язык сайта

Вевзаш волу поэт, публицист, литературни критик, гочдархо Цуруев Мовладин Шарип вина 1963-чу шарахь Гуьмсан к1оштарчу Лаха Гезлойн-Эвлахь. Юьртарчу юкъардешаран ишколехь доьшуш а волуш дуьххьара зорбане ваьлла иза. Чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Къахьегна дешаран хьаьрмахь, «Орга» журналан, «Даймохк», «Васт» газетийн редакцешкахь, и.д1.кх. коллективашкахь а.

Тахана иза къахьоьгуш ву «Хьехархо» журналан коьртачу редакторан, республикин 1илманийн академийн «Таллам» журналан жоьпаллин секретаран а даржашкахь. Иза ву яздархойн, журналистийн а Бартийн декъашхо. Газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь, коллективни гуларшна юкъахь зорбане йийлина цуьнан стихаш, поэмаш, статьяш, очеркаш.

Цуруевн дуьххьарлерчу стихийн гуларан ц1е яра «Йисалахь, Нохчийчоь». «Тешалахь, Даймохк», «Цхьа мерза-г1айг1ане мукъам» ц1ерш йолу стихийн, поэмийн гуларш араевлла поэтан кху т1аьхьарчу итт шарахь.

Поэт Цуруев 20-чу б1ешеран т1аьххьарчу 30 шарахь бевзинчу яздархошлахь шайна т1е тидам алссам боьдучарна юкъахь ву. Арсанукаев Шайхи хьахийначохь цуьнан «Ненан мотт» стихотворени санна, Цуруевн ц1е яьккхича суна уггар хьалха дагайог1у цуьнан «Нохчийн мотт» ц1е йолу байт.

Цхьана вевзаш волчу нохчийн меттан хьехархочо, «Даймохк» газетан рог1ера номер а карахь, олуш хезира суна:

«Кху т1ехь зорбатоьхна йолу Цуруевн «Нохчийн мотт» стихотворени тоьар яра, кхин кху т1ехь х1умма ца хилча а, кху газетан номеран мах лакхара хадо а, мехалла гайта…».

Ма-дарра аьлча, поэтан ницкъ кхаьчна оцу шен говзарехь (произведени) вайн маттах лаьцна шатайпа дош ала. «Базарахь эцна а боцчу», «цхьаьнггера а юхалург» ца баьккхинчу нохчийн меттан хьокъехь цо боху:

«Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,

Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна,

Цу матто, – уггаре гергарчу сан сина –

Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина.»

Цуруев Шарипан кхоллараллин башхалла билгалйоккхуш, Нохчийн Республикин 1илманийн академин вице-президент, академик волчу Дадашев Райкома яздина:

«Цуруев Шарипан поэзехь къарцавеллачунна наггахь рифмица, ритмаца цхьацца кхачамбацарш каро там бу, цхьацца, Гадаев Мохьмад-Салахьас ма-аллара, т1е «мотт хьакханзий», кхоччуш т1ехь къахьегна йовланзий меттигаш хила мега. Амма, дагах ца кхеташ, чохь са доцуш стихотворени я язбархьама язбина мог1анаш карор бац Шарипан поэзехь. Цо шен дог догуш, шен кийрахь кхоччуш 1аьткъинарг бен ца яздаран билгало ю иза.

Доцца аьлча, шен исбаьхьа, шен поэтически дуьне кхолла ницкъ кхаьчна цуьнан… Иза бакъволчу поэтан билгало ю».

Цуьнан поэзин хьоста (источник) лехаро гучудоккху: хинволчу поэтана дика т1е1аткъам бина ненан («бабин») туьйранаша, ден «некъан дешнаша», хьехархоша, юьртахоша.

«Ма елхахьа, нана,

Ма тийжахьа, нана,

Къинош долчу к1ентан

Дог карзах ма даха...» – олу цо цкъа.

Цуруевн тоьллачарех лара хьакъ ю аьлла хета «Т1аьххьара нохчий...» ц1е йолу байт. Кху дуккха а хийцамаш шеца болчу муьран теш волчу цо шатайпанчу поэтически кепаца гойту схьах1оьттинчу хьолан сурт. Ткъех шо гергга хьалха язйинчу оцу байто вайн ойланехь тахана а дуккха х1ума меттахъхьадо. Т1аьххьара яхьйолчу къонахийн барам лаг1луш хеталуш, махкахь г1айг1ане сурт х1уттуш го поэтана. Оцу къонахошца д1аваха (д1аван) ирс доцуш висарна вогуш а, доьхначу дийнахь йоьхначу ойланца а ву автор. И ойла, и г1айг1а, и сагатдар дешархочуьнга кхачийта, вай а ойлане даха хьожу поэт.

