язык сайта

«Заманан архаш совцалур яц» – олуш ду-кх халкъалахь. Иза нийса аьлла хIума ду, цхьана а адаме зама саца а лур яц, хийца а лур яц. Зама-м дIайоьдуш ю, вайна лаахь а, ца лаахь а. Цуьнца вайга къийсалур дац.

Вуьшта, вайна ца товш цхьа хIума гучудалахь я цхьа керланиг юкъадалахь, вай зама бехке йо:

«Иштта ю-кх хIара зама!», «Замане хьаьжжина ду-кх гIуллакх...», «Сийдоцуш зама ю-кх хIара!..», «ТIаьхьара зама ю»...

Кхин а масане ду иштта бехкашдахарш. Декъаза зама ю-кх массо а агIор бехке йийриг, дерриг а цунах гIоьртина долуш санна. Амма заманан бехк болуш хIумма а дац, дахарехь хуьлуш долчу массо а хIуманна дикачунна а, вуочунна бехке адам ду, хIунда аьлча и дика а, вуон а цо ша деш ма ду.

Хан-зама яьлча, юкъараллехь цхьацца хийцамаш хуьлу, хьалха гина а, дуьйцу хезна а доцург юкъадолу – тIеюхучуьнца, лелочу техникица, машенашца, хIусамца, и.дI.кх.

ТIаккха стага шена цунах хетарг олу: «ХIара-м дика ма ю!», «ХIара-м чIогIа оьшуш ю!», «Супер!» (кегийчара олу иза) иштта дIа кхин а. Оцу керлачу хIумане хьаьжжина, цо керла ойла, юкъаметтиг, лелар кхуллу.

ТIеюху бедар иза елахь, лелар, болар цуьнга хьаьжжина хуьлу. Керлачу, езачу, хазачу машено а хуьйцу цхьаволчу стеган амал: кура ойланаш хьийза цуьнан коьрте: «ЭхI! Ма «крутой» кIант (йоI елахь йоI) ву(ю) со». Иштта хийцало-кх и стаг, цуьнан лелар а кхечу тайпана хуьлу. Масалш, вайна эшахь, хьашт ма-дду долуш ду.

Шуна маца гина «крутой» кIанта, еза, хаза «джип» а сацийна, новкъахь лаьтта воккха стаг я бераца йолу зуда дIаюьгуш? Ца хаьа, шен гергарнаш я уллерниг дIавуьгуш берш-м хир бу, амма ца вуьгу вевзаш воцург-м. ХIан-хIа, иза кура ма ву, новкъахь лаьттачух иза ваша ма ца веша. Цара-м некъал дехьаволучунна некъ а ца буьту – иза сиха ву, иза «джип» тIехь «крутой» ву, цунна вай, гIаш лелаш дерш, дош ца хета.

Иза цхьа масал бен дац, вайн заманахьлерчу стеган «гIиллакхаш» гойтуш долу. Лехьо воьлча-м, и саннарш дуккха а карор ду. Делахь а вай ала гIертарг, зама хьехаяхь а, хийцалуш верг стаг а, юкъаметтигаш а ю бохург ду. Юкъараллехь керла гучудаьлларг, «моде а долий», дукхахьолахь тIеоьцуш ду, ткъа цо адамна тIеIаткъам бо.

Хууш ма-хиллара, цивилизацино шираниг дIадоккху, дIатотту, дохадо, хIунда аьлча муьлхха хIума а шен цхьана ханна бен дац – бедар, пхьегIа, гIишло, лело гIирс, техника и.дI.кх.

Амма шираниг бух боцуш дIа ца долу вайн дахарера – иза вайн иэсехь дуьсу, цунах пайдаоьцу, зеделларг тIаьхьенашка кховдадо. Иштта ца хилча-м дахаран кхиар а хуьлийла дац – дерриге а керланиг ширачун буха тIехь лаьтта, цуьнца доьзна хуьлу.

ЦкъаццIа вай халахетарца олу: «Хьалха хаза гIиллакхаш дара, нах оьзда бара».

