язык сайта

Цхьа а шеко йоцуш, хала, чолхе, амма юьхьк1ам беш болу некъ бина, лар а йитна вайн дайша историн йохаллехь. Шайца яхь, юьхь, барт, тешам болуш, кхечу къаьмнийн къонахашца гамо йоцуш баьхна нохчий. Иза вай ца теллича, вайна цунах дерг ма-дарра ца хиъча, хьалхахьа ондда а, хьекъалца а г1улч яккха 1аламат хала хир ду вайна.

Цхьана яздархочо аьлла:

«Хиллачунна вай тапча кхоссахь, хиндолчо йоккха топ тухур ю вайна».

Оцу бакъдолчух дукха хьалхе кхийтира Йоккха Атаг1ара Пахаев 1аднанан Мовлди (Дала цунна гечдойла). Шеца мохкбовзархочун-патриотан суй болуш хилла иза дукха жима волуш дуьйна. Олуш ду-кх, к1охцал долуш дуьйна а долу ира. Иштта ваьхна Пахаев Мовлди а: ас-со ца бохуш, амма дерригенах доглозуш, нийсо, бакъдерг дезаш, царна т1екхиа йолчу 1алашонца к1ад ца луш хьуьнаре къахьоьгуш, шена хьалха даккхий декхарш х1иттош…

Хьехархо-мохкбовзархо бакъ дуьнена вирзина, амма иза юьртахойн, махкахойн к1орггерчу иэсехь вехарг хиларан дуккха тоьшаллаш ду.

Царах цхьаъ лара мегар ду хьалхо Йоккха Атаг1арчу Культуран ц1ийнахь гулбеллачара дина къамелаш а. Оцу цхьаьнакхетаран чаккхенехь евзаш йолчу хьехархочо, публициста, Нохчийн Республикан хьакъйолу журналисто Барзанукаева Айзас ч1аг1 адира:

«Тахана Мовлдина динчу тоьшаллийн уьтталг1а дакъа сайна а дийр дуй хиъча, 1аламат боккха кхаъ хир бара суна», – аьлла.

Гергарчарна, бевза-безачарна, хьехархошна-накъосташна, дешархошна ца моьттург дина, ц1еххьана кхалхар хиллачу Мовлдис церан 1овжийна дегнаш х1инца а меттадахказа хилар сов б1аьрла хаалуш дара. Цхьана поэто ма-аллара, дикчу стага а цкъа чамбойъу вайн, вайна юкъара ша д1авахарца. Изза дина Мовлдис а.

Декъа дечиг санна, ша ваьгна валлалц хаддаза йовхо, серло луш оьмар хилла цуьнан. Ишттаниг цундела виц ца ало. Вайга истори йиц ца яйта долчу ц1енчу нигатца ваьхна волу иза – хьакъ а волуш, истори юкъа ваха ша а: шен дешархошца, белхан накъосташца цо леррина телли Йоккхачу Атаг1ан, вайн берриг мехкан селханлера, таханлера а де.

Цундела цара кхочушди жоьпаллин декхар: дайшца з1е ца хадий, хилларг девзи, дикачу г1уллакхашца халкъан истори т1еюзи. Пахаевн куьйгаллица 40 шарахь сов болчу муьрехь Йоккха Атаг1арчу №3 йолчу юкъардешаран ишколан «Музейн жигархой» ц1е лелочу кружокан декъашхоша эвсараллица дика г1уллакхаш ди.

Гучудаьлла, оцу музейн берриге болх шен мехаллица, кхечарна бовзарца, оьшуш хиларца ишколан т1ег1анера тоххарехь д1а а баьлла, республикехь а, цул арахь а бевзина хилар. Пахаев Мовлдис дешархошца схьагулйинарг – оцу берийн дайн, дедайн истори ю. Цундела берашна иза гергара ю кхийолчел а. Юххерниг дика девзича атта хуьлу генарниг довза, юьртан истори – мехкачуьнца, мехкан хилларг – дерриг дуьненачуьнца дозаделла ган.

Кху деношкахь шен 65 шо кхочур долу хьехархо дага а лоцуш, гулбеллачара лакхара мах хадийра Пахаевс динчун. Суьйре д1айолош вистхиллачу юьртан имамо Азимов 1арбис дош делира къурайшийн ц1ийнах волчу Йоккха Атаг1арчу вахархочунна 1абдурахьман Жамалуллайл Сайд-Хьамзатана. Массара амин олуш, цо до1а дира Мовлдина. 1аламат дукха сий-лараме нах бара хьехархочунна-мохкбовзархочунна тоьшаллаш деш, цуьнгахь хиллачу дикчу амалан башхаллаш дагалоьцуш.

Оцу цхьаьнакхетаре баьхкина нах ц1енчу даггара цига кхаьчнера аьлча г1алат хир дацара, суна хетарехь: Мовлди дуьненан даьхнин да а, хьаькам а хилла ваьхна вацара, г1уллакхехь нах тахана а цуьнан гергарнаш бац. Х1етте а, цу чохь бистхуьлучийн, церан къамелашка ладоьг1учийн а хаддаза б1аьргех оьхуш хиш хаалора цу дийнахь.

