язык сайта

Оьрсийн г1араваьлла вевзаш волчу яздархочо Лев Толстойс аьлла: «Нохчийн мотт кхоччуш хаахь, иза дуьненахь уггар хазачу меттанех цхьаъ бу». И дешнаш цо ларамза аьлла дац, х1унда аьлча сийлахьчу классика дуккха а болх бина нохчийн меттан хаза аг1онаш шена схьайоьллуш.

Таханлерачу дийнахь вайн мотт шен кхиарехь уггар леккхачу т1ег1ант1е ца баьллехь а, иза к1орггера 1амош а, кегийрхошна юкъахь цунах долу шайн шуьйра хаарш довзуьйтуш а, даржош а бу нохчийн 1илманчаш.

Царалахь тоьллачех цхьаъ ву филологин 1илманийн доктор, Нохчийн пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан а, литературан а кафедран куьйгалхо Халидов Айса (Муса). Иза вина 1954-чу шеран 10-чу ноябрехь Казахстан республикан Талды-Кургански областан Текели олучу г1алахь. 1960-чу шарахь Халидовг1еран доьзал Даймахка ц1абирзина. 1972-чу шарахь цуо чекхъяьккхина Соьлжера юккъера школа. Оццу шарахь Айса Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша х1оьттира.

1илма 1амо иза студент волчу заманахь дуьйна волавелира. Кхиамца университет чекхъяьккхинчул т1аьхьа иза Петрозаводскан пачхьалкхан университетан аспирантуре деша вахара. 1998-чу шарахь цуо кхиамца ларйина кандидатски диссертаци («Полипрефиксальные глаголы в языке русского фольклора»). 1999-чу шарахь Гуьржийн пачхьалкхан 1илманан академин меттан 1илманан институтехь цуо иштта кхиамца ларйина докторски диссертаци.

Халидов Айса 115 сов 1илманан публикацин автор ву. Уьш зорбане евлла вайн республикехь а, республикан дозанал арахьа а – Москвахь, Тифлисехь, Ростов-г1алахь, Махачкалахь, Петрозаводскехь. Оцу белхашна юкъахь ю барх1 книга а, 2003-чуй, 2004-чуй шерашкахь зорбане яьлла ши монографи а.

Халидовс бинчу 1илманан белхашна юкъахь уггар мехала лара мегар ду 1997-1998 шерашкахь зорбане яьлла «Х1инцалерачу оьрсийн меттан морфологи» ц1е йолу шина декъехь лаьтта книга. Оцу пособих пайда оьцу луларчу республикийн студенташа а, хьехархоша а.

Дукха хан йоцуш, ша сиха хиллехь а, Айса ларамца реза хилира тхан масех хаттарна жоп дала.

– Айса, хьо таханлерачу дийнахь вайн 1илманехь а, дешарехь а баккхийчу кхиамашца къахьоьгуш ву. Дийцахь, муха кхоллабелира хьан нохчийн маттаца дахар дуоза сацам. Ларамза ма дацара и?

– Дуьххьара сан маттаца а, 1илманца а хилла уьйр нохчийн матте болчу безамо а, и к1оргера бовза болчу лаамо а тесна яра. 1972-чу шарахь со университете деша х1оьттира, нохчийн мотт а, литература а хьоьхучу отделени. Х1инца-м дуьйцуш дукха деха хетадала а мега, х1етте а билгалдаккха лаьа, вайна массарна а хууш ма-хиллара, оцу хенахь нохчашна а, г1алг1ашна а башха маршо яцара 1илма 1аморехь. Оцу кхолладеллачу хьелан маь1на а дина, яхье а ваьлла, со оьрсийн меттан аспирантуре вахара. Иза чекх а яккхале кандидатски диссертаци кхиамца лар а йина, оьрсийн меттан а литературан а кафедрехь болх д1аболийра ас. Х1окху дийне кхаччалц кзухахь болх беш а ву.

Цу хенахь а, х1инца а оьрсийн маттаца бан-м бо ас болх, х1етте а сан коьрта 1алашо нохчийн мотт бовзар, кегийрхойшна иза 1амор ю. Ас х1етахь жимчохь а ойла йинера, оьрсийн мотт талла а, 1амо а шортта нах бу, шаьш оьрсий а, оьрсий боцурш а, аьлла. Иза д1атесна а буьтур бац. Нохчийн маттаца шовкъ йолуш к1еззиг нах бара х1етахь. Ткъа оцу болчарна т1е со а кхетча, цхьа г1уллакх хила мегар-кх кхуьнах аьлла, д1аволавелира со. 80-чу шерашкахь дуьйна вайн нохчийн матта т1ехь къахьоьгуш схьавог1уш ву со. Айса мехала г1уллакхаш дина бохуш дийца башха товш а ца хета суна.

