташ, ненан маттах цара аьлла довха дешнаш?

III. Урокан ц1е йовзийтар

Хьехархочун дош:

– Мотт, вайна ма-хаъара, адамийн дахарехь ца хилча йишйоцуш бу. Цо доккха г1о до къоман культура а, 1илма а кхиарехь. Х1ора къоман а уггаре мехалчу а, коьртачу а билгалонех хьалхарниг бу цуьнан мотт.
11-чу классехь 1амочу нохчийн меттан программа, вайна хууш ду, 8-9-чуй классашкахь 1амийнарг карладаккхарна лерина ю. Цундела, вайна хаа деза, литературни мотт стенах олу, йовза еза цуьнан стилаш а, церан башхаллаш а.

Шун хаарш таллархьама ас шуна кечдина хаарш-зиэраш ду. Цу балхана 5 минот лур ю шуна, и шуна тоьар ю аьлла а хета суна, цул т1аьхьа вай цхьана, литературни маттах а, литературни меттан стилех а хьалха 1амийнарг карла а доккхуш, 1амийнарг т1еч1аг1даран болх д1ахьур бу.

Хьовса вай шун хааршка?!
(Х1ора дешархочунна хьалха цхьацца кехат дуьллу, шайна т1ехь хаттарш а, т1едахкарш а долуш)
Нохчийн меттан хаарш-зиэраш (тесташ)

1. Адамийн ойланех кхета г1о стен до вайна?

а) кхетамо
б) юкъаралло
в) матто
г) ойлано.

2. Муьлххачу а меттан бакъонаш а, норманаш а къастош йолу цуьнан уггаре а лакхара, коьрта форма муьлха ю?

а) меттан диалекташ
б) литературни мотт
в) барта къамел
г) барта кхолларалла.

3. Литературни меттан къастош йолу стилаш маса тайпана ю?

а) 5 в) 6
б) 2 г) 4

4. Литературни меттан стилашна далийначу масалийн тайпанаш билгалдаха:

а) Оьздангалла – иза кхечу садолчу х1уманийн хила йишйоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу 1аламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила дог1у дозанаш а, барамаш а, кепаш а ю.
________________________
(тайпанан ц1е)

б) Чекхдевлира б1аьстенан юьхьан хьалхара йочане денош. Ламанхошка охане кхойкхуш, дечу г1уллакхна уьш каде хилийтархьама, церан дегнаш ир-кара х1иттош, жоьлашкара жа аралоьхкуш, ламанийн басешкахь зезагаш техкош, хьежа белира йоькхане даьхкинчу денойн къегина малх.
_________________________
(тайпанан ц1е)

в)

Соьлжа – г1алин
администрацин куьйгалхочуьнга
(ц1е, фамили)
Старопромысловски к1оштан
вахархочуьнгара
Идрисов Русланера

Дехаран кехат

Доьху хьоьга, т1еман хенахь, 1999 шарахь, йохийна сайн х1усамаш юхаерзорехь г1о лацар.
2010-чу шеран
июнь беттан 24-г1а де. __________
куьг

_______________________________________
(тайпанан ц1е)

г) Книгаш еша цалаар. Бадуевна т1ера Бексултановна т1е кхаччалц, вуно дика яздархой бу вайнехан. Хаза мотт, чулацам, исбаьхьалла, дешан говзалла, философин к1орге, оьзда г1иллакхаш, адам, 1алам… дерриг а ду церан кхолларалехь. Амма книгаш к1еззигчу наха бен ца йоьшу церан. Нохчийн маттахь язйина ю уьш.
Нохчашна нохчийн маттахь еша цахаар я цалаар яздархойн бехк бац – и нохчийн дакъазалла ю.
______________________________________
(тайпанан ц1е)

Дешархоша кехаташ т1ехь болх бечу заманчохь г1ийла хезаш ду нохчийн дечиг-пондаран аз.

Дешархойн белхаш схьа а лахьош, хьехархочо кхи д1а хьо урок:

– Х1инца аш бинчу белхан жам1 дар а, шун хаарш таллар а вайн хьешашна т1едуьллур ду вай. Ткъа вай кхи д1а а вешан болх бийр бу.

Хьехархочо схьайоьллу уьн т1е хьалххе д1аоьллина йолу литературни меттан стилийн таблица:

– Нохчийн мотт, шен х1оттаме диллича цхьанатайпанара бац. Литературни мотт а, къоман диалекташ а цхьаъ лара йиш яц, х1унда аьлча диалекташца буьйцу мотт, цхьа а бакъо а, норма а ца ларъеш, шаьш 1ачу меттигашка оьзна буьйцуш берг бу, ткъа литературни мотт – иза муьлххачу а меттан бакъонаш а, норманаш а къастош йолу цуьнан уггаре лакхара форма ю.

Литературни мотт а, вайна ма-хаъара, цхьанатайпанара бац.

Юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу аг1онашкахь буьйцучу литературни меттан тайпанех литературни меттан стилаш олу, ткъа уьш 1амочу 1илманан декъах стилистика олу.
Литературни меттан къастош йолу коьрта стилаш ю барта къамелан а, книжни меттана стилаш. Книжни меттан стилашна юкъайоьлху литературни меттан 1илманан а, г1уллакхан а, публицистически а стилаш.