Леррина ойлаярца и дешнаш дешнарг дахаре бен доцуш хьоьжур вац аьлла, ч1аг1дан мегар дара.

Оцу дешнаша гойту лазам, цхьана Нохчийчохь хилла ца 1аш, цуьнан дозанал генна арахь бу. Дайна а, довш а къаьмнаш ду вайн дуьненахь. Адамаш шайн орамех д1ахедарна болчу кхерамах вай лардан орцахваьлла поэт.

Массо хенахь а х1умане шен хьежам болуш, диканиг, оьзданиг, даха хьакъдерг лардан, кхио дезарна а сагатдеш, цу хьокъехь шен говзачу дашца вистхуьлуш схьавог1у ала мегар ду Цуруев. Дуккха а вайн лазамийн, баланийн бух, бахьана – хьарам-хьанал къастош цахиларехь, ахчанах 1ехалуш дохкодаларехь, нийсо ца ларъярехь хилар гойту цо ша Нохчийчоьне дечу къамелехь:

«...К1иллоша йоьхки хьо шайнех,

Ц1убдарша муьйлу хьан ц1ий...

...Букъ туьйхи ка тоьхначара,

Ц1е туьйхи – ца езачара...»

Поэт г1айг1ане во «тийжаро-делхаро», «харцоно», «зуламо шовкъе буг1yчу букар бохьо». Маьршачу, машаречу стеган дешнашца Цуруевс Нохчийчоьне боху:

«Лардала йиш хилча, хьанна

Оьшу, со велла хьо йисар?

Кхин вониг, хьо елла висар?»

Поэтана гарехь, вайна оьшу, тешар, иэшам йоццачу ханна буй хаар, болх Далла т1е биллар, Даймехкан рицкъа, ницкъ а Везчу Делехь буй хаар. Т1аккха зуламхой ларор бац Даймехкан «Сийца, Сица». Ира хьекъал а, философски ойла а, хьежам а болчу поэта вайга даха кхойкху; доха а ца духуш, вайн г1иллакх-оьздангалла ларъяре, халонашна б1о цакъажоре кхойкху.

«Гергарчу, генарчу лулахойх

Доттаг1ий хир бац вай толахь бен,

Доха ма доха – бохь бог1а,

Шайт1а а, мостаг1 а вохавеш.»

Поэтана дика го хабаршка дирзина г1уллакх, дукха дуьйцучу хабарша дан г1o доций, «цкъа хабарш хебаршка довлахьара-кх», олу цо.

Цуруев ша деккъа дош аьлчахьана волу моьттучех вац. «Вайх мила, маца, муха хилла цу везчу Далла гуш ду дика» олу, гайтаман х1уманаш къобалдеш воцчу поэта шен цхьана байтехь.

«Тешалахь, Даймохк...» ц1е йолу стихийн гулар язъярца Цуруев Шарипа довзийти шен керла, нийсонан, ц1ена, онда, ира, дуьззина, шовкъе, амма чов-чардо шеца доцу, вайн хиллачуьнга, таханене, хиндолчуьнга, доглозуш б1аьрг а тоьхна, аьлла дош. И дош тахана кхолладелла дац, цуьнан «эзар» шо ду, х1унда аьлча:

«Билгалдан йиш яц са мел деха шо,

Син оьмар яц хан, йоккхург дег1а чохь.»

Поэтан лирически турпалхочунна хаьа, ша мила ву, хьенан верас ву, девза шен декхарш. Цуьнгахь беха Даймохк безаш беллачаьрга (мел бу уьш!) безам. Гуларна юкъарчу стихаша авторан дог-ойла, хьежар гайтина ца 1аш, гойту къоман башхалла, диканиг, вониг, адамийн дахар – шен хиллачу низамах, къепенах т1аьхьарчу шерашкахь доьхна хилла долу.

Къизачу т1амо, бохамо, балано поэт ца вожийна, иза нацкъар ца ваьлла мехкан г1уллакхашна, нийсонан, бакъдолчун толамах дог ца диллина цо.