Генарчу Хасавюртара веанчу Умаев Ахьмада (иза Мовлдица Соьлжа-Г1аларчу хьехархойн институтехь дешна ву) б1аьрхишца сов говза элира цу хьокъехь:

«Нохчийн кица ду: «Дас доьзална даьхни, бахам битинехь – дов дитина, ц1е йитинехь – марзо, масла1ат дитина», – аьлла. Мовлди шен оьзда ц1е а, лар а юьтуш д1авахана кху дахарера…»

Журналиста Аболханов Хьаькама «Даймохк» газета т1ерачу шен цхьана говзаран ц1е – «Массо а юьртахь цхьацца М. Пахаев велахьара…» тиллар шен цхьа к1орггера маь1на долуш ду. Мовлди саннарш дукха цахилар, ткъа х1ара дуккха хьехархошна-историкашна дика масал хилар а гойту цо.

Пахаев Мовлдин ц1е юьртара №3 йолчу ишколана тилларан хьокъехь бина сацам а боьшуш чекхделира и цхьаьнакхетар. Оцу балхо гучудаьккхира кхин цхьа бакъдерг а: дика накъостийн хилла Мовлдин, цо бина некъ, цуьнан г1уллакхаш д1атесна дуьтур долуш дац. Оцу цхьаьнакхетарехь хиллачунна иза б1аьрла схьагина. Оцу барамехь д1аяьхьна йолу и суьйре кечъян ницкъ кхочур бацара ийман, доьналла, яхь а йолчу нехан а бен. Дела реза хуьлийла царна. Везчу Дала йоле дуьллийла цара ц1енчу нигатца хьегна къа.

Цу дийнахь Мовлдина дина тоьшаллаш санна, даима кхечарна дика тоьшаллаш деш, нехан диканиг гучудоккхуш, цунах воккхавеш, ша бечу мехалчу балхах вешаш, дош хеташ, адамашца к1еда-мерза ваьхна стаг санна вевзинера суна а Мовлди. И вовзаран беркат а кхечира соьга Мовлдица цхьаьна дешначу Барзанукаев Ахьмадан беркатца. Оцу №3 йолчу ишколехь а, Мовлдин х1усамехь хилла вара со 4 шо гергга хьалха.

Х1ара дош дерзош, суна дало лаьа, со теш а волуш, Пахаев Мовлдис билгалдаьхна шен юьртан историн бакъдерш, кхечеран диканаш:

– Нохчийн халкъан дахаран муьлхха аг1о (Даймохк ларбар, экономика, бусалба дин, 1илма, дешар, могашалла1алашъяр, литература, культура, искусство, спорт…) схьаэцча а, атаг1оша шайн мехала дакъа юкъадиллаза ерг карор яц…

– 100 шо сов хан ю Йоккхачу Атаг1ахь вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ц1ийнах (т1аьхьенах) нах беха. Маккарчу Жумаллайлина т1ера схьа царах лаьцна хаамаш, церан суьрташ ду музей чохь гуччохь д1атоьхна. Тхан юьртахь вуно ч1ог1а лоруш, уьш кхузахь хилар беркат, догц1ена дозалла хеташ, диканехь-вонехь, масла1атехь шаьш боцуш йиш йоцуш нах бу къурайшин ц1ийнах болу атаг1ой…

– Кху юьртара дуккха бевлла махкахь шуьйра бевзаш хилла болу сий-лараме 1еламнах.

– 1941-чу шеран 22-чу июнехь болабеллачу Даймехкан т1еман хьалхарчу миноташкахь дуьйна ямартчу фашисташна дуьхьал леттачарна юкъахь бара атаг1ой. Немцоша шаьш шина сохьтехь схьайоккхур ю баьхна Брестан г1ап ларъеш хиллачу 2 эзар сов ц1еэскархошна юккъехь 300 гергга нохчи вара, шайна юкъахь 22 атаг1о волуш…

– Брестан г1ап ларъярхочо Йоккха Атаг1арчу Кантаев Мохьмада цу хенахь шен хьомсарчу юьртахошка даийтина хилла х1ара весетан кехат:

Ассаламу 1алайкум, сан мерза вежарий!

Маршалла ду шуьга доккхачу кху дийнахь.

Вай вовшийн дезарх къастаза ца девли,

Ва марша 1ойла шу, сан мерза вежарий.

Юьртара 1уьйренаш хазлучу ва хенахь,

Бацаца латтанаш хазлучу ва хенахь,

Вайн Делан рицкъано тхо махках ма дехи,

Ва марша 1ойла шу, сан мерза вежарий.

1уьйренца схьакхета нур дашо можа малх…

Г1оттучу малхаца т1ом болабелла,

Кху т1еман ч1ог1алла язъяла йоьлла,

Тхо Деле дехалаш, х1ай мерза вежарий,

Г1азотан юкъ йоьхкуш тхо г1овттур ду шуна,

Нохчийчоьнан ва ц1арах тхан латар ду шуна.

