язык сайта

1938-чуй-1940-чуй шерашкахь фашизман ун даьржинера Европехь. Хила тарлучу кхерамна дуьхьал кегийрхой кечбеш бара вайн махкахь. Оцу хенахь Ц1ечу Эскара вахара Бух1ан-Юьртара Расуев Герман.

Йоццачу хенахь т1еман говзалла кара а ерзийна, танкист хилира цунах. Финляндица т1ом болабелира. Мостаг1чун дозанал Т-34 танкаца дехьа а волуш, разведка йора Германа. Цо дакъалецира «Маннергейман г1ап» йоккхуш.

«Цхьа миллион эскар ца дийнна баттахь яккхалур яц «Маннергейман» нуьцкъала г1ап. «Оха оццул дукха эскар доцуш, шина к1иранах схьаяьккхира иза. Нуьцкъалаян а яра кхо г1ат долу г1ап. Хьалхарчу г1ата т1ехь патармаш, кхиболу т1еман г1ирсаш бара. Шолг1аниг дархошний, церан чевнаш ерзочу лоьрашний леринера. Кхоалг1ачу г1ата т1ехь т1емлой бара. Царна оьшу патармаш, кхиболу г1ирсаш хьала бохура транспортерца», – аьллера американски эксперта а.

Цхьана шийлачу буьйсанна 40 градус йолуш, йохийначу танки чохь висира Герман. Шен накъост вайчаьрга хаамбан а вахийтина, мостаг1чуьнца т1ом беш сецира иза.

«Рус, каравола», – бохуш, маьхьарий деттара финнаша.

Амма вайн махкахочо пулемет етташ герга ца вуьтура мостаг1. Буьйсанна болийна т1ом сахуьлуьнга белира. Накъостий схьакхаьчча, цара дагардира пулемет етташ Расуев Герман байинчу мостаг1ийн декъий. Уьш 73 дара. Т1аьхьо и толам баккхарна цунна деллачу документа т1ехь яздина дара изза терахь. Когаш баьккхийнарг госпитале вигира. Финлянди эшош чекхбелира т1ом.

Цу хенахь пачхьалкхан совг1ат, Москва д1а а вуьгий, ерригсоюзни староста волчу Калинина луш дара. «За отвагу» мидал хьалха латийна Москван урамехула схьавог1уш, пионераша саца а вой, хоттура, и совг1ат стенна дела, – олий. Иштта ч1ог1а лараме дара х1етахь луш хилла пачхьалкхан совг1ат. Тоьлашха болчу эпсаршца цхьаьна т1еман академе деша хьажийра Расуев Герман.

«Ишколехь пхи класс бен чекхъяьккхина воцу со экзамен д1ацаялалуш бухависира», – дуьйцура Германа.

Цо эскарехь г1уллакх ден хан чекхъялале Советски Союзана тешнабехкаца т1елетира фашистски Германи. Деашаран бехачу т1амехь халонаш дуккха гира. Буьйсанна хан яьллачу хенахь г1овтадой, кхечу метте д1адаха дезаш хуьлура. Х1ургонна т1аьхьа а тасалой, воьдуш лаьтташехь набкхетара. Очакх долчу фургон чукхетча самаволура.

Фашистски Германи шен бен чохь йохош чекхбелира инзаре буьрса т1ом. Сийлахь-боккхачу т1амехь къонахаллин хьуьнарш гайтарна пачхьалкхо делла дуккха а совг1аташ ду вайн махкахочун.

Капитанан чинехь эскарера мукъавелира Герман. Иза кест-кеста кхойкхий вуьгура Соьлжа-Г1алара Керла Алда поселкерчу №39 йолчу ишколе дешархошца цхьаьнакхета. Академехь дешар ца хиллехь а, х1ума дика дагадог1уш, т1еман тактика дика евзара цунна. Дешархошца къамел чекхдолуш, вайна т1ом ца оьшу, маьрша дахар деза, олура цо.

Х1инца дахарехь вац Расуев Герман. Дала гечдойла цунна. Делах кхоьруш, ламаз-мархий ч1ог1а лардеш, оьздастаг вара иза. Юьртахоша сийдеш а, лоруш а вара.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16396

Порталы государственных услуг