«Хьан чевнаш дебачу дийнахь,

Хьан лазар ч1аг1делча некхехь,

Нохчийчоь, сан Даймохк сийлахь,

Со ву хьан кхолламан декъехь...»

Кху т1аьххьарчу, вайн халкъ а, х1ора стаг а массо aг1op зиеран шерашкахь Цуруев Шарипан кхоллараллин башхалла – цуьрриг а тийса ца луш, къийла ца луш дош аларехь го суна. Иза иштта х1унда ду-те бохучунна жоп, цо цкъа дуьйцуш суна хезначунна юккъехь а хаалора.

Шарипа масех шо хьалха элира:

«Хьажахьа, йоккха г1ело, хало лов вай, харцонаш гобаьккхина ю, х1етте а адам т1етаь11ина, аьтто баьл-баьллачохь къахьоьгуш ду. Лаьтта т1ехь болх бо, йохк-эцарца базарахь сискал яккха г1ерта; буьйсанна т1аьххьалц, кху хьоле хьаьжна ца 1аш, ловзарш до. Адамо, ша оццул къизачу хьоле нисделлашехь, б1о ца къажийна бохамна, балина. Ца йитина забар, вовшашка къамел до, ца ч1е1аш. Психологически адамо ша-шен лардаран кеп хила а мега иза…»

Цо стихашкахь а боху:

«Кхача ца ло мел ярх г1айг1а,

Тоьар ду вайн тийжар-делхар.

Хан ма яйа, хан ма яйа –

Д1адолор вай нохчийн хелхар.»

«Вай меттах1иттор ю г1аланаш, вай меттах1иттийча дегнаш» – бохучу поэте вай леррина ладоьг1ча, таллам бича, вай цо б1о цакъажоре кхайкхарх, автор ша саготта ву, саготта ву Даймехкан г1уллакхашна, дахарна – «айпе пекъар» долчу, иза дерриге дерзина даларна кхоьру иза. Поэтана го цхьана а х1уманна са ца гатден, цкъа а кхерам ца лайна нах, даьхни-бахам дош хетарш, г1ант къуьйсуш эрна г1айг1а йийраш, х1илла шен амал йолу дуьне а...

«Лаамийн урх хьоь елла Дала,

Хьо хьайна товччу новкъа вала.

Хьо эла хиларх, къелла йоссарх,

Хьайн коьрта кхиэлахо эхь-бехк лара.»

Вай лакхахь ц1е яьккхинчу гуларна юкъахь тоьллачарех ю «Тешалахь, сан Даймохк, тахана тешалахь…», «Вайн эхь-бехк, вайн сийлахь г1уллакхаш...», «Нохчийчоь», «Кирхьа», «Нохчийчоьне», «Т1аьххьара нохчий...» ц1ераш йолу стихаш.

Кхин цхьа башхалла а ю Цуруевн кхоллараллин. Оьрсийн маттахь стихаш язъярца ша зен воьлла иза т1аьхьарчу хенахь. Уьш а лакхарчу говзаллица язйина ю. Цара авторан дешархой совбехи. Билгалдаккха дог1у, шина маттахь яздийраш яздархошлахь, журналисташна юккъехь ч1ог1а к1еззиг хилар а.

Куц тайна, чам мерза дешнаш, мог1анаш яздина Цуруевс безамах лаьцна. Кегийрхой, мехкарий боцурш а хир бу цу мог1анийн дешархой:

«Ц1арна ца лелийна г1иллакх,

И к1еда-мерза хьан аз –

Хьо x1инццалц евзинарг, хилларг

Йисаре сатуьйсу ас.»

Яздан буьйлалуш болчу а, шуьйра бевзачу а кхоллараллин нахаца шуьйра уьйраш, з1енаш ю Цуруевн. Нохчийн, оьрсийн, кхечу мехкашкарчу къаьмнийн литература а, бевзачу философийн, хьехархойн, 1илманчийн белхаш а иза массо хенахь боьшуш ву аьлла хетало, поэте ладоьг1ча, цуьнан говзарш ешча. Дика ойланаш кхуллуш, дешархо кхиош, иза, ойлаеш, сема хиларе кхойкхуш мог1анаш к1езиг дац поэтан тоьллачу стихашна юкъахь.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16351

Порталы государственных услуг