Исбаьхьаллин стило шатайпа меттиг д1алоцу адамийн дахарехь. Иза синкхачаман стиль ю ала мегар ду, х1унда аьлча дешнаш нийса харжа хааре терра, дог-ойла а, синхаам а дика къасторе хьаьжжина, х1уманан сурт х1отторе а, къеггина, бакъ васт гайтаре а хьаьжжина, дешархочун даг т1е кхочуш хуьлу исбаьхьаллин говзарийн дешнаш.

Хьехархо: (Х1ора стилан масаллица хьехархочо йовзуьйту литературни меттан стилаш а, церан башхаллаш а).

– Де дика хуьлда хьан, Ваша!
– Дукха ехийла! Ой, хьо яц х1ара, Зараъ?!
Х1ара ма тамашийна х1ума ду?
Зураъ-м яц хьоьца?

– Х1ан-х1а. Нанин ян йиш ца хилира.
Шуьга массаьрга а маршалла ло бохура.

– Делера маршалла хуьлда цунна а, и схьадеанчу хьуна а!
Х1ун ду т1аккха юьртахь? Баккхийнаш могаш буй? Эдилсолтин могашалла муха ю? Чу-ара волий х1ара?

– Дика 1аш ву дада а.

– Эх1, Далла бу хастам. И дара-кх коьртаниг. Могашалла ю дерригенал оьшург.
Мегар ду делахь, хьада хьайн доттаг1 йолчу г1о. Хьо ара ца йолуш, холчахь хир ю и.

– Делахь, со арайолу. Х1ун деш ю хьажа со Элина?

– Мегар ду. Хаза самукъадаккха шайн.

(Интерактивни уьн т1ехь схьагойту лакхара текст. Дешархойн лаамца я хьехархочун харжамца д1айоьшуьйту, цул т1аьхьа билгалйоккхуьйту цуьнан стиль… )

– Нийса боху. Х1унда аьлча х1ара текст х1ора дийнахь вай барта дечу къамелехь лелочу дахаран хьолан дешнех лаьтташ йолу дела.

Ткъа цунах къамелан стиль олу.

«Муьлхха а цивилизованни къам,
пачхьалкх беа б1ог1ам т1ехь лаьтта – дешарна,
могашаллина, культурана, экономикана.
Царах коьртаниг – дешар, 1илма ду.»

Айдамиров Абузар, “Вайн амалш”

Хьехархо:

– Хьан олу аш, х1ара муьлха стиль ю?

Стенах лаьтта 1илманан стиль?...

Нийса боху. 1илманан стиль шакъаьстинчу маь1нашца 1илманан маттахь лелочу дешнех а, терминех а, церан форманех а олу.

– Дийцал, х1окху текст юкъахь муьлха дешнаш ду шакъаьстинчу маь1нашца 1илманан маттахь лелориш?

«Вайна биснарг мотт бен бац, иза вай, х1ора доьзалехь 1ама а беш, оьздачу йо1а шен сий санна, лар ца бахь, вайн г1уллакх д1а а даьлла-кх кху лаьттара, «нохчийн къам» боху юкъаралла дуьнен чохь кхин хир а йоцуш.
Къам а, маршо а, пачхьалкх а – мотт бу-кх вайна тахана, и мотт ларбар, 1амор, бийцар – г1азот а долуш.
Сан т1аьххьара г1азот иза а ду-кх – лечу сохьтехь, багахь нохчийн мотт а болуш, валар.
Дала лойла-кх вайна иза массарна а, – мотт ца хилча, къам доцийла хууш болу кхетам!»

Бексултанов Муса, «Орга» – 2008 (4)

Хьехархо:

– Х1ара муьлха стиль ю?

Муха хиира шуна иза?

Кхин мичахь лелайо публицистически стиль?...

Нийса боху. Газеташ, журналаш т1ехь, радио, телевизор чухула, адамаш гулделлачохь юкъараллин – политически г1уллакхех лаьцна дуьйцуш.
Вай доцца аьлча, юкъараллин – политически дешнийн маттах а, цуьнан форманех а олуш ду-кх публицистически стиль.

– Вайн къомана ч1ог1а мехала г1уллакх хилла д1ах1оьттина х1ума ду ас х1окху стилана далийнарг. Иза нохчийн халкъан Президента Кадыров Рамзанас апрель беттан 25-г1а де Нохчийн меттан де д1акхайкхорца 2007 шеран май беттан 11-чу дийнахь арадаьккхина указ ду.

Х1ара айса деша лаьа суна:

Нохчийн меттан Де д1акхайкхоран хьокъехь
Нохчийн Республикин Президентан
Указ
11.05.2007 ш. Соьлжа-г1ала № 207

Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:
«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина апрелан 25-г1а де Нохчийн меттан де д1акхайкхо.
«Нохчийн меттан де д1акхайкхорехь долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехьлера № 90 йолу Нохчийн Республикин Президентан указ д1адаккха.
Х1ара указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.