Къуръанца, есица садалар ду шуна,

Тхо Деле дехалаш, х1ай мерза вежарий…

Дай-нанойн сий дина к1ентий тхо хилча,

Йижарийн, вежарийн сий дина хилча,

И Нана-Нохчийчоь лерина хилча,

Тхуна Ахь гечделахь, х1ай Везан Дела.

Йоккхачу Атаг1ахь пхьоьхана гуллучохь,

Чуртана т1улг бог1ий, гуо белаш, вежарий,

Турпалхойн байракхаш айалаш тхуна,

До1ица, гечдойла, алалаш вежарий…

– Йоккха Атаг1ара Даймехкан т1амехь хилларг верриге 300 сов стаг ву, царах дийна вухавеанарг – 100 гергга ву, ткъа 200 сов атаг1о турпалалица леташ кхелхина т1еман къийсаман аренашкахь Москвахь, Ленинградехь, Сталинградехь, Украинехь, Белоруссехь, Польшехь, Германехь, Чехехь, Словакехь. Къинхьегаман фронте (тыл) вахана а хилла кхузара масех б1е стаг.

Атаг1ара бара 1941-1945-чуй шерашкахь хиллачу Даймехкан т1амехь майра летта б1аьхой: вевзаш волу летчик Осмаев Махьмуд, Магомаев Мохьмад (вевзаш волчу эшаршлакхархочун Муслиман да), Макаев Андарбек, Сулейманов Абубашир, Джандаров Куьйра, Мукаев Баташ, Мусаев Абубакар… Кадрови т1емало волу атаг1о Магомадов Тута т1ом болабелла уьссалг1ачу дийнахь орден яла хьалхатеттина хилла. 1942-чу шарахь шен лаамехь т1ам т1е вахана хилла Экаев Дауд орден йохьуш ц1а веара фронтера, ткъа цул т1аьхьа ахб1е шо даьлча, 1995-чу шарахь, федералаша хьийзочу лулара оьрсийн доьзалехьа г1одаккха араваьллачохь тешнабехкаца вийра иза контрактникаша…

– Вайн хьалха хиллачу дешархошна Ахмадов Мохьмадна, Джандаров Шамильна карийна шайн юьртахойх-ц1еэскархойх лаьцна мехала бакъдерш: хьалхарчунна хиъна, (лакхахь хьахийна волу) Сулейманов Абубашир Краснодарски крайхь, шена х1оттийна х1оллам болуш, д1авоьллина хилар, ткъа шолг1ачунна – Джандаров Куьйра Белоруссехь д1авоьллина а, цуьнан каш, х1оллам сий-ларамца лардеш а хилар. И х1олламаш болчохь хилла М. Ахмадов, Ш. Джандаров…

– Тайп-тайпанчу шерашкахь 1илма 1амош, талламаш беш баккхий кхиамаш бохуш билгалбевллачу атаг1ойн терахь таханлерчу НР-н 1илманан академин декъашхойн, берриг белхахойн терахьал лахара хир дац аьлла хета. 1илманийн докторийн даржашка кхаьчна атаг1ой Айдаев Юша1, Ахмадовг1ар Т1авус а, Явус а, Хамидова Зулай, Навразова Хьава, Батаев Хьасан, Чимаев Сайд-Хьасан и.д1.кх., иттаннаш 1илманийн кандидаташ…

– Социалистически Къинхьегаман Турпалхой бара хелхарча Эсамбаев Махьмуд, латталелорхо Гайтамиров Ширвани…

– Нохчийн хьалхара летчица Насуханова Ляля Йоккха Атаг1ара схьаяьлла ю…

– Литературехь, публицистикехь оьзда лар йитинчех бу Ошаевг1ар Халид, Махьмуд, Нажаев Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Хамидов 1абдул-Хьамид, Саракаевг1ар Бек, Хьамзат, Матиев Ваха, Шаипов 1ийса, Мутушев Ахьмад-Хан...

– Искусствон декъехь билгалбевллачу атаг1ошна юккъехь иштта шайн ц1ераш яха хьакъ бу мукъамийн хазни юкъа доккха дакъа диллина болу Магомаевг1ар, Паскаев Рамзан, кинорежиссер Татаев Илес а…

– Хьарам-хьанал къасто хьожуш, нийсо езаш кху лаьттахь дехачу адамех ю тхан ишколан директор Тасуева Мединат. Ишколехь мел хьоьхуш долу 1илма (предмет) церан говзанчашна санна девзий те аьлла, девза цунна. Мединат ша а, тхан ишколера кхин масех хьехархо а Хьаьжц1ахь хилла ву…

Беркате, оьзда, юьхьк1ам болу лар юьтуш баьхна нах лохуш, уьш бовзуьйтуш ваьхна волу хьехархо-мохкбовзархо Пахаев Мовлди ша а хилла беркате, оьзда стаг! Дала мукъалахь, лелаш долу саг1а хилла, цунна ял гулъеш хир ду цо дуьненахь кхочушдина г1уллакхаш.

Юха ала лаьа:

«Дала декъалвойла хьо, Мовлди, Дала гечдойла хьуна!»

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16399

Порталы государственных услуг