язык сайта

Дуьнен тIе волуш дуьйна а глаукома лазар долуш ваьлла Абуезид. Бакъду могашаллина оцу тайпана эшам боллушехь, вайн юкъараллин дахарехь дуьззина дакъалоцуш ву иза. Абуезид ца вевзаш наггахь а стаг вац хIокху кIоштахь. Кхузахь хьовха, республикехь а дIахьочу юкъараллин цхьаьнакхетаршкахь дакъалоцуш ву иза, даима а чIурам санна къегина, дуьненна а къинтIера ваьлча санна велакъежна, даггара адамаш дезаш, цаьрца шен дикалла, дегайовхо йоькъуш, хьаьнцца а стеннах а лаьцна дийца къамел долуш ву. Иза гуш воцуш, цуьнан къамел хезачо, Абуезид бераллехь дуьйна а бIаьрса доцуш ву эр а дац.

Цуьнан бIаьргех дохку, маьлхан серло чекх ца йолуьйту Iаьржа куьзганаш сайна гушшехь, хала дара суна 5-чу «Б» классехь «пени» урок луш, берашна тIевирзина стоьла хьалха лаьтташ волу лекхачу дегIахь, детех лепаш сирла корта болу хьехархо бIаьрса доцуш ву ала. Стоьла тIехь Iуьллура цуьнан белхан накъост – пондар. Вайна массарна а оьрсийн маттахь евза «Сийначу хьостанах долало доккха хи санна, велакъажарх долало доттагIалла», – башха дешнаш юккъехь долу «Улыбка» («Велакъажар») йиш дешархошка дIаязйойтуш, тIаккха цуьнан мукъам бовзуьйтуш, юха иза берашца цхьаьна дIаолуш, къахьоьгуш воллура иза.

Доллучул а тайра суна, берашна ца кхета тарло аьлла хетачу дешнийн маьIна Абуезида довзийтар:

«Набарха хьун а ер ю, шен баьццара тIараш цо тухур ду», – дуй-те хьуьнан тIараш?» – хоьтту цо берашка.

Вукхара мел сиха жоп ло:

«Куьйгийн метта генаш а, царна тIехь гIаш а дегадо хьуьно».

Тардинчу маьIнехь и дешнаш аьлла хилар а билгалдоккху хьехархочо.

Доцца аьлча, оцу урокехь оьрсийн маттахь берийн йиш йовзийтина ца Iийра Абуезид, цо дешнаш гочдора, маьIна достура, сацаран хьаьркаш мичахь хIиттон деза хьохура. Хала дара цхьа «пени» урок цунах ала. БIаьрсил а цIена, дегасица гора цунна, мисхал а бер ца кхетта я яздарна тIаьхьадисна меттиг.

«Дависарг, цхьацца болчу бIаьрса долчу вайн хьехархоша иштта доггаха а, шаьш дуьйцург иштта кIорггера девзаш а урокаш лахьара, ма кхеташ бераш хир дара вайн», – ойла хилира сан.

«Абуезид башха географ а ву, – цуьнан къайле яьстира школан директора Хатуева Зинас, – ткъа карта мел дика девза цунна! «Каспийски хIорд цхьажимма дIанехьуо бу», – аьлла, цкъа урокехь цо дешархочун гIалат нисдича, цунна дешархо а, цо гойту хIорд а ца го аьлла, хетар дацара.

Дагца, сица башха сирла са го Абуезидна. БIаьрса дацара аьлла ца Iаш, кхечу хьехархоша санна, урокана кечам бо цо. Цуьнан урокан планаш талла мелла а ийзалуш со хилар хааделира цунна.

«Сан планашка хIунда ца хьожу хьо?», – аьлла, сох бехк а боккхуш, ша шен элпашца язйина планаш схьайийшира цо.

Ала деза, Абуезид лаккхара дешар дешна а, «Россин Федерацин юкъара дешаран сийлахь белхахо» а, «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» а ву. Цуьнан хIусамнана а ю тхан школехь юьхьанцарчу классашна хьоьхуш. ХIара 14-гIа шо ду оха цхьаьна белхаш бо. Ткъа ТугановгIар школехь къахьогу 33 шо ду. Цхьа кIорггера жоьпаллин стаг ву Абуезид».

Гуш дара, куьйгалхочунна шен хьехархочух лаьцна дийца дуккха а диканиг хилар. Атта ца хилла Абуезидан дахаре а, шен корматалле а болу некъ. Соьлжа-ГIаларчу бIаьрзечу а, бIаьрса ледара долчу а берийн интернатехь дешна цо. Цигахь кхоллабелира эшаршка безам а, Iемира пондар лакха а. Интернатехь 9 класс чекхъяьккхина, Москварчу ишттачу интернате деша вахара, тIехдика дешарца цигахь 11 класс чекхяьккхира цо.

«ХIинца санна, дахаран зиеделларг долуш со хиллехьара, циггахь консерваторехь дешна хир дара ас, – боху Абуезида, – амма и эшам меттахIоттийна ас Брайлан шрифтаца Къуръан деша а Iамийна. Ерригроссин конкурсехь дакъалаьцна, кхоалгIа меттиг а яьккхина, и бахьана долуш Кувейте а вахана, церан Арахьарчу зIенийн министран заместитела совгIат а дина», – шен кхиамех воккхаве Абуезед.

Шен дахаран цхьа де а, сахьт а эрна ца дойу цо. Тахана а хIокху школехь лакхарчу классашкахь географи а, 5-7-чуй классашкахь эшаран урокаш а ло цо, к1оштан Берийн кхоллараллин цIийнахь хоран кружок а лелайо, цу тIе, билгалдаьккхина ма-хиллара, Къуръан Iамош а ву.

Ша похIма долуш хьехархо хиларе терра, цунна сиха вевза похIмаллин ачо йолу дешархо. Иштта хилира иллеш аларца шен дахаран некъ карийначу Хаджаев Рамзанан дахарехь а. Иштта дика бацахь а, цуьнга гIурттуш дешархой Абуезидан алсам бу.

БIаьрзе воллушехь, башха Iилма долуш, оьзда, гIиллакхе, дахар, адамаш, бераш, дуьне дезаш, девзаш стаг ву Абуезид. Цуьнан амалан оцу агIонах эца доккха масал ду бIаьрса долчу кхечу хьехархойн.

Луур дара, иштта башха адам а, башха хьехархо а, ТIехьа-Мартан к1оштан юкъараллин дахарехь оьшуш а волчу Абуезидна Дала могашалла латтайойла шен лехамаш, дагахьбалламаш кхочушбан. Ирс-аьтто хуьлда доьзалехь а, дахарехь а.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16808

Порталы государственных услуг