язык сайта

(Айдамиров Абузар дагалоцуш)

Кху шеран май беттан 27-чу дийнахь барх1 шо зама яьлла махкахь г1араваьлла стаг, нохчийн къоман яхь-юьхьан куц-сибат а хилла ваьхна волу яздархо Айдамиров Абузар, вайх къаьстина, Далла дуьхьал вахана. Дала гечдойла цунна!

Шайгахь к1орггера хьекъалш а долуш болчу, Абузарца юкъаметтигаш лелийначу наха дукха лакхара мах хадийра цуьнан. Кху шеран 20-чу майхь яздархо ваьхначу кертахь вовшахкхеттера нохчийн яздархой, поэташ, актераш, иштта Абузаран гергара нах, цуьнан кхолларалла езарш. Шаьш дешан говзанчаш хиларе терра, яздархочух лаьцна дика къамелаш дира царах х1орамма: Мамакаев Эдуарда, Бурчаев Хьалима, Дадашев Райкома, Гапуров Шарпуддис, Азаев Хьамида иштта д1а кхечара а.

Ткъа со мог1арера вахархо ву. Со санна, мог1арера бахархой дукха ма бу Абузар вевзина, х1ора денна бохург санна цуьнца хьо-со деъна, к1орда ца деш, цо динчу къамелашка ладег1на нах. Оцу кепара мог1арерачу нехан дегнашкахь Абузара яха йитина лар сайн дешан «говзаллин» барамехь гайта кхоллабеллачу лаамца дош ала лиънера суна.

Вайна гуш-хууш ду, юкъаралло вовшашца лелош йолу юкъаметтигаш яхь-г1иллакхийн баххаш т1ехь лелош хилар. Цхьаболчара 1адат ду бохуш леладо. Дуьххьал д1а, къоман я нехан кхардамах кхоьруш бен г1иллакхца герго ца дезарш а хуьлу. Амма Абузар нохчийн амал а, яхь-юьхь а, хаза мел долу къоман г1иллакх а шен ц1ийций, дагций, кхетамций, дашций дуьззина долуш стаг вара. Нахаца мерза вара.

Шен корматаллица г1араваьлла яздархо, публицист, историк вара Абузар. Цундела махкахь а, махкал арахьа а дика везаш вара. Шегахь долчу къоман иэсо магийнарг а, ца магийнарг а шен белхаш т1ехь, г1уллаккхашкахь, дешархошца цхьаьнакхетарш хуьлучохь нехан кхетаме д1акхачор коьрта 1алашо яра Абузаран.

Цуьнца къамеле вала атта дара, иза массаьрца а цхьатерра вара. Берашка а, кегийрхошка а, воккхачуьнга а цхьатерра ларам бара цуьнан. Хьал-де хаттар а дара Абузаран цхьа ша-кепара аьх-на. Цкъа а ца олура цо: «Шун юьртахь х1ун ду, муха ду?» И «шун-тхан» боху дош дезаш вацара иза.

«Х1ун ду диехьа, муха ду вайн йиша-ваша?», – олий, хоттура цуо хьал-де а.

Цхьа-ши дош бен дац хуьйцуш дерг, ткъа ойла йича, мел адамалла йоллу оцу дешнашкахь! Шен кхоллараллин белхаш т1ехь, вай муьлханиг схьалаьцча а, вайн къомана диканиг лууш, къоман аьрха амалш, сакхташ, къомана зуламе дала там болу г1алаташ далхадора Абузара.

Вайнехан олуш ду-кх: «Дика доланча х1ума хилале воьлху».

