язык сайта

Шелахь, эвла йистехь, тIехоьттина юьрт санна, схьагуш ю кешнийн керт. Вайх хIора а кхача веза кхуза, кхузахь хада беза юьрт езаш юьтуш, тIаьххьара арабоккху некъ.

Кешнаш – диканаш, вуонаш, кегийнаш, баккхийнаш, дуьне дитича, дуьне дисича юьсуш йолу пхьоьгIа ю. Оьзда хуьлу бусалба нехан кешнаш, вай царна дугIу чурташ.

Вина де, велла де. Цхьа де я бIе шо, Дала елларг ю хан.

Шеларчу цIонтройн юккъерчу кешнашкахь ду иза, шена уьлле доьгIна чурт доцуш, Iалашдеш долу цхьана зудчун каш. Чурт доцу каш... Иштта муха нисделира? Маца, хIунда?

Оцу зудчун верасаш ледарло йина алий ма мотталаш. Чурт ца догIар – иза еллачун весет кхочуш дар ду... Дуккха а хьалха ду иза. Доьзалан пхьор, сискал цкъа хьалха йиллал бен сов ца йолучу шерашкахь, да-нана доцуш бисина боккха доьзал бара Казахстанехь. Иштта бисина эзарнаш нохчийн доьзалш. Йиша-вешех воккхах волчо зуда ялийра. Цул тIаьхьа берийн Iер-дахар мелла а сапаргIат делира. Воккхах волчу вешин зуда оьзда стаг яра, шен жимчу марвежарийн бедарш юьттий, чохь долчу рицкъанах гIетакхдой, шен ницкъ кхочучу барамехь несалла а, наналла а дан гIерташ йоллура иза. Кегий бара марвежарий, йижарий. Цхьана могIарехь, аннийн керт санна, цхьабосса. Царех жима я воккханиг муьлхарниг ву а кеста ца къастаделира вешин зудчуьнна.

Вешех доьзна а дара дукхах дерг. Цо ша воккхах верг вуй а хууш, тIекуьг диллина Iуналла дора шен цIийнан. Мацалла, гIело тIаьхьа йисина аьлла, гIеххьа паргIато йохьуш даьхкира кхидIа долу шераш.
ХIинца-м девлира оцу халчу муьрах хьалха аьлла хеттачу хенахь, даг чу синтем босса гIертачу хенахь хилира уггар а ца моьттург. Йолу цамгар хьакха елла, лазаро лаьцнарг леш, масех ваша, йиша кхелхира шайн къоначу, хазчу хенахь. Бусалба динехь ма-доггIура, церан гIуллакх дан ницкъ ца кхочура. Марчо хьарчо а халла аьтто хуьлура, чурташ хIиттор хьеха дойла а дацара. Хала ловра несо ша даггара, дог-ойла тIеерзийна, хьала кхиийна вежарий цхьана шарахь белла кхача балар.

Вайнахана цIадахка бакъо елира. Деха, къиза 13 шо бохамах, къастамах дуьзира. 1959-чу шарахь шайн юьрта, Шела, цIа бирзира доьзал.

Сатийсинчу Даймахках, лаьттах марзо эца доьгIна ца хиллера. ХIинца и нус ша а лецира цамгаро. «ЦIецайоккхург...». ЦIеххьана а, сиха а войу оцу цамгароша лаьцнарг.
Дукха ца ехаш, оццу шарахь дIаелира нус. Амма ша гIелоно кIелйитча, цо весет дира шен берашка: « Сибрех беллачу сайн марвежаршна чарташ хIитто таро ца хилира шуна сан. Варийлаш, со елча суна а ма хIотта делаш чурт. Нах боьлур бу шуна сох. Церан дена-нанна дуьхьал хIотта юьхь хир яц сан Къемат дийнахь...».

Чурт догIар а, ца догIар а кхин даккхийчех хьесап дацара. Хьесап – иза дуьненахь гIиллакхо буьту дагалецамийн хIоллам бу.
Валарани эшам вахаро бен ца гойту. Оьзда нус, оьзда марзой. Зама мел гена яларх, юьхь кIоман лар цкъа а ца йов.



Подписка на новые публикации

Рассылка новостей и документов на электронную почту

Количество подписчиков: 16816

Порталы государственных услуг