язык сайта

(Оьрсийн дийцар)

Хенара стаг волу да а, кIант а шайн цIийнан лабана хьалха хиъна Iара. ТIемадаьлла деана олхазар цаьршинна юххе охьахиира.

Дас хаьттира: «И хIун ю?»

Газет доьшучуьра саца а ца соцуш, кIанта жоп делира: «Хьоза ду».

Масех минот яьлча а дас хаьттира, уллорчу хьозанна ишар еш: «И хIун ю?»

КIанта, ша резавацар гойтуш, хьалхачул а чIогIа жоп делира: «Хьоза ду».

Кхин цхьа минот яьлча а воккхачу стага хаьттира: «И хIун ю?»

КIанта, оьгIазвахана, мохь туххуш, жоп делира: «Хьо кхеташ вац! Хьо-за ду! Хьо-за ду!»

Цул тIаьхьа, хала а хетта, да цIа чу вахара, юха аравелира иза, шен карахь ша цхьацца тидамаш дIаязбеш лелош долу тептар долуш. КIантана юххе охьа а хиъна, цу тептарна тIера ша масех шо хьалха дIаяздина хилла могIанаш дийшира дас:

«Январь беттан ткъоалгIа де ду тахана. Вайгара жимачу кIантаца беша ваьллера со. Сих-сиха суна юххе вогIий, дехьо долчу хьозанна ишар еш, беро хIоразза хоттура соьга:

«И хIун ю?»

Массо хIума хаа лууш долчу беро ткъозза гергга дира соьга и хаттар, ткъа аса, иза хьаста а хьостуш, цунна барт а луш, хIоразза жоп лора: «Хьоза ду», – олий».

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16362

Порталы государственных услуг