Абузар къомана бала т1е х1отталле, хьалххе воьлхучарах вара. Амма х1онс, даржаш лохуш, мухха яьккхина а, ц1е яккхийта г1ертачу наха цуьнга а, цуьнан тобане а ла ца дуьйг1ира. Т1аккха, вай лайна ма-хиллара, махкана ондда зулам а делира.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гечдойла цунна) вайн мехкан коьрте х1оьттича, Абузар волчу веара. Д1абоьдуш т1ом а болуш, ч1ог1а луьра мур бара иза. Ахьмад-Хьаьжас, т1едог1учу винчу денца декъал а веш, совг1ат дан лаам д1акъадийча, Абузара аьллера Ахьмад-Хьаьже:

«Уггаре доккха совг1ат дара шена, шен дахарехь х1окху еа-пхеа юьрта газ ялийна де гича».

Ахьмад-Хьаьжас, оцу луьрачу т1еман хьовр-зовр юккъехула, йоццачу хенахь кхочуш бира яздархочун лаам. Оцу шина къонахчун цхьаьнакхетарх даьлла беркат ду тхан ярташкахь ягоригца даима а лаьттина хало д1аяларан бахьна. Г1о иэшна шена т1евеана стаг, дог оьций бен д1а а ца вохуьйтура Абузара.

Шен статьяш т1ехь а, кхиболчу белхаш т1ехь а Абузаран дагна 1ет1къаш дерг вайнах стеннах а 1ехалуш хилар дара. Къаьсттина новкъа дог1ура цунна вайнах даима а кхечу къаьмнаша шайх д1акъастийначу «маргиналаша» 1ехор. Вайна гонахарчу къаьмнаша шайна зуламе ваьлла стаг махках воккхура, х1инца а воккху, амма оцу тайпа нах Нохчийчу кхаьчча, вайна царах эвлаяаш тарлора, цара хеста а беш, 1ехийна адамаш, къаьсттина кегий нах, исторехь хийла «бердах кхийсина» меттигаш дукха ялийна Абузара. Цуьнан цу хьокъехь далийна масалш ду статьяш т1ехь а, «Вайн амалш» ц1е йолчу жайни т1ехь а.

Абузара «Вайн амалш» нохчийн къоман ХХI-чу б1ешарахь т1ейог1учу т1аьхьенан иэсе д1акхачо язйина ю. Тахана а оцу жайнин чулацамах пайда оьцуш кегий нах хилча, уьш кепеко, хазчу хабаро, муьлх-муьлххачо 1еха а беш, Сирехула, Египтехула д1ахьийсор а бацара. Вайн сиркхонаш, къинош, лазамаш, амалш ма-ярра вайна гайтина, язйина охьаехкина Абузара. Амма вай к1еззиг тидам т1ебохуьйту ишттачу хьехамчаша, къаноша вайна дитинарг дахаре дерзорна т1ехь.

1аламат ч1ог1а къомана пайдехьа философски маь1на долуш болх бу «Вайн амалш» ц1е йолу жайна. Школашкахь хьехархоша – дешархошна гайта а, доьзалехь дас-нанас – доьзална гайта а, хьаькмаллехь волчо – шайн къомана дало а тахана а шен маь1ница к1оргера чулацам болуш масалш дитина вайн Абузара. Оццу масалшца т1екхуьу т1аьхье кхио мел хала делахь а, вайн къоман лазаме амалш, чевнаш, къинош лахдан, дайдан йолчу 1алашонца болх бар а, вайн д1абаханчу дикачу к1ентийн весеташ, лаамаш дахаре берзор а вайн хьехархойн а, доьзалийн дайн а, кхетамна лакхара болчу нехан а доьналлех доьзна ду. Ша йозанца мел бина болх, къомана дикане сатуьйсуш, бохамех, г1алатех вайн къам лардалийта лаам болуш бина Абузара.

Абузар Мехкан к1ант вара, къоман хьехамча вара, оьздангаллин б1ог1ам бара. Цуьнан кхоллариллица уллера герго долуш кхиъна нохчо, махкана хьанал волуш кхуьург хиларх шеко яц. Абузара шен коьрта произведенеш язйина Советан 1едал ч1ог1а ч1аг1деллерачу заманчохь. Къаьсттина луьра дара и 1едал вайн республикехь. Амма оцу луьрачу хенахь Абузара лап-аьлла самадехира вай.