Иза бакъ ду. Делахь а, гIиллакхаш дайна, дIадевлла дац вайна юкъара, ша лелочо хIинца а леладо уьш. Оьзда лелаш болу нах а бу вайна юккъехь – цхьадика – шортта. Уьш бацахьара-м вайн гIуллакх, Iер-дахар эрчадаьлла хир дара.

Тахана вайн Iедалера дика дIадолор ду нохчийн юкъараллехь схьадохьуш: шира Iадаташ карладахар, нахана юкъахь барт чIагIбар.

Дайн Iадаташ гIиллакхаш лар а ца дича, адамашна юкъахь барт а ца хилча, къам хIаллакьхир ду.

ДIадаханчуьнца йолу зIе хадо йиш яц вайн. Цундела къаьсттина боккхачу тидаме эца дезара тIекхуьучу тIаьхьенца йолу зIе чIагIъяр, цуьнан Iер-дахар нийсачу новкъа дIадахийтар, дайн гIиллакхаш кегийчарна Iамор, уьш цаьрга леладайтар.

Вай зорбанехь дукхазза а дийцина «нохчалла» бохучух лаьцна. Иза хIун ду а, цунах муха кхета веза а, иза муха лело деза а дийцина вайна шуьйра бевзаш болчу нохчийн яздархоша, журналисташа, Iилманчаша.

Нохчалла яр-кха вай тахана ваьшкахь кхио а, ларъян а езаш ерг. ХIунда аьлча вайн халкъан синан бух ма бу иза, вайн дозалла, къомах къам дийриг а ма ду иза.

Вайн вовшашца уьйр-марзо а елахь, гIо оьшучохь орцахдовла вай кийча а делахь – иза ю-кх нохчалла.

Шен а, шен доьзалан а, къоман а, сий ца дойъуш, дайн гIиллакхаш лардеш, стаг вахахь – иза ю-кх нохчалла.

Хало тIееанчохь доьналлех ца вухуш, дуьненан дика тIехьаьвзича кура а ца вуьйлуш, къонах а хилла, стаг чекхвалахь – иза ю-кх нохчалла.

И масалш кхин дуккха а дало йиш ю вайн, амма, йийцаре а йина ца юьтуш, нохчалла ларъяр, кхиор вайн массеран а декхар ду.

Ийман а, беркат а доьзалехь делахь, цунах дика болх а, пайда а ца хуьлуш ца буьсу церан гергарнаш а, лулахой а. Беркате доьзалан масал махкахошна а пайда бохьуш ду. ХIунда аьлча доьзалех лаьтташ ма ю юкъаралла, дика доьзалш алсам мел хили а, юкъаралла а хир ма ю барт цхьаъ болуш.

Бертахь доьзал кхиор дайшна тIехь ду, аьлла хета суна. Далла а, нахана а хьалха шен доьзалх жоп дала дезарг да ву. Доьзалх хьакхаделла вуон а, дика а дIадерзо дезаш а ву иза, цунна напха латто а деза цо, иза ийманехь кхио а, цунна Дела а, дин а довзийта а, дезийта а декхарийлахь а ву иза. Тахана а, гуттар а доьзалан да хилар чIогIа жоьпалле гIуллакх ду. Доьзалехь барт а, беркат а, нийсо а латтор дена тIехь ду.

Вайн халкъана Дала елларг йоккха хазна ю – шена чохь исбаьхьа Iалам долу Нохчийчоь. БIеннаш шерашкахь хIокху вайн махкахь, вайн лаьтта тIехь, хьанал къа а хьоьгуш баьхна вайн дай. Цара мохк а ларбина, дайн гIиллакхаш а лардина, вуониг дIа а тоттуш, диканиг тIе а эцна, оьшург, пайденна дерг тIаьхьалонна а дитина. Тахана вайн бакъо яц ледара хила, вешан мотт а, дайн гIиллакхаш а дIатаса, Даймехкан дола ца дан.

Вай замане хьежа ца деза, вай ваьшка хьовса деза – дика а, оьзда а, ийманехь а хилар вайн карахь ду.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16793

Порталы государственных услуг