язык сайта

(Малхбузен къаьмнийн дийцар)

Шен керлачу машенахь цхьа жимастаг вогIура. Вуно чехка вогIура иза, шен дахар зовкхе хеташ, самукъа а даьлла. ХIара маьлхан дуьне, кхечу кепара хила йиш йоцуш, шен хеталора цунна.

Иштта хIара вогIучу хенахь, цхьа гIовгIа елира. Шен машенан агIон тIе цхьа хIума кхетча санна хийтира жимчу стагана. Лерина ладоьгIча хиира цунна, цхьана кIанта машенна тIулг тоьхна хиллера. Машен саца а йина, цу чуьра сихха охьавоьссира жимастаг. ЧIога оьгIазваханчу кхуо, кIентан кач-белш схьалецира.

– Кху машенан мел мах бу хаьий хьуна? – бохуш, мохьбеттара жимчу стага.

КIант кхеравеллера. Вист а ца хуьлуш, цхьана агIор ишар ярца гойтура цо. Жимастаг некъа тIе хьаьжира, шен машенна масех сантиметр уллохь жима бер гира цунна, юххехь – хаьрцина лаьтташ заьIапхочун гIудалкх яра.

– Хьо тIех чехка вогIуш вара, хьуна иза гойла дацара. ЗаьIапхочун гIудалкх чуьра охьадоьжнера и бер… – бехказвала гIертара кхеравелла кIант. – Цундела хьан машенна тIулг тоха дийзира сан, долуш долчу хьолах хьо ма-дарра кхеторхьама. Бехк ма биллалахь суна.

Некъахь Iуьллучу берана тIе а вахна, иза схьа а эцна, юха оцу шен гIудалкх чу диллира жимчу стага. Цуьнан юьхьбос берриг хийцабелира, оцу кIанта шен машенна тIулг ца тоьхнехь хила тарлург шена дагатасар бахьнехь.

Оцу кIантана тIе вахана, цунна баркалла элира жимчу стага. Шен машен ремонт яйта ца йигира цо. И ша ма-ярра Iадйита сацам бира, дахарехь цхьа а адам ца гуш сихвала мегарг цахилар шен кIорггерчу иэсехь даима латторхьама.

Дала сих-сиха шабарца вайн дегнашка хаам бо, ткъа вайна ца хеза. Цо тIаккха, цаваьлла, тIулг туху вайна.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 17639

Порталы государственных услуг