язык сайта

Нохчийн къоман мехкарийн дешарна тIехь шен заманан цхьа дакъа дIалаьцна яра «Мехкарийн 15-гIа школа-интернат». Юккъера школа чекхъяькхича, лаам болчунна, юьхьанцарчу школехь болх бан хьехархой Iамабора цигахь. Ала деза, оцу заманан лехамашна жоп лун хаарш лора интернатерчу «педклассо».

Цигахь дешна, 1966-чу шарахь, ша ехачу СемаIашкарчу бархIшеран школе хьехархо еара къона йоI Эстамирова Серижа. Заочно деша а хIоьттира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан «Юьхьанцарчу классашна хьехаран методика а, педагогика а» факультете. Ша дуьххьара школе яхначу а, дуьххьара белхан некъ болийначу а школехь цхьана шарахь болх бина, дахаран дIахIоттам хийцабаларна, I967-чу шарахь, ТIехьа-Мартан №1 йолчу школе юьхьанцарчу классашна хьеха йолаелира. Кху тIаьххьарчу 35-тта шарахь Серижа къахьоьгуш ю ТIехьа-Мартан №4 йолчу юкъардешаран школехь. Кхушара цуьнгахь 2-гIа класс ю. Керлачу стандартийн буха тIехь болх беш ю иза хIокху классехь.

«Серижа чIогIа лехаме, цхьа тамашийна шен балха чу садиллина хьехархо ю, – дийцира цунах лаьцна школин директора Хатуева Зинас, – иза хьехархо-говзанча, хьехархо-хьехамча, хьехархо-похIманча ю. Цунах Iема тхан къона хьехархой. Серижас Iамийна 4-гIа класс схьаэцар сийлалла хета тхан хьехархошна, уьш кIорггера хаарш а, лаккхара низам долуш а хиларна. Доцца аьлча, тхан йоцуш ца тера хьехархо ю-кх Серижа!»

КIезиг болх бац цкъа а са ца доIуш, кIордийна а дIа ца тосуш, 47 шарахь хьехархочун болх бар. Цунах дерг шега хаьттича, Серижас ойла ца еш жоп ло:

«Бераш дукхадеза суна. Къона йолуш-м балха тIера мукъа хан хилахьара олий а хетара, ткъа хIинца, ши-кхо де даьлча, сагатло «сайн берашна».

Шен берийн хаарш а гайтира цо: «Муьлхачу махкахь дехаш ду вай?», «ХIун цIе ю вайн коьртачу шахьаран?», «Мила ву Россин Президент?», «Мила ву Нохчийчоьнан Куьйгалхо?», – оцу тайпана хаттарш дира берашка, цара сихха жоьпаш а лора.

– ФГОС юкъаялоро гIо дина я новкъарло йина? – шега хаьттича, цо дийцира:

– Муьлххачу а заманан шен лехамаш бу. Дешаран Iилманехь, хIетте а, уьш кест-кеста а, керл-керла а хила безаш бу. Со болх бан йолалуш кхин аьттонаш, кхин таронаш, кхин лехамаш бара школерчу дешаран. Ткъа тахана, хьайн белхан охIла хьо велахь, болх ца балуш вуьсур вац, амма алапа алсам ду хIинца школехь аьлла, хьо школе вагIахь, харцо хила а там бу. Школа вайн кханенан дахаран декъашхой, цуьнан дIахIоттаман бухбиллархой кхиош йолу меттиг ю. Цунна тIехь вайн Куьйгалхочо ма-баххара, гIиллакхца, оьздангаллица, яхь-юьхь йолуш, шен къоман дерг коьрта лоруш болу кегийрхой, къона тIаьхье кхиор коьрта ду. Оцу некъана аьттонаш кхуллуш ду школера таханлера хьал.

Цхьа хьехархо, цуьнан дийцар хилла ца Iа хIинца урокехь. Электронни технологеш юкъаялоро баккхий аьттонаш кхуллу хьехархошна. Интерактивни у тIехь болх баро керла таронаш йоьллу, вайн зама, дахар, дуьне кхиаре терра, дукхе-дукха хIумнаш довза а, цаьрга нисса берийн кхетам кхион а. Къоначарна-м, хIетте а, чулацаме хета хIинцалерачу дешаран декъера керланаш, тхо, даккхийнаш а керлачу ницкъаца къахьогуш дохку оцу декъехь. Дала аьтто бойла вайн хьехархойн, вешан къоман керла тIаьхье къоман долчуьнца, заманца йогIуш кхио, кхето, – дерзадо Серижас шен къамел.

Туганов Абуезид а, Эстамирова Серижа а къоман къона тIаьхье кхиорна юккъе йоккха хазна йиллинчех бу. Дала аьтто бойла церан.

«ТIехьа-Мартан №4 йолчу юкъардешаран школехь болх беш чIогIа бертахь коллектив ю, – элира ТIехьа-Мартан дешаран декъан хьаькаман декхарш кхочушдечу Керимов Совбана, – ала деза, уьш шайн белхан декхарш дика кхочушдеш а, школа схьайилличхьана а кхолладелла цхьа билггала ламасташ долуш а хилар. Дешархошна дика го хьехархойн вовшашца болу лерам, цара гуш долчух масал сиха а, атта а оьцу, дукха дуьйцуш къахьоьгуш долчул а.

Коллективан са доллу меттиг ю ала йиш ю Туганов Абуезид. Иза дахар а, адамаш а, бераш а дукхадезаш стаг ву. Дагаев Валида олуш ма-хиллара, вон нах цунна ган а ца го, диканиш цунна тIех а ца бовлу. Шена гонаха оцу дикачу адамийн гIап йина вехаш ву Абуезид. Дика дешарца а, к1оштан юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарца а, гIиллакхе, оьзда хиларца а къаьсташ бу кхеран дешархой а».

К1оштан дешаран декъан куьйгалло иштта лаккхара мах хадор, школан хьехархойн а, дешархойн а коллективана шайн болх кхин а дикаллин лаккхарчу тIегIане кхачон тIедожош хиларх дика кхета уьш.

Дала тIаьхье беркате йойла.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 14340

Порталы государственных услуг