язык сайта

Сайдуллаев Хьасан вина 1947-чу шеран 18-чу майхь Г1ирг1азойн ССР-н Ош г1алахь. 1977-чу шарахь чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Дуьххьарлера стихотворени зорбатоьхна 8-чу классехь доьшуш волуш «Ленинан некъ» (х1инца – «Даймохк») газета т1ехь. 1974-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн издательствехь араяьлла поэтан хьалхара «1уьйренан нур» ц1е йолу сборник. Цул т1аьхьа араяьллачу масийтта поэтически книгин автор ву Хьасан.

Цо иштта кхиамца къахьоьгу прозехь а, публицистикехь а. Хьасана яздинчу дешнаш т1ехь даьхна иллеш, эшарш ю вайн илланчаша д1аолуш. 1984-чу шарахь цо дакъалаьцна СССР-н къоначу яздархойн VII-чу съездехь. Хьасанан оьрсийн матте гочйина произведенеш зорбатоьхна «Советская культура», «Литературная Россия» газеташкахь а, «Истоки», «Дон» журналашкахь а.

2008-чу шарахь Яздархойн дуьненаюкъарчу союзан мидалца совг1ат дина цунна. 2010-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» ц1е тиллина. 1990-чу шарахь д1аэцна СССР-н яздархойн союзе. Россин яздархойн а, журналистийн Союзийн декъашхо а ву иза. 1987-чу шарахь дуьйна Мескитарчу юкъардешаран школан директоран даржехь беркате къахьоьгу цо.

Сайдуллаев Хьасан тахана вайн республикехь литературица бала болчу нахана юкъахь дика вевзаш а, лоруш а стаг ву. Дала аьтто бойла цуьнан дахарехь а, балха т1ехь а.

Хьехархочуьнга

Дуькъачу элтарца кхелина лаьмнаш,
Белшаш т1е хьарчийна буьйса.
Беттан нур лийчош ду х1иттина 1аьмнаш
1аламан исбаьхьа туьйра.

Тийна ду ламанан йоккхачу юьртахь,
Лампанийн серлонаш йоцуш.
Къеггина нур догу генарчу корехь,
Цхьаъа-м 1а кехаташ хоьрцуш.

Юьртара хьехархо тховса ца йижна,
Тем бойуш ойланийн дарцо.
Г1алаташ тховса а леррина лехна,
Уьш х1ора дезаш ду къасто.

Ойланийн марахь ю дахаран аре,
Амалш ю х1инца ношъелла.
Хьехархо, хьох йозу т1аьхьенийн кхане,
Некъ хьуна сийлахьниг белла.

Чолхе ду дахаран, кхолламан некъаш,
Соьгахь ду ахь хьехна къилба.
Дорцалахь хебар дац шелделла т1емаш,
И хьалхахь лепар ду седанах сирла.
Ховхачу бераллин амалаш хьоьстуш,
Ца гайти ахь тхуна к1адъялар хьайн.
Оьздаллин, г1иллакхийн сийлаллех
дуьйцуш
Марзбира, хазбира дахаран бай.

 

Анайисташ

Сан дахаран анайисташ йогу,
Сатийсарца дагна т1емаш луш.
Г1ел ца велла. Некъо ирхе огу.
Тоъал мохь бу ас белшаш т1ехь хьуш.
Сан дахаран анайисташ йогу.

Сан кхолламан седа серлабуьйлу,
Ткъа къоналла гуттар шовкъехь ю,
Дорцо цкъацкъа, ластош, бертал туху,
Х1ун дер т1аккха, дахар иштта ду, –
Сан кхолламан седа серлабуьйлу.

Аьрха амал лаьмнех соьга кхаьчна,
Комаьршалла маьлхан совг1ат ду.
Ас лаьтта т1ехь, кхачаваллац ваьгна,
Шуна, адмаш, лараш юьтур ю, –
Аьрха амал лаьмнех соьга кхаьчна.

Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16351

Порталы государственных услуг