язык сайта

«Сан герз – иза бакъонан дош ду, оцу герзаца аса муьлхха а мостаг1 эшор ву».
(А-Хь. Кадыров).

* * *
«Нохчийн мотт бицбар вайна эхь ду… Вайн нохчийн мотт, яхь, г1иллакх-оьздангалла юхаденъярехь, вайн къам ч1аг1дарехь къахьоьгур долуш ву со, цу т1ехь накъосталла оьшучунна аьтто бан бакъо а, таро а йолуш а ву со…»
(Р. Кадыров).

* * *
«Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адамийн ойланан уггар а к1орггера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьал долуш бу».
(П.К. Услар).

* * *
«Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
(Л.Н. Толстой).

* * *
«Къомана хала киртиг т1ех1оьттича, оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг шен къоман меттан оьзда а, ц1ена а, лараме а дош ду. Нагахь санна и дош ала куьйгалхой ца хууш я юьхь йоцуш белахь, бохам хила герга ду…»
(М. Овхадов).

* * *
«Шен мотт цахаар ду Дала тохар, цул доккха зулам хила йиш а яц, юха а и цхьаъ доцург – халкъана шен мотт цаэшар. Мотт боцург – халкъ дац; царах адамаш олу, человеки, уьш шина кога т1ехь лелаш хиларна… жимачунна т1ера долало доккха зулам я иза – мотт цахаар – жима зулам а дац, иза – къематде ду, дуьненчохь халкъе х1уттуш долу къематде. Со цу къематдийнах кхоьру, де-дийне мел долу вайн халкъана гергакхочуш лаьттачу…»
(М. Бексултанов).

* * *
«Нохчийн мотт цахаарх стаг вахалур ву, рицкъа а даккхалур ду (иза коьртаниг делахь), амма шен къоман башхаллех, билгалонех стаг д1ахедар ву. Шен дайшца з1е д1аер ю-кх. Дийнатех тарлур ду-кх вай… Дела реза хинволу г1уллакх дац иза. Сийлахьчо вай нохчий долуш кхоьллина, вайга иза хетта а ца хоьттуш. Делан лаамна вай реза ца хилча довлац…»
(М. Ахмадов).

* * *
«Вай вешан меттан лерам баран билгало а, къоначу чкъуран ненан матте безам кхиоран мехала г1ирс а бан беза Нохчийн меттан де билгалдаккхарх. Хенан йохалла, дуьххьара ненан ц1е яккхар а, де доьхча Деле кхайкхар а, диканан шовкъехь «х1орстоъ» алар а цхьаъ долчу массо нохчийн синхаамна жоп луш, вайн ойла цхьаьна юзуш, боккъал Деза де хилла д1ах1отта деза и де. Иштта хилийтарехь дакъа лаца мел луучун а Дала аьтто бойла!»
(Хь. Аболханов).

Последние документы из категории "Инновационная и национальная образовательная политика"

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 13070

Порталы государственных услуг