Нохчийн Республикин Президент Кадыров Р.А.

– Х1ара муьлхачу стилехь ду?... Нийса боху. Х1ара г1уллакхан стиль ю. Иза цхьацца г1уллакхан къамелехь: сацамашкахь, протоколашкахь, заявленешкахь буьйцучу маттах лаьтта. Ткъа х1ара указ пачхьалкхан лаккхарчу куьйгалхочун хиларна официально-г1уллакхан стилехь ду ала мегар ду вай.

– Вай хьалха ма-аллара, шен мехалла йийцина ца валлал дика г1уллакх ду х1ара указ вайн президента арадаккхар. Нохчийн мотт а, оьрсийн мотт санна, пачхьалкхан мотт бу аьлла д1акхайкхийна хилча, 1едалан г1уллакхлелор а вайн маттахь хила деза, аьлла хета суна. Цхьа а мотт бац шена чохь т1еэцна дешнаш доцуш. Вайн маттахь ца карориг оьрсийн маттахь а дуьтуш, д1аяздича а, х1умма а вон ца нисло муьлхха а г1уллакхлелоран кехат.

Дагадог1ий шуна, мел дика нисделира вайн заявлени а, автобиографи а. Иштта муьлхха а кехат а нислур ду, вай карадерзийчахьана. Кхузахь кицанна дало лаьа суна х1ара дешнаш: олуш ду-кх, вота мел йоккха елахь а, цуьнан тата хезар дац, нагахь иза тухуш стаг вацахь. 1илма мел к1орга делахь а, адамашна хуур дац и, иза дуьйцуш стаг вацахь.

Иштта ду, аьлла хета-кх суна, вайн маттаца дерг а. Нагахь вай цуьнан сий ца дахь, массо а аг1ор цунна т1е тидам ца бахийтахь, Бексултанов Мусас ма-аллара, вайн г1уллакх ледара ду-кх. Къам ду ала йиш хир яц-кх вайн. Цуьнан к1орггера ойла ян еза, аьлла хета-кх суна, нохчочун дог шен кийрахь долчо муьлххачо а.

– Х1инца йисинарг т1аьххьара стиль ю вайн. И муьлха ю?… Нийса боху. Хьовсал цу стилана далийначу масале.

«Т1елестара ламанан хаза б1аьсте. Денош дахделлера. Денна бохлуш богура, б1аьстенан де долош, схьакхеттачу дашочу маьлхан кхерч. Дерриг 1алам дендина, дуьне хьоьстуш хьоьжучу цуьнан з1аьнарша т1емадаьхна, шайн бес-бесарчу шакарийн йоккха г1ар г1аттийна хьийзара олхазарш. Ламанан басешкара самукъане екарца, шайн хаза эшарш лоькхуш, т1улгаш т1ехула кхийсалуш 1енара дешна доьдучу лайн 1овраш. Лайх мукъаевллачу лаьмнийн маьлхан басешца къорза куз тесча санна хаалора б1аьстенан хьалхехь хуьлуш долу к1айн а, можа а, ц1ен а зезагаш.»

Окуев Шима, «Лайн т1ехь ц1ен зезагаш»

– Муха хуьлу исбаьхьаллин литературин стилан дешнаш?

– Ламанца гучуйолучу б1аьстенан сурт муха гайтина яздархочо?

– Х1ара адамийн синкхачаман стиль ю ала мегар дуй?

Дешнаш т1ехь болх:

Заь1апхо – инвалид
Хаарш-зиэраш – тесташ
Заявлени – 1) д1ахьиэдар; 2) дехаран кехат
Синкхача – духовная пища
Кхерч, х1усам – очаг
1овраш – горный поток

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

– Х1инца вай 1амийнарг т1еч1аг1деш шуна т1едилларш хир ду.

4-5 тобане д1аса а декъалой, шайна луъучу стилана масал даладе, царах цхьадерш шайн йозанан белхийн тептарш т1е д1аязде. Нохчийн меттан газетех, журналех пайдаэца мегар ду.

(Дешархоша шайн масалш довзуьйту, царах цхьадерш, (масала: заявлени я автобиографи) йозанан белхан тептарш т1е д1аяздо. Иштта тептарш т1е д1аязбо урокехь дешнаш т1ехь бина болх а).

V. Урокан жам1 дар.

1. Стенах олу вай литературни мотт?
2. Литературни меттан муьлха стилаш евзи вайна? Х1ун башхаллаш ю церан?
3. Царах муьлхачунна т1е бахийта беза вай коьрта тидам? Х1унда?
4. Маца пайдаоьцу вай г1уллакхан стилах?

VI. Хаарийн мах хадор.

– Вайн хьешашка д1абелла шун хаарш зиэран белхаш бара, церан мах муха хадийна хьовса вай?

(Иштта билгалбоху урок д1аяхьарехь жигара дакъалаьцна дешархой а, шайн хаарш алсамдаха деза дешархой а).

Ц1/б. Литературни меттан стилаш карлаяха, х1ора стилана цхьацца масал даладе.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16351

Порталы государственных услуг