язык сайта

Хьехархочун болх хазбийриг а, иза дош хоьтуьйтург а и болх доггах безаш а, бан хууш а волу хьехархо ву. Вайн махкахь тахана а къахьоьгуш бу къоначу т1аьхьенна шайн дахар д1аделла болу говза хьехархой. Ткъа хьехархочун болх б1аьргана гуш йоцу, амма шен т1аьхье йоккхаееш йолу кхолларалла ю. Хьехархочо кхуллу берашкахь дика амал, кхиадо деза г1иллакх, оьздангалла. Хууш ма-хиллара, дуккха а бу вайн нохчийн мотт безаш, дика хууш болу тоьлла хьехархой.

Ишттачарах цхьаъ ю Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь болх беш йолу Асхабова Лайлаъ. Шех массо аг1ор масал эца мегар долуш оьзда адам, дика хьехархо ю иза. Шен духарца, х1ора схьаолучу дашца, г1иллакх-оьздангаллица, хьекъалца, собарца институтехь къаьсташ ю Лайлаъ. Цо шен дахар ненан маттах а, литературах а дозарх цецволийла дац.

Схьахетарехь, бераллехь дуьйна а дагчохь 1алашо йолуш хилла Лайлаъ вайн ненан мотт к1орггера 1амо а, т1аккха шен студенташна иза д1ахьеха а. Нохчийн матте, литературе болу шен безам студенташкахь кхоллар – къаьсттина мехала, коьрта г1уллакх лору цо.

Дуьххьара тхо деша дуьйладеллачу дийнахь дуьйна, тхо массо а шен бераш санна леладора Лайлаа. Шовда санна сирла, ц1ена, даггара безам бара цуьнан тхоьга массаьрга а. Суна ч1ог1а хазахетара иза тхешан «паре» еача. Цо хаза буьйцура нохчийн мотт.

Бераллехь дуьйна ша цаьрца кхиъча санна бовзийтара тхуна цо вайн башха сийлахь яздархой: Бадуев Саь1ид, Окуев Шима, Арсанукаев Шайхи, Мамакаев Мохьмад, Сулаев Мохьмад, иштта д1а кхин а. Йоккхачу говзаллица, хазачу маттаца, х1оранна а дагчу кхочуьйтуш дуьйцура цо церан сибатех, цара язйинчу байтех, дийцарех лоций. Цунна хаьара х1ора произведени т1ерачу х1ора коьртачу турпалхочун васт х1отто, уьш хьуна а, шена а гуш болуш санна дийца. Аса ч1ог1а сатосура иза сихха балха схьаяре. Иза балхахь йоцучу дийнахь сан ч1ог1а сагатлора.

Шо-шаре мел дели ч1аг1лора цо тхан, нанас шен берийн санна, ден дола. Сесси т1екхаьчча тхол а ч1ог1а ша и экзамен, зачет д1аяла езаш санна тхуна сагатдеш хуьлура и. Тхо цхьацца мероприятешка, Сатуев Адаман, Мамакаев 1аьрбин музейшка дуьгуш, тхуна хазахета, тхан самукъа долу х1ума лело хууш яра Лайлаъ.

Тхо институтера дешна девлла кхо шо ду, делахь а аса денна дагалоьцу тхешан куратор, нохчийн мотт а, литература а тхуна доггах хьехна йолу Асхабова Лайлаъ. Нохчийн меттан де даздеш х1ора шарахь тхоьга институте кхойкху цо. Цу т1ехь суна даггара баркалла, Дела реза хийла ала луур дара вайн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а. Цо и нохчийн меттан де юкъа ца даьккхинехьара, х1ора шарахь тхо иштта цхьана кхетар дарий хаац.

Ас х1инца а ойла йо: Лайлаа ешаза книга а, цунна ца хууш нохчийн маттах лаьцна х1умма а дуй-те, олий. Ахьа х1уъа хаттар шега дича а, эсала ела а къежий, нийсса жоп лора цо. Цкъа а ца алара, айхьа лаха жоп, карор ду хьуна. Дуьйцура муьлххачу теманех, вайн яздархойх лаьцна.

Лайлаан къинхьегамах лаьцна дийца дуккха а дара. Делахь а дерзош ала лаьара, Дала айхьа юьхьарлаьцначу балха т1ехь а, дахарехь а ирс-аьтто нислуш, безачеран, бевзачеран вуон ца гуш, могаш-маьрша, ирсе, дуккха а шерашкахь яхайойла хьо. Хьо йоккхаеш дог1ийла хьан дахаран х1ора де а. Хьан сирла сатийсамаш даима кхочушхуьлийла.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16508

Порталы государственных услуг