– Т1аьххьарчу хенахь вайн мотт ЮНЕСКО-с леш болчу меттанашна юкъа бахийтина бохуш дуьйцу зорбанехь. Хьуна муха хета и хаам? Иштта ч1ог1а доьхна ду-техьа вайн меттан таханлера хьал?

– Цара и сацам бина ши шо сов хан ю моьтту суна. Шайна лууш дерг хьалха даьккхина дина хир ду-кх цара и. ЮНЕСКО-с оцу меттанашна юкъа бахийтарх, нохчийн мотт д1абаьлла а, я д1абала герга бахна а бац. Делан къинхетамца иза оцу новкъахь бац. “Миноритарни меттанаш” олуш цхьа кхетам бу 1илманехь. К1еззигчу нахах лаьттачу тобано буьйцучу маттах я йоза а, дешар а доцуш къомо бийцар а лаг1динчу меттанех миноритарни меттанаш олу. Языковое меньшинство олу царах, оьрсийн маттахь аьлча. Цунах лаьцна дерг ЮНЕСКО-хь болчарна дика хаа дезаш ду. Мотт кхиа хьелаш ца хилча, оцу маттахь арадовлуш газеташ я книгаш ца хилча, и мотт болчу къомана де-дийне мел долу и мотт бицлуш хилча, т1аккха бахийта декхар ду и леш болчу меттанашна юкъа. Ткъа вайна гуш ма-хиллара, вайн маттехь дерг кхин хьал ду.

Вайн мотт кхуьуш бу, зорбанехь арадовлуш газеташ ду, журналаш ду. Яздархоша а, поэташа а, кхиболчу меттан говзанчаша а арахоьцуш шайн книгаш, гуларш ю. Нохчийн маттахь къамел деш 1,5 миллион стаг ву. Нохчийн маттахь 1илма а ду. Иза ишта доллушехь, цара и леш болчу меттанашна юкъа х1унда бахийтина суна ца хаьа. Шайн цхьа 1алашо кхочуш еш лела хир бу-кх уьш, вай цу къайленашна т1аьхьа кхууьр дац. Амма цхьа х1ума-м хаьа суна – шаьш и сацам бечу хенахь уьш 1аламат ч1ог1а галбевлла, х1унда аьлча нохчийн мотт нохчийн къам мел деха, Дала мукълахь, цкъа а лийр болуш бац.

– Хьо даима а кегийрхошна юкъахь ву. Х1инцалерчу кегийчу нехан дешаре болу безам дукха г1ийла-м ца хета хьуна? 1илманца шовкъ ерш дукха буй я бан а буй иштанаш?

– Бакъдерг ма-дарра аьлча, х1инцалера кегий нах дешарна т1ера бац. Тхо долчу хенахь ишта дацара аьлча, нийса хир дац, х1унда аьлча даима вай и бахахь, оьрсийн яздархочо Тургеневс язйинчу «Отцы и дети» романчохь ма-хиллара, цкъа а къастацалун дов а, къовсам а хир бу цунах. Даима кегирхой а бехке бан ца оьшу. Амма церан дешаре болу безам а, дешарна т1ег1ертар а хьалха хиллачул ледара ду. Вайна ма-хаъара, вайн республикехь хилла ца 1аш, йоллучу пачхьалкхахь а студентийн терахь хьалхачуьнца дуьстича, дуккха а алсамдаьлла. Х1унда аьлча, цхьаццаберш университетан кертара ара бовлуш диплом бен кхин х1умма а ца оьшуш бу.

Диплом хилчахьана, кхидерг ша д1анислур ду моьтту хир ду-кх царна. Дешар а дезаш, к1орггера хаарш а долуш, дика говзанчаш а хилла д1абаха дагахь берш хьалхачул к1еззиг бу. К1еззиг бу, амма бан а бац ала мегар дац. Аспиранташ а бу, цаьрца тхо болх беш а ду. Вайн диссертационни кхеташо а ю, цигахь диссертацеш лар а йо. Бакъдерг дийцича, цигахь кегийрхой к1еззиг хуьлу. Цхьана хенахь ц1еххьана девлла т1емаш бахьана долуш, шаьш долийнарг чекхдаккхаза а бисина, х1инца шайн диссертациш ларъеш берш а хуьлу. Цундела кегийнаш цигахь к1езиг хиларан бахьнаш а тайп-тайпана ду.