Вайх дукхах болчарна хууш дацара нохчийн жимчу къомо иттанаш шерашкахь т1амца шен къоман парг1атонехьа къийсам латтинийла а, ца хаьара нохчийн къоман тоьлла дакъа малхбале мехкашкахь мух1ажарийн кхаж баьлла доьхна леллий а, хууш дацара вайн къоман яханчу хенахь дуьненна а бевзаш туьрадай (полководцаш) хиллий а, цара х1ун лелийна а, ца евзара церан сийлахь ц1ераш а. Ткъа вайх лаьцна сакхте дерг ала а, вешан «цамгар» вовшашка йийца, хьехо вай лууш я вовшех «даьхьаш» а дацара. Иштта, вайх долу лазаме кхачамбацарш дийцаре дан а, уьш д1ахеръян а некъ баьккхира Абузара.

Боккха кхиам бара иза. Амма мел кхиаме ша кхачарх а, дагчу куралла ца йоьссира яздархочунна, дарже вала а ца г1иртира, мог1арерачу нахах хер а ца велира. Оцу амало цхьаццаволчун (бакъ дерг цадезачун) цуьнга хьаг1-гамо кхоллаялийтина хила а там ду, амма нехан дегнаша къобалво шайца вог1ург. Цундела халкъо тешам белира Айдамиров Абузарна, СССР-н Лакхарчу Кхеташонан депутат хоржуш. Оцу лакхарчу дарже ша кхаьчна аьлла шен амалх а, боларх а ца вуьйхира.

«Еха буьйсанаш» роман араяьлча, Абузарна новкъарлонаш йина а, шайна тасалучу барамехь цунна ког тийсина а нах болуш бара т1аьххьалц. Амма цаьрца, ша лакхара адамалла йолуш, оьзда стаг хиларе терра, «бекхаме а» ца велира я вала вешар волуш а вацара Абузар. Вайна юкъара д1аваьлча бен, стеган хьал ца хууш я хаа ца лууш, цхьа вон амал йолуш сакхталла гучудолу хийла. Жимма ойла йича гуш ду-кх, лакхара кхетам болуш, вуно хьекъале, вуно оьзда кхиъна мехкан к1ентий вайна юкъара д1абовлар, дийнна къомана инзаре иэшам хилар.

Оцу кепара иэшам вайна а хуьлуш, ша мел вевзинчеран а, вуьйцуш мел хезначеран а дегнашкахь халахетаран дагахьбаллам а буьтуш а, бакъ дуьненчу д1авирзина Абузар. Дала декъал а войла, Дала геч а дойла цунна! Вайх къаьстина иза, амма вайна шортта, т1аьхьарчу т1аьххьенна а вуно пайдехьа хир долуш шен дахаран масал, жайнаш, хьекъале хьехамаш а битина Абузара. Лаккхарчу оьздангаллин куц-кеп (эталон высшей нравственности) муха хила деза шен дахаран масалца вайна гайтина цо!

Вайн махкахочун, Киндаров 1абдуллин «Исповедь Чеченца» ц1е йолчу жайни т1ера дешнаш дагадог1у, вайн къоман дика к1ентий буьйцуш:

«Вайн г1уллакхашкахьа довлий, я деган дехкалла хьалха йолий, я къайлахчу хьаг1-гамоно толам баккхарца, вайна ца хаьа вайн къоман де долчу, хьуьнаречу, хьекъалечу к1ентийн, уьш дуьненчохь болуш, ларам бан а, пусар дан а. Вайн дакъазалла хиларал сов, культура ца тоар ду иза».

Ишттачу к1ентийн лаамаш халкъана юкъахь совбийла ирс долуш кхуьийла вайн къоман т1аьхье!

Последние документы из категории "Инновационная и национальная образовательная политика"

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 13056

Порталы государственных услуг