язык сайта

Жима велахь а, цхьана тамашийначу хIуманан тидам бина аса. Апрель бутт герга бан боьлча, нохчийн маттах лаьцна йолу стих я кхин хьекъале аьлларг лаха араволу жима а, воккха а, хьехархо а, дешархо а. Иза дика билгало ю, дика г1иллакх ду. Тхаьш ара а девлла лехнарг, цкъа 1амийнарг тхуна а (дешархошна) дика дагахьлаьтта, иэсехь дика ларло ишттаниг.

Халкъан кица а ма ду вайн: «Жимчохь 1амийнарг т1улга т1е яздина йоза санна ду, воккха хилча 1амийнарг ша т1е яздина йоза санна ду», – аьлла.

Амма суна цхьа кхачамбацар го вай дуьйцучуьнца доьзна. Цхьана хена чохь дан дезаш гIуллакхаш хуьлу дахарехь (марха кхабар, дастар, ялта чудерзор, синтарш дIадер, экзаменаш дIаялар, дешаран керлачу шарна кечамбар, белхех вахар…), даима дан дезарш хуьлу (Дела цхьаъ вар, Делан Элча, Делера салам-маршалла хуьлийла цунна, бакъвар, да-нана ларар, цаьршинна муьт1ахь хилар, ойла, дег1 а ц1ена латтор, г1иллакхе хилар, х1аваъаца садаIар…).

Къуьйсийла доцуш, мотт безар, ларар, 1амор, говза, нийса, ц1ена бийцар оцу шолг1ачарна юкъадог1уш ду. Иштта аса х1унда боху? Дера боху, мотт ца хиъча адамийн юкъаметтигаш, уьйраш чолхе хир йолун дела. Мотт ца хиъча, 1илманашлахь а 1илма долу (наука, наук) хьесапдаран 1илма (математика) 1амалур дац, кхидолу 1илманаш 1амалур дац. Шен мотт ца бевзича, кхин меттанаш муха девзар ду стагана?! Ткъа дешна воцу стаг – иза стом ца лучу диттах тарво нохчийн кицано.

Кху шара, Нохчийн меттан денна кечамбечу хенахь, тхайн дегахула цхьа дийцар девзира суна (цунна а 30 шо гергга хьалха дуьйцуш хезна ду иза). Бен доцуш ца витира со оцу дийцаран чулацамо, шуна а иштта хетар ду аьлла ч1аг1дан х1уттур вара со.

Оцу т1ехь иштта дуьйцу:

«Немцошца хиллачу Даймехкан тIаме вахана хила жима стаг. Ницкъ ма-кхоччу летта иза мостагIчух, амма, ца луъушехьа, мостагIчун каравахар нисделла цуьнан. Германехь висна иза, цигара шена зуда а ялийна. Шен цIа са ца гатдеш ца Iийна хIара, амма тIехIоьттина даьллачу хьолехь ша хаьржина некъ гIолехь карийна кхунна.

Самах а, гIенах а кIантаца дехаш хилла винчу ненан сурт, амма ненах дерг цахааро дагна ницкъ бора. Шен оьздачу маттахь, хIара яхьах ца вохийта дош олуш, нанас тIаме хьажийна вара шен кIант.

ТIом чекхбаьлча а шен кIантах лаьцна цхьа а хаам ца кхаьчча, нанас шена тIе Iаьржа духар дуьйхира. Оцу духарца хIора сарахь кетIа а йолий, цигарчу гIанта а хоий, юьрта чу богIучу новкъа бIаьрг бетташ Iара и ехха. КIантана иштта цо сагатдира ткъе итт шарахь гергга.

Даймехкан тIамехь халкъо толам баьккхина 30 шо а дуьзнера хIинца. Шен Iаьржачу духарца нана кетIа яьллачу хенахь кхаьрга веара вевзаш воцу хьаша. Цо дийцира ша путевкица Германе вахарх, цигахь шена дайнарг.

Германехь вехаш волчу оцу ненан кIанта дехар дина хиллера шен Даймахкара веана стаг шена гича, ша вина-кхиъначу юьрта гIой, дийна елахь шен нене кост дIатохахьара аьлла.

Хьешо нене дийцира:

– Хьан кIант дийна ву, могаш ву, Германехь вехаш ву иза шен доьзалца. Хьо йолуш юй хьажий, хьоьга маршалла ло бохура. Аьтто балахь, ган доьгIнехь – гур ду бохура…

Хьаша хIусаме кхайкхина, цунна юург-мерг елира бухарчара. Нанас шен Iаьржа духар а хийцира. Хьаша новкъа ваккха шаьш кетIа девллачу хенахь, цIеххьана шена дагадеана хаттар дира нанас хьеше:

– Дийцахьа, къамел муьлхачу маттахь дира ашашимма?

Жима воха а воьхна, хьешо жоп делира:

– Немцойн маттахь…

Хьаша дIа а вахале, сихха чу а яхана, шен Iаьржа духар юха а тIедуьйхира нанас. ТIаккха элира, хьешана хезаш:

– Иза сан кIант вац, цо шен ненан мотт бицбинехь. Иштта ца Iамийнера аса иза…»

Вешан мотт бийцахь, 1амабахь, ларбахь, оцу немцойн махкахь ваьхначу стагах тарлур дац-кха вай т1аккха. Дийцаран масало хаза кхетам ло вайна.

Ненан мотт ларбан, мазал мерза бийца, цунах дозалла дан хьуьнар, доьналла лойла вайна Дала!

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 17639

Порталы государственных услуг