Хьалха оха доьшучу заманахь тхуна-м х1ара 1илма доцург кхин т1едог1уш дуьненахь рицкъа а дац моьттура, ткъа х1инца х1окху вайн замано кегийрхошна дукха а таронаш а, аьттонаш а белла. «Башха дукха рицкъа а я бакхий аьттонаш а ца хуьлу цу 1илманчийн», – ишта ойла а кхоллалой, боьлху хир бац-кха кегийрхой 1илмане а. Цхьажимма а меттахволуш волчунна дукха таронаш ма яй тахна дуьненан рицкъа лаха.

– Хьо шина меттан говзанча ву – оьрсийн а, нохчийн а. Хьуна хетарехь, муьлхачу барамехь хила деза вайн дешаран заведенешкахь нохчийн маттахь хьехар. Юхьанцара школа нохчийн матте йоккхур ю бохуш дуьйцуш цхьа х1ума а дара-кха вайн…

– Шина а меттан аьлча а, ас толлуш-м дуккха а меттанаш ду, х1етте а коьртаниг шиъ буьтур вай – нохчийн а, оьрсийн а. Нохчийн маттахь хьеха деза юьхьанцарчу классашкахь дуьйна бохуш, иза дуьйцуш схьавог1уш а ву со. Цхьа а шеко яц иза ишта хила дезаран. Оьрсийн мотт ца хилча дешалур дац, дахалур дац бохуш къамел деш берш, к1орггера нохчийн мотт ца хууш берш бу, аьлла хета суна. Х1унда аьлча юьйцуш ерг хьалхара йиъ класс бен а яц. Оцу хьалхарчу еа классехь ишта вуно чолхе терминологи а яц я математикин а, я кхечу предметийн а.

Цул совнаха, юьхьанцара классаш нохчийн матте яьхча, оьрсийн мотт д1атоттуш а бац. Мелхо а оьрсийн меттан сахьташ алсамдаха а дезар ду. Пхоьалг1ачу классашкахь дуьйна оьрсийн маттахь а хир ю программа. Иза вай дуьххьара д1адолийна х1ума а дац. Вай х1инца бен дуьйла а ца делла и дийца. Вайна и дага а дале, шайн маттахь хьеха а хьоьхуш, схьабог1уш бу кхин нах а, масала, х1ири.

Вайна ма-хаъара, б1ешерашкахь дуьйна оьрсашца ч1ог1а дика юкъаметтигаш йолуш схьабог1уш а бу и нах, х1етте а цара шайн мотт тесна ца битина. Шайн матте цара юьхьанцара школаш яьхна барх1 шо ду-кх. Вай санна дукха дийцаре а ца доккхуш, чехка шайн программа а кхоьллина, Хьехархойн институте леррина и г1уллакх кхочушдан кафедра схьа а йиллина, шайн болх беш бу и нах. Ткъа вай х1инца а дийцина а ца девлла. Суна хетарехь, и г1уллакх кхочушдан цхьана а аг1ор новкъарло хир яц вайна. Вай хьалха а ма хилла нохчийн маттахь хьоьхуш, сол бакхий болу, 30-шерашкахь дешна болу 1илманчаш массо а нохчийн маттахь дешна ма бу. Уьш х1умма а ледара говзанчаш а бац, царна к1орггера, нохчийниг санна, оьрсийн мотт а хаьа.

– Тхан газетдешархой коьртачу декъана хьехархой бу. Ткъа хьо а церан терахь юкъавог1уш ву. Муха ду, хьуна хетарехь, таханлерачу дийнахь хьехархошкахь долу хьал?

– Таханлерачу дийнахь хьехархошкахь долу хьал дика дац-кха. Х1унда аьлча царна шайна, шайн доьзална тоъал луш алапа а дац. Цаьрга 1амадайта шайн бераш д1аоьхуьйтуш долу дай-наной церан пусар деш а дац. Суна хетарехь, хьал дикачарех дац церан, амма вай долчунна реза хила деза. Х1унда аьлча вайга дешархой а я церан дай-наной а хийцалур бац. Мухха делахь а, дукхах болу хьехархой шайн болх беза а безаш, бан ма-беззара и кхочуш а беш схьабог1уш а бу. Цундела церан цхьажимма мукъне а сий дан дезара-кх массара а. Дала церан аьтто а бойла!

– Айса, баркалла хьуна, х1окху къамелехь дакъа лацарна. Дукха а пайда оьцур бу, аьлла хета суна, вай газетдешархоша ахь деллачу чулацамечу жоьпех. Дукха хан йоцуш хьо вина де хиллий хаьа суна. «Хьехархо» газетан редакцин коллективан ц1арах ас даггара декъалво хьо винчу денца. Дала могашалла а, ницкъ-г1ора а лойла хьуна вайн къомана а, республикана а пайдехь къахьега!

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16701

Порталы